Мехкан урхалла

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Дуьненан пачхьалкхашкахь мехкан урхаллин кепаш. 2006-чу шеран хаамшца.
     Президентан республикаш, паччахьан карахь буьззинчу барамехь Ӏедал ду      Парламентан республикаш, президентан кхочушдаран Ӏедал парламентан карахь ду      Ийна республикаш (ахпрезидентан, парламентан-президентан, президентан-парламентан)      Парламентан республика      Парламентан Конституцин монархи, монархан бакъ Ӏедал дац      Конституцин монархи      Абсолюте монархи      Конституцехь цхьа партин коьрта дакъа чӀагӀдина      ТӀеман Ӏазалла      Кхийолу кепаш

Мехкан урхалла- пачхьалкхан урхалла даран лакхара кхочушдаран коллегиальни меже ю. Иза кхуллу пачхьалкхан урхаллин куьйгалхойх а, кхиболу гӀуллакххойх а. Дешан шуьйрачу маьӀнехь, урхалла- пачхьалкхан урхаллин юкъара система ю.

Урхаллин Куьйгалхо ву мехкан урхаллин коьртехь. Оцу даржехь пачхьалкхан куьйгалхо хила а тарло. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь цунна цӀе тайп-тайпана хуьлу: «мехкан урхаллин пирсдатал» а, «министрийн кхеташонан пирсдатал» а, «премьер-министр» а.

Урхаллин коьрта Ӏалашо ю — лакхарчу низамаш кхуллучу межено (парламенто) тӀелецна долу низамаш кхочушдар. Цу хьокъехь урхалло а, кхийолу пачхьалкхан урхаллин меженаш а низамца догӀуш акташ тӀелоцу, уьш алсамчу барамехь низамаш санна лору.

Цхьацца пачхьалкхашкахь мехкан урхаллин низамаш кхолла бакъо хуьлу. Шен караэцарца урхаллин куьйгалхо низамаш кхуллу органе вала йиш ю — масала муьлхха а низам тӀелаца а, хийца я дӀадаккха.