Багалова, Зулейхан Мутушевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Багалова Зулейхан тӀера хьажжина кхуза)
Багалова, Зулейхан Мутушевна
Багалова, Зулейхан Мутушевна.jpg
ГӀуллакхан тайпа Актёр, театральный актёр
Йина терахь 1945 шеран 2 июнь({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (77 шо)
Йина меттиг
Корматалла актриса, йукъаралин гӀуллакххо
Гражданалла ССРС ССРСРосси Росси
Да Мутуш
Нана Мата
Бераш 2 кӀант, йоӀ
СовгӀаташ
  • «Знак почета» орден - 1971 шо
  • «Къинхьегаман ветеран» мидал - 1984 шо
  • РСФСР Хьакъдолу артист — 1991 шо
  • Нохчийн Республикин Халкъан артист
Викилармин логотип Багалова, Зулейхан Мутушевна Викилармехь

Зулейхан Мутушевна Багалова (1945 шеран 16 ноябрь) — нохчийн артист, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Хьалкъа артист (1981 шо), РСФСР Сийлахь артист (1991 шо), йукъараллийн гуӀллакхо.

Йина 1945 шеран 2-гӀа июнехь. 1963 шерахь Нурадиловн цӀерах йолу Нохчийн паччалкхан драмин театрехь йолу школа-студия чекхъеккхира. 1977 шерахь ГИТИС чекхъеккхина. ГИТИСехь цуьнан хьехархо Соломон Михоэлс йоӀ Нина Михоэлс йара.

Театр[нисйе бӀаьра | нисйе]

1961 шера дуьна 1967 шо кхаччалц Нохчийн драмтеатр хьалхара артист йара. Цо коьрта ролеш ловзина дукха спектаклешкахь, масала Расул Гамзатовс йаьккхина «Ламанхо» (Асет), Саид Бадуевси, Мималт Солцаевси йаккхина «Бешто» (Бусана), Саид Бадуевс йаьккхина «Петимат» (Петимат), Мольерс йаккхина «Хетаме цомгушхо» (Туаннета), Фридрих Шиллерс йаккхина «Ямарт а, безам а», Пьер Корнельс йаккхина «Сид», А. Хамидовс йаьккхина спектаклешкахь «Совдат и Дауд» (Совдат), «Бож-Али» (Зулай), «Лийрабоцурш» (Камета), дуккха а кхиерш.

Йукъараллин болх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зулай кхуза хаьржина йара Соьлжа-ГӀалин Советан депутат а, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Коьртачу Советан депутат.

1997 шера дуьна 2006 шо кхаччалц цо куьгалдина Нохчийн культурин таллами а, популяризаци а центр «Лам». Оцу хенахь масийтта проект кхочуш йина. Арахоьцуш дара «Вестник Лам» цӀе йолу журнал, масийтта документальный фильм йара яккихна («Нохчийн хьалкъа эшарш», «Нохчийн бӀовнаш», 1990 шерашкахь Соьлжа-ГӀалин дахархойх лаьцна фильм, иштта кхиерш), фотовыставкаш йара йина («Соьлжа-гӀалагӀула волавалар», кхиерш а), мискачу нахана дина гӀо а дара. Зулайс бина болх нохчийн дахар а, культура а таяр Ӏалшо йолуш бара.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цунна йелла «Силаллий белгало» аьлла орден (1971 шо), мидалш «Ленинна 100 шо кхачарна», «Нохч-ГӀалгӀа АССРна 60 шо кхачарна», «Къинхьегаман ветеран» (1984 шо).

2000 шеран 14 ноябрехь Сан-Паулу цӀе йолу гӀалахь цо бинчу машеран балхан а, адмийн бакъонаш ларйаран а цунна делла диплом «Демократин дуьненна болам».

2005 шарахь Нобелин совгӀатан хьалхатеттина хилар бахьнехь «Дуьнаьнна эзир зуда» аьлла ООН проекте йукъайагӀийтина йара.

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цуьна цӀийнда гӀарваьлла нохчийн артист Юсуп Идаев вара. Зулай ши кӀант, цхьа йоӀ, ши йоӀ йоӀ йу.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]