Чулацаман тӀегӀо

Бениаминов, Александр Давидович

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бениаминов Александр
Бениаминов Александр Давидович
Вина терахь 1903 шеран 4 (17) июнь({{padleft:1903|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала,
Теркан область,
Российн импери
Кхелхина терахь 1991 шеран 22 март({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (87 шо)
Кхелхина меттиг Нью-Йорк
Гражданалла  ССРС АЦШ
Корматалла актёр
Жигара шераш 19201984
Театр ЛКТ
СовгӀаташ
IMDb ID 0073092

Бениами́нов Алекса́ндр Дави́дович (1903[1]—1991) — советийн а, америкин а театра, кинон актёр. РСФСР Халкъан артист (1968)[2].

Бениаминов Александр вина 1903 шарахь Соьлжа-ГӀалахь, 1922 шарахь чекхйаьхна Батумин центран белхалойн клубан Драман курсаш.

1923-1926 шерашкахь дешна ГИТИСехь.

1920 шарахь, Кисловодскехь, кхайкхира «Бронарте» («Кхерста халкъан театр»), оцу хенахь цуьнан куьйгаллехь вара хирволу кинорежиссёр Григорий Рошаль. ГИТИСехь доьшучу шерашкахь «Синяя блуза» чохь гайтамаш бира, цуо ловзайора сатиран амалера лоьмарш: буффонадаш, пародеш. Режиссёра Гутман Давида кхайкхина, болх бира Ленинградан сатиран театрехь (1927—1930), цигахь кхоллаелира цуьнан артиста эксцентрин говзалла.

1930-гӀа шераш дуьйлалуш болх бира Ленинградан мюзик-холлера Экспериментан пхьолгӀийн труппехь, 19361937 — эстрадехь.

1937 - 1941 шерашкахь — куьйгаллехь Акимов Н. П. волу Ленинградан Комедин театран актёр, цигахь ша гайтина ша кӀорге йолу комедин, лирикан-комедин, драман амалан говзанча.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болалуш кхолла а кхоьллина, коьрте хӀоьттира Фронтан миниатюрийн театран, цуо ловзийра дуккха а кегийра сатиран ролаш. Цул тӀаьхьа хилира Ленинградан Балтийн флотан цӀийнан артист. Махкахь А. Т. Твардовскийн «Василий Тёркин» поэман кийсигаш йоьшуш гайтамаш бина дуьххьарчех цхьаъ.

ССКП декъашхо 1946 шарахь дуьйна (кхечу хаамашца 1941 шарахь дуьйна)

1946 шарахь кхин а йухавирзира Ленинградан комедин театре, цигахь болх бира 1970-гӀа шераш чекхдовлалц. Н. Акимовн Комедин театро деира шеко йоцуш хьекъале ойла ца янлучу кепара сий. Цуо ловзийра Мальволион роль «ШийтталгӀа буса» чохь, Валерион роль «Валенсин жеро» чохь, финансийн министран роль «ӀиндагӀаш» чохь, Эрнести роль «Физикаш» чохь.

1949 шарахь Н. Акимовн питанаш дина, иза комедин театрера дӀаваьлча, А. Бениаминовс цунна чохь жигара дакъа лецира.

Селхана Акимовн сужданаш деш, хьесталуш, иза уьйуш хилла нах, хӀинца гӀевттира омар делча санна. (…) тӀаккха гӀаьттира Николай Павловича актер вина, говза волу Беньяминов. Беньяминов, вевзаш волу уггаре хьалхара Комедин театран трюкач санна, иза бахьнехь Николай Павловича гуттара дов а дора цунна, гӀаьттина волавелира реза воцуш дийца, Акимовс дуккха ашерашкахь шен шовзалла йохаяр. (Перестройкан шерашкахь сан цхьаьна Америке йахарехь сунна гайтира, мухажир хиллачу, Беньяминовн жайна, цунна тӀаьхь йаздора, ша Акимовца цхьаьна политика бахьнехь хьийзорах лаьцна).

Кинематограф

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бениаминов Александр 1931 шарахь дуьйна кинохь ву, волавелира режиссёран М. А. Авербахан «Кровь земли» («Лаьттан цӀий») суьрт тӀиера. ГӀаравелира инкассаторан вастехь («Семь стариков и одна девушка» (ВӀархӀ воккха стаг а, цхьа йоӀ а)) а, акхарой Ӏамориг («Полосатый рейс» («ТоргӀала рейс»)). А. Д. Бениаминовн тӀаьххьара роль — Ивановн деда америкин фильмехь «Москва на Гудзоне» (Москох Гудзон тӀаьхь). Кинохь цуьнан дийзира дукхах дерг эпизодашкара ролаш ловзор.

1978 шарахь кхелхира АЦШ. Цигахь комедин кино «Москва на Гудзоне» (Москох Гудзон тӀаьхь) йоккхуш дакъалецира цхьаьна С. В. Крамаровца а, И. З. Баскинца а. Бениаминов кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан фамили дӀайаьккхира иза чохь хиллачу цхьацца фильмашкара, масала, «Семь стариков и одна девушка» (ВӀархӀ воккха стаг а, цхьа йоӀ а), «Соломенная шляпка» (Ченан шляпа). Ткъа «Мы с вами где-то встречались» (Вай цхьанхьа гина-кха) а, «Дон-Кихот» а фильмашкара телевизион чухула гойтуш дӀахадийра актер волу кийсиг.

АЦШ цуо чекхъдаьккхира жайна «Артистан фронтан могӀанаш», цунна чохь цуо йаздина шен Акимов Николайца балхах, театран хиламех лаьцна.

Ленинградан Комедин театрера ролаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1) 1937 — «Зуламан дешан ишкол» Шеридан Ричардан — Реж.-хӀот.: Акимов Николайсэр Питер Тизл

2) 1937 — «Оршот дийнахь 8 даьлча» Кауфман Джордж, Фарбер Эдна — Реж.-хӀот.: Корф РафаиланМушет

3) 1937 — «Терентий Иванович» Свирин Юрийн — Реж.-хӀот.: Акимов НиколайФома

4) 1938 — «ШийтталгӀа буьйса» Шекспир Уильяман — Реж.-хӀот.: Акимов НиколайМальволио

5) 1939 — «Валенсин жеро» Лопе де Веган — Реж.-хӀот.: Акимов НиколайВалерио

6) 1940 — «ӀиндагӀ» Шварц Евгенийн — Реж.-хӀот.: Акимов НиколайФинансийн министр

7) 1940 — «Шамбодэ станци» Лабиш Эженан — Реж.-хӀот.: Гаккель ЕвгенийАрсен

  • «Остров мира» (Машаран гӀайре), авт. Евг. Петров (1947 шо), реж. а, худ. а Н. Акимов, роль — италин граф Ламперти;
  • «С любовью не шутят» (Безамца забарш ца йо), авт. П. Кальдерон (1948), реж. а, худ. а Н. Акимов, роль — Москатель;
  • «Потерянное письмо» (Дайна кехат), авт. Караджале (1952 шо), реж. Ю. Юрский, худ. Г. Флоренский, роль — Данданаке;
  • «Сын рыбака» (Овхочун кӀант), авт. В. Гусев — (1953 шо), реж. Л. Рудник, роль — жима къу;
  • «Помпадур и помпадурши» (Помпадур а, помпадур-аьзни а), авт. Салтыков-Щедрин (1954 шо), Г. А. Товстоноговн инсценировка а, хӀоттор а, роль — хьаькам Бламанже;
  • «Дядюшкин сон» (Девешин гӀан), авт. Ф. М. Достоевский (1955 шо), П. Марковн, К. Котлубайн, И. Горчаковн инсценировка, реж. В. Васильев, роль — эла;
  • «Призраки» (БӀарлагӀа), авт. Э. де Филиппо (1958 шо), реж. Н. Акимов, роль — Паскуале Лойяконо;
  • «Пёстрые рассказы»: «Бумажник», «Водевиль» («Къорза дийцарш»: «Бумаьштиг», «Водевиль») А. П. Чеховн (1959 ш. 28 декабрехь — премьера), хӀоттор а, кечйар а — Акимов Николай, ролаш — Балабайкин, Ясносердцев;
  • «…Опаснее врага» («…МостагӀчул кхераме») авт. Д. Аль, Л. Раков (1961 шо), хӀоттор — Н. Лившицан, роль — Иззагардинер;
  • «Физики» («Физикаш»), авт. Ф. Дюрренматт (1962 шо), реж. Н. Лившиц, роль — Эрнест;
  • «Двенадцатая ночь» («ШийтталгӀа буьйса»), авт. У. Шекспир (1938 а, 1964 а шераш), реж. Н. Акимов, роль — Мальволио (1938 шеран цхьаьна актёра ловзийна 1964 шарахь йухайаьккхинчу фильмехь роль);
  • «Искусство комедии» («Комедин говзалла»), авт. Эдуардо де Филиппо (1966 шо), реж. И. Гриншпун, роль — Кампезе;
  • «Звонок в пустую квартиру» («Яьсса хӀусаме гаргол»), Д. Угрюмовн (1967 шо), хӀоттор — Акимов Николайн, роль — Кофман;
  • «Цилиндр» Эдуардо де Филиппо (1968 шо), хӀоттор — И. Гриншпунан, роль — Агостино.

Фильмографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1931Лаьттан цӀий («Азе кор»)белхало Быстров
  2. 1936ЙоӀ ирахь Ӏан йаха сихаеллателеграфист
  3. 1938ТкъесналгӀа шодирижёр
  4. 1938ТуьтмӀаьжигдирижёр
  5. 1939КъонахаллаЮсуф
  6. 1954Вай цхьахьа гина-кхафотограф
  7. 1957Дон КихотжаӀу
  8. 1960Ваха кхоьллинаргхьераваьлла воккха стаг
  9. 1961ТоргӀала рейсакхарой Ӏамориг
  10. 1961Неха бумаьштигмассовик
  11. 1961Къорза дийцаршхьаькам Ясносердцев
  12. 1963Каин XVIIIӀилманча
  13. 1963ЧК белхалонакъост Фельцер
  14. 1963Вилсапедаш къарйийришрежиссёр
  15. 1963Шуркас хӀорд хоржукапитан Георгий Петрович
  16. 1965Хорбазийн рейсГайдамович
  17. 1968ВорхӀ воккха стаг а, цхьа йоӀ аАнисов Сергей Сергеевич, инкассатор
  18. 1970ДачехьтӀеман дирижёр
  19. 1971Комиссар Берлахан тӀаьххьара болхФорчиг, журналист
  20. 1972Гуттара хьалха чекхдевллачу денойн гӀуллакхашваша Яша
  21. 1974Чен шляпаваша Везине
  22. 1974Паччахьан кӀант ПрошаМопс
  23. 1976Ӏовдал-Иванушка Ӏаламатан тӀаьхьа муха вахараЛука
  24. 1977Веснухинан ойланашвагонлелорхо
  25. 1979Гварнерин квартетСухлинский Исаак Соломонович, Абин да
  26. 1984Москох ГудзонехьИвановн деда

Сийлахь цӀераш а, совгӀаташ а (хронологин низамехь)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Янковский М. О. Александр Бениаминов. Орденоносец. — Л., 1939
  • Янковский М. О. Александр Бениаминов // Искусство и жизнь., 1940. — № 4. С.44-46
  • Куликова К. Александр Бениаминов. Л.: М., 1960
  • Александр Бениаминов. Актёры без грима. — М., 1995
  • Уварова Е. Д., Эстрада в России. XX век: энциклопедия. — М.: Olma Media Group, 2004. — 861 с. — С. 70

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. По другим сведениям — 1904
  2. Уварова Е. Д., Эстрада в России. XX век: энциклопедия.М.: Olma Media Group, 2004. — 861 с. — С. 70 ISBN 5-224-04462-6
  3. Память народа