Берсанов, Хож-Ахмед Ахмадович
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Хож-Ахмед Ахмадович Берсанов | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | йаздархо, антрополог, детский писатель, этнограф, прозаик |
Вина терахь | 1926 шеран 12 апрель (98 шо) |
Вина меттиг | ШаӀми-Йурт, Нохчийчоь, СССР |
Кхелхина терахь | 2018 шеран 22 март (91 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Корматалла | Берийн йаздархо |
Гражданалла | ССРС → Росси |
СовгӀаташ |
Хож-Ахме́д Ахма́дович Берса́нов — нохчийн йаздархо, Нохчийн Республикин йаздархойн Бертан декъашхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин Сийлахь белхало.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цо чекхйакхина ШаӀми-Йуртахь йолу 7-шеран школа. Цул тӀаьхьа иза деша вахара Эна-Хишкахь йолу юртбахаман техникуме. Амма цхьа курс чекхйакхича иза техникум а йитина Соьлжа-ГӀалин политпросветшколе деша вахара. 1939 шерахь Финляндица тӀом болабелира. Политпросветшкола дӀакъевлира, лакхара курсашкахь доьшуш хилларш тӀамтӀе бахийтира. Хож-Ахьмад шен юртехь сельсоветан секретарь хилира. 1942 шарахь иза военно-учётный стол хьаьким хӀоттира.
1944 шерахь нохчий цӀера бехира. Казахстанехь иза Кокчетаван областехь зоотехник болх беш Ӏийра.
ЦӀа дирзинчултӀехь цо Нохч-ГӀалгӀайн культурин министерствехь методист болх бира. Кеста иза методически центран куьйгалхо хилира. Оцу балхахь цо 40 сов шерахь болх бира.
1990-гӀа шерахь дӀадолалуш иза пенси а вахана литературин а, йукъараллин а, политикин а белхан тӀевирзира.
Литературин болх
[бӀаьра нисйан | нисйан]1930-гӀа шерашкахь иза волавелира нохчийн фольклор дӀайаздан. Амма цо йазйина хьалхара книгаш араелира 1966 шерахь. Цо йазйина 20 сов книга, дукха хьолехь берийн.
Библиографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Хромой скворец» (1966);
- «Приключения Хаджимурада» (1966);
- «Друзья» (1968);
- «По следам отца» (1971);
- «Весна» (1979);
- «Золотое кольцо» (1979);
- «Всадник стального коня» (1983);
- «Раскаяние»;
- «Дружба, скрепленная кровью»;
- «Стальная искра» — Советски Союзан Турпал Хансултан Дачиев дахарех лаьцна;
- «Звери и птицы нашего края» (1992);
- «ГӀиллакхийн хазна — ирсан некъаш» (1990, йуха арахецна 2002 шарахь);
кхиераш а.
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Орден «Сийлаллин Билгало»;
- Къинхьегаман Силаллийн мидал;
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР, Республикин Лакхара Советан Президиуман сийлахь кехаташ;
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин Сийлахь белхало.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Хож-Ахмед Берсанов . Союз писателей Чеченской Республики (2015 шеран 12 март). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 5 апрель. Архивйина 2017-04-07 — Wayback Machine
- Дэти Сулумова. Он живет, воспевая вершины человеческого духа . Министерство культуры Чеченской Республики (2011 шеран 19 апрель). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 5 апрель. Архивйина 2016-04-16 — Wayback Machine
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |