Чулацаман тӀегӀо

Бералла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ит
Ловзар — берийн гӀуллакхан коьрта кеп

Бераллаадам (бер) гуонахьара дуьненах кхета Ӏема адамаллин кхиаран мур, Ӏамадо оьшург, шен йукъараллин оьздангалла карайерзайо.

Бералла — адамалла кхиаран йеккъа фаза хилла ца Ӏа, иза, тайп-тайпана муьрашкахь а, къаьмнашкахь а тайп-тайпана социалан а, оьздангаллин а чулацам болу кхетам бу. Беран кхиар а, социализаци а дӀайоьду, йукъараллин дахаран кхечу агӀонашца йихкина, билгалчу оьздангаллин кхачонехь. Бераллин кхетам хийцало историца, чӀогӀа тайп-тайпана бу тайп-тайпана оьздангаллашкахь[1].

Бералла шуьйра социалан маьӀнехь — йукъараллин барт бу. Бераллех лаьцна йукъара сурт хилархьама, адамаша барт бо, мила лара веза воккха, ткъа мила — бер[2].

Психологи а, педагогика а йоцуш, XX бӀешеран йуккъехь дуьйна бералла историс, этнографис, социологис Ӏамо предмет йу[1].

Бераллин дохаллехь хуьлу чӀогӀа жигара физикин а, психикин а кхиар. ЧӀогӀа ладаме кхиаран мур бу хьалхара бералла. Иза йохар, масала, адамийн йукъараллех дӀахадаро, тарло йухадерзо йиш йоцуш психика йохо.

Муьрашка декъар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Жима бералла[бӀаьра нисйан | нисйан]

Жима бер

Дуьненна тӀедаьллачу беран дӀаьӀахкаш чӀогӀа кӀеда йу, хӀунда аьлча кальцийн туьханаш кӀезиг хиларна. Жимачу беран туьтанан даьӀахкан эвна долуш ца хуьлу, хӀутту хьорзаман чкъоьраца — хьен тӀиеца. Йерриг керла динчу беран хуьлу йалх хьен тӀие, царех шиъ (зайлакепара а, лергагун а) — шала йу. Уггаре йоккха хьен тӀие — хьалхара — лаьтта пелаган аьрру а, аьтту а агӀонаш, хьаьжан а, хьен а даьӀахкаш хӀиттинчу меттигехь. Динчу беран букъсуьртан хьалха чутаьӀна Ӏодан кеп хуьлу, сеттарш кхоллало кхо-биъ болчу хенахь. ЙалхолгӀа-бархӀолгӀа бутт болун цергаш йовла йолало.

Жимачу беро дукхаха йолу хан набарехь йоккху, сам долу меца хилча йа цатам хилча. Керла дина берийн гучуйолу шуьйра спектр леларан далла чуйиллина кепаш, масала, катохаран, бӀаьргаш тохаран, Ӏалашдаран, дакхар.

Хьалхара бералла[бӀаьра нисйан | нисйан]

1 — 3 шо долчу муьрехь бер сиха кхуьу, цунна цергаш йовлу, мотт Ӏема, иэс кхуьу. Иза долало, гуонахьарчу дуьненахь ориентировка хуьлу, жигара девза дуьне. Оцу муьрехь доккха маьӀна долуш ду беранна ловзар. Хьалхара бералла хуьйцу ишколал хьалхарчу хено. Ишколал хьалхарчу хенахь беранна жигара девза гуонахьара дуьне, хӀинца шен хьекъалца.

Бераллин концепцеш хӀокху заманахь[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Лачкъийна бералла». АК-47 патармех йина мультиэкспозици. Исбаьхьалча Лёвочкин Дмитрий. 2013 шо.
Гатанан барам 270 х 180 см, аэрозолан басар

Бераллин концепцеш бохург кхетадо йукъараллин социалан хӀиттамаш санна, баккхийчеран берашца а, бераллина а йолу йукъаметтиг. ХӀокху заманан бералла боху кхетам, адаман дахаран башха мур санна, дикка керла ду.

Европехь, Америкехь, европера махажираш дехкинчу кхечу мехкашкахь, бер ламастехь тӀеоьцу цӀена, къинош доцу малик санна. Иштта кхетам кхоллало XIX бӀешеран хьалхара декъехь дуьйна, оцу хенахь бер гора дукхаха йолчу агӀонна воккхачух къаьсташ дуккха а гӀоле адам санна, бер талхийна дац къинош леточу дуьнено. Оццу хенахь воккхахиларан мах хадабора регресс йолуш санна. Оцу хийцаман нийса формулировка йо К. Калверта:

«XVIII бӀешарахь аратеттина, адам кхиаран абсолютан прогрессан концепци, когашкара коьрте кхаччалц хьовзийра. Дахаран кульминацин момент хӀинца хуьлу дозаллин нуьро серладаьккхина бераллехь, ткъа цул тӀаьхьа дахаран аса цахеддаш охьанехьа йоьду, хӀунда аьлча воккханиг, хӀора дийнахь дӀасауьдуш ву, шен эхь-бехкаца компромиссашка а оьхуш.

Дай-нанош лорура «шайн бераш дозаллин хьолехь дина, оцу хьолера шеш дӀадевлла дуккха хан лорура. Воккхачунна совгӀат дара йуха а, ша каравар, оцу бераца бералле йухавирзина. Воккхаллин хьело хӀинца шена чулоцура дайначун керла, сахьийзар».[4]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 Кон, И. С. Ребенок и общество. — М. : Издательский центр «Академия», 2003. — 336 с. — ISBN 5-7695-1420-5.[ДӀанисдан]
  2. Калашникова Н. Ты кидалт : когда заканчивается детство, или откуда берутся инфантильные взрослые = Анна Варга. Исчезновение детства YouTube чохь // Лекторий «Политеха». — М.: Политехнический музей, 2016. / Настя Калашникова // Теории и практики. — 2016.
  3. Щербакова, Е. Возрастные границы отрочества и юности не жестки : [арх. 9 апрелехь 2020] // Демоскоп Weekly. — 2012. — № 509—510 (1 майхь).
  4. Дарья Димке. «Памяти павших будьте достойны»: практики построения личности в утопических сообществах» // «Социология власти». — 2014. — № 4. Архивйина 2016  шеран  7 сентябрехь.

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Волков Б. С. Дошкольная психология: Психологическое развитие от рождения до школы: учеб. пособие для вузов—изд. 5-е, перераб. и доп. — М.Академический проект, 2007.
  • Сапин М. Р., Брыксина З. Г. Анатомия человека: Учеб.пособие. — М.: Просвещение: Владос, 1995
  • Карабанова О. А. Возрастная психология. Конспект лекций. М., Айрис-пресс, 240 С., ISBN 5-8112-1353-0. 2005