Бер
Бер — Адам жима долуш хенахь. Тайп-тайпана халкъаш а, культураш а, пачхьалкхаш а бераллийн хан цхьатера ца лору. Дукха хьолехь адам бера лору иза доьзал кхоллала хиллалц. Берийн могшалла толлуш долу Ӏилманех педиатри олу.
Бер кхиар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьалхарчу дахаран шарахь бер дахло юккъера барам 25—27 см. Шо кхаьчна беран локхалла кхочу 75—77 см.[1]
Хан,
бутт |
Баттахь дегӀдаккхар,
см |
Баттахь дегӀан масса тӀекхетар,
г |
ДегӀдаккхаран берриг барам,
см |
Ерриг дегӀан масса тӀекхетар,
кг |
---|---|---|---|---|
1 | 3 | 600 | 3 | 0,6 |
2 | 3 | 800 | 6 | 1,40 |
3 | 2,5 | 800 | 8,5 | 2,2 |
4 | 2,5 | 750 | 11 | 2,95 |
5 | 2 | 700 | 13 | 3,65 |
6 | 2 | 650 | 15 | 4,3 |
7 | 2 | 600 | 17 | 4,9 |
8 | 2 | 550 | 19 | 5,45 |
9 | 1,5 | 500 | 20,5 | 5,95 |
10 | 1,5 | 450 | 22 | 6,4 |
11 | 1,5 | 400 | 23,5 | 6,8 |
12 | 1,5 | 350 | 25 | 7,15 |
Хьалхарчу дахаран шарахь беран девза гуонахьара Ӏалам, цуьнан кхуьу моторика, хьекъалан а, физикан а хьуьнарш. Кхуьу муьрашкахула. ХӀора мур болало билггалчу хенахь, иза къаста а тарло бере хьаьжжина. Хьуьнар кхиар дозу генетикан агӀора а, бер кхуьу гуоне хьаьжжина а, баккхийчар цунна шайн мел хан дӀало хьаьжжина а.
Цхьа бутт[нисъе бӀаьра | нисъе]
1 бутт хан йолуш объект гар дерзийна хуьлу оцу объектан дозанаш Ӏаморе[2]. Нагахь беран геометрин фигура гайтахь, цуо цуьнан йисташ Ӏамор ю.
Бер долало базан дуьнен тӀедолуш чудехкина доцу меттахдалар карадерзо: катохар а, дӀакхоссар а[3]. Оцу хенахь, бертал дижина бере йоццачу хенан корта айбало, латтало[4].
Ши бутт[нисъе бӀаьра | нисъе]
ШолгӀачу баттахь беран къастало цӀие, баьццара, сийна бесаш, ткъа иштта къегина серло. Роберт Фантца йинчу эксперименташца, берашка къаьстало кӀайн бесара ши аса, вовшех къагарца 5% бен къаьсташ йоцу[5].
Шиъ бутт кхаьчначу хенахь дуьйна бере лелало аз коммуникацина. Иза деладалало воккхачун шеца дечу къамелан жоп луш а, я иза къежаш а[6]. Иштта беран бевза ненан меттан бух, къаста а ло кхечу меттанех, иза гайтира А. Кристоф а, Дж. Мортона а бинчу талламаша. Экспериментехь ингалсметтан берана хозуьйтура тайп-тайпанчу меттанашкахь а, наха а дӀаяздина аудияздар. Беран дакхаран хьал хийцалора, нагахь ингалсан мотт хийцича кхечунца, амма ца хийцалора кхин мотт ингалсан боцучуьнца хийцича[7].
Кхо бутт[нисъе бӀаьра | нисъе]
2-гӀачу—3-гӀачу беттанашкахь берана бос гар воккхачун санна ду[5].
3 бутт кхаьчначу беран хаза тарлуш долу озан чӀогӀалла, — 40 децибел[8] гергга ю.
Галерея[нисъе бӀаьра | нисъе]
Мадонна Ӏиса ПайхӀамарца | Нана а, цуьнан йоӀ а Анри-Франсуа Ризнер |
ЙоӀ гӀамагӀашца Валентин Серов |
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Филипп Арьес Ребенок и семейная жизнь при Старом порядке. // Открытие детства. — Екатеринбург, 1999.
- Божович Л. И. Личность и ее формирование в детском возрасте. — М., 1968.
- Ю. Б. Гиппенрейтер. Общаться с ребенком. Как? — М.: АСТ, Астрель,, 2007. — 240 с. — 30 000 экз. — ISBN 978-5-271-15458-4
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 Департамент здравоохранения города Москвы Часть 1. Морфометрическое и психомоторное развитие ребёнка первого года жизни. — P. 5—6,14.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 54.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 245-247.
- ↑ Департамент здравоохранения города Москвы Часть 2. Психомоторное развитие детей первого года жизни. — P. 10.
- ↑ 1 2 Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 38.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 164-165.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 156—158.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 58.