Вир

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Вир
Вир
Ӏилманан классификаци
Дуьне:
Тип: Хордин
Бухара тип: Букъсурт дерш
Класс: Декха дийнаташ
Тоба: Цхьа берг ерш
Доьзал: Говркепарнаш
Тайпа: Говраш
Куц: Акха вир
Бухара куц: Вир
Латинан цӀе
Equus asinus asinus Linnaeus, 1758
ITIS 926235

Вир (лат. Equus asinus asinus) — акха виран (Equus asinus) караӀамийна бухара кеп, ладаме роль ловзийна исторехь адаман бахам а, оьздангалла а кхиарехь, хӀинца а шуьйра лелош ю кхуьш йолчу пачхьалкхийн бахамехь. Ерриг караӀамийна варраш схьайовлар африкан варрех долуш ю, ткъа куланаш (азин варраш) караӀамор даиманна а аьтту боцуш хилира.

Юкъара хаамаш[нисъе | нисъе чухулара]

Варраш ехка мур дукха хьолахь бӀаьста я аьхкенан юьххьехь хуьлу, амма ца хуьлу цхьа билгалъяьккхина хан. Дукха хьолахь цхьаъ кӀорни йолу дуьнен тӀе, наггахь — ши кӀорни. Пхоралла лаьтта 360 - 390 дийнахь. Виран кӀорнино шура юу 6—9 баттахь, бецан чоме хьожу шиъ кӀира кхачарца.

ДегӀ даьккхина йолу шиъ шо кхачарца. Оцу хенахь дуьйна вир кӀорнеш белхе Ӏамайо, кхоъ шо кхаьччи варраш гуттаренна а чӀогӀа хала белхаш до. Вир жима йолуш тӀе мохь буьллуш лелийча букъ сеттина хуьлу цуьнан.

Еха — 25—35 шарахь. Дукха кӀезиг хаало 45—47 шарахь ехаш ерш.

Тайпане хьаьжжина виран локхалла а хийцало 90—163 см, дикачу тайпанан виран локхалла хийцало понин барамера дикачу говрийн бараме кхаччалц. Яккхийчех лоруш ю пуатусан а (140—155 см), каталонин (135—163 см) тайпанийн векалш. Йоккхачу дийнатийн йозалла — 200 - 400 кг. Виран бос тайпане хьаьжжина хуьлу.

Виран 31 шишша хромосома ю. Пульс — 45—55 тохадалар минотехь. СадаӀаран юкъ — 10—15 минотехь. ДегӀан температура — 37,5—38,5 °С. Варрийн пхиъ букъдаьӀахк ю (говран — ялх).

Виран цӀога ду, бежнийн санна, буьххьехь кӀужал йолуш.

Шен яккхийчу гергарчу дийнатех вир къаьста, хи а, юург а ца хилар дика ларца. Цуо юу бецан а, коллин а ораматаш. Оцу дийнаташна тӀуналла ца еза, цундела Ӏай декъа божал деза.

Караерзор[нисъе | нисъе чухулара]

Вир караерзийна говрал дуккха а хьалха. Варраш дуьххьара дийнаташ ю адамо тӀехь мохь лелийна. Вайн эрал 4000 шо хьалха дуьйна Нилан дельтехь кхобура караерзийна нубийн варраш. Месопотамехь акха варраш караерзийна кӀеззиг тӀаьхьа. Антикан муьрехь варраш кхаьчна Европе. Хууш ду, этрускашкахь Жима Азера евлла варраш хилар. Греци варраш кхаьчна вайн эрал 1000 шо гергга хьалха.

Варраш ОвхӀанехь

Юьхьанца варраш тӀехууш а, южуш а лелайора, амма алсама сиха а, онда а говраш караерзийча, уьш цаьрца хийцира. Оцу хенахь дуьйна варраш хьахаяр ширчу оьздангаллашкара дов. Вир лелор тӀе мохь боттарца соцуш дара. Оцу гӀуллакхехь вир гӀоле ю говрал, хӀунда аьлча тӀех доьналла долуш ю, таро йолуш ю хи а, юург а йоцуш дуккха а Ӏан. ТӀебоьттина мохь дийнатан шен йозаллех кхаа декъах ши дакъа хьо виро, ткъа цаваьлла меттиг хилча цул сов а. Дийнан раж нийса лелийча вире 8—10 сохьтехь болх бало, юурган цкъа юкъараялийтича.

Наггахь варраш лелийна жижигна, шуранна, цӀуоканна. Юккъера бӀешерашкахь виран цӀуока лорура уггаре а пайден пергаменташ а, ватанаш а ян. Альпашна къилбаседехьа варраш хаайала йолаелла румхойн замахь.

ХӀу эдар[нисъе | нисъе чухулара]

Варрийн а, говрийн а тайпанин хӀу эдарца кхочу шиъ тӀаьхье ца хуьлу гибридан кеп:

Караерзийна варрийн тайпанаш[нисъе | нисъе чухулара]

Уггаре гӀарадевлла ду варрийн французийн тайпанаш — пиренейн, котентен, пуату, провансалан, испанийн — каталонийн вир, юккъераазин — бухарин а, мерван (марыйн) а. наггахь хаало классификации аратаьӀна а, нийса а профильца (масала, А. Доброхотовн). Французийн варраш хуьлу сих-сиха юьртабахаман гайтамашкахь[1][2].

Дин[нисъе | нисъе чухулара]

Керсталлехь[нисъе | нисъе чухулара]

Къуоначу вир тӀехь Ӏийса пайхӀамар وصلة=, дуьненан Паччахь санна, чувеира Иерусалиме Вербан КӀиран дийнахь, Инжилехь ма-яздар ЖӀарин Даларе, Закарий пайхӀамара وصلة= дийцина ма-хиллара: «Даккхийде хазахетарца, Сионхой, даккхийде , Иерусалимхой: шу паччахь ву шуга вогӀуш, Нийсо яхьарг а, кӀелхьарвоккхург а, Эсалниг а, тӀехиъна виркхелийна а, къуоначу вирна а…» (Зах. 9:9). Оцу хиламан лерина ду Вербан КӀиран де[3].

Исламехь[нисъе | нисъе чухулара]

Жайнех йоьттина вир аллегорин йийцарца долало Къуръанан текст (62:5):

Церан масала ду, шайна тӀедиллина (тӀехьавазар) Товрат долуш, юха тӀаьхьуо цуьнца нийса ца богӀуш берш, шен тӀехь жайнаш хьуш йолу виран (Ӏарб.. الْحِمَارِ, аль-хьимари) масала ду. Мел боьха ду Делан хаамаш аьшпаш лоруш долчу оцу къомаца дустар! Дала ца буьгу (нийсачу новкъа) харц нах. (Къуръан 62:5)

ТӀаьхьа, метафора лелийра Юхадендаран муьрера французийн яздархочо а, философа а де Монтень Мишела:

Уггаре коьртаниг — иза Ӏилма марздалийтар а, дезийтар а ду; иштта дацахь вай кхиор ю варраш, тӀе жайнин хьекъал а доьттина.[4]

Суннатаца, виран жижиг даар магийна дац. Джабира дийцина: «Хьайбаран дийнахь АллахӀан пайхӀамара ца магийна даа виран жижиг, магийна даа говр жижиг»[5]. Ткъа Акха вирах дерг, иза яа магийна, Абу Катада дийцарехь, цуо элира АллахӀан пайхӀамаре: «ХӀай АллахӀан элча, оха талла дахча йийна акха вир, тха хӀинца а дуккха цуьнан жижиг дисина», цунна жоп делира: «Диснирг а дӀадаа»[6].

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу яззам «вир»
Wikiquote-logo.svg
Викицитатникехь агӀо ю теманера
вир

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]