Ачичаев, Ахмад Адамович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Ахмад Адамович Ачичаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла

стаг

Гражданалла

ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси

Клуб

ЦСКА

Вина терахь

1961 шеран 1 июнь({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (57 шо)

Вина меттиг

Гермчига, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Говзалла

Еза атлетика

Йозалла

110 кг

Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Ахмад Ачичаев
Image-silk.png Ахмад Ачичаев а, цьунан дешархо Надежда Перелыгина а
Image-silk.png Ахмад Ачичаев а, яздархо Муслим Гапуев а

Ахма́д Ада́мович Ачича́ев (1961 шеран 1 июнь, Гермчига, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, кегирхойн юкъара Европан а, дуьненан а яхьаллонан дато совгӀатхо (1981 шо), СССР чемпион (1985 шо), кегирхойн юкъахь дуьненан рекордсмен, СССР халкъашна юккъера классан спортан говзанча, Российн кегирхойн гулйина тобан коьрта тренер, Алым Ачичаеван жима ваша а, дешархо а.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина 1961 шеран 1 июнехь в селе Гермчигахь (Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР). Школа чекхъяккхича шен ваша Алым Ачичаев волчу Днепродзержинске дӀавахара. Цуьнан куьйгаллица еза атлетикан Ӏамаян волавелира.

1983 шарахь чекхъяккхира Днепропетровски физически культуран пачхьалкхан институтан Олимпийски а, говзаллин а спортан факультет.

1981 шеран мартехь Львовехь хилла йолу ДоттагӀаллин Кубкехь 100 кг кхаччалц йозаллин категорехь цо хӀоттира кегирхойн юкъахь 4 дуьненан рекорд: 218 а, 220 кг а толчок а, 390 а, 392,5 кг а двоеборьен сумма а. 1981 шеран апрелехь 395 кг сумманца цо толам беккхира Ульяновскехь хилла йолу СССР юниорийн чемпионатехь. Линьяна цӀе йолу Италин гӀалахь цо дато медаль яккхира — толам баккхар ца нисделира цуьнан лазор дӀа ца дерзар бахьнехь.

1982 шарахь Минскехь цо яккхира хьалхара меттиг двоеборьен суммехь 400 кг хьала а айбина (175 + 225), СССР халкъашна юккъера классан спортан говзанчан норматив кхочуш а йина. 1985 шарахь Волгоградехь иза хилира СССР чемпион 390 кг хьала а айбина (175 + 215). 1986 шарахь Советан эскиран а, ХӀордан-тӀеман флотан а чемпионатехь Львовехь цо 110 кг йозаллин категорехь толам беккхира суммехь 432,5 кг хьала а айбина (192,5 + 240).

Спорт йитинчул тӀехь иза тренеран болх бан волавелир. 1992 шарахь цо чекхъяккхира Москван физкультуран пачхьалкхан академин физкультуран факультет.

СССР йохначул тӀехь цо тренеран болх битира. Цо болх бора шофёр а, гӀишлоярхо а, и. к. д. Москван цхьана клубехь тренер болх бан волавелира иза. Кеста цуьнан цхьа дешархо Надежда Перелыгина Российн чемпион хилира. ТӀаккха Ачичаев Российн гулйина тобан гӀо дан кхайкха болабелира. Перелыгина масийттуза Российн чемпионатийн толамхо а, совгӀатхо а хилира.

2012 шеран декабрехь иза хӀоттира Российн гулйина юниорийн тобан коьрта тренер.

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • Медаль «Российн профсоюзашна 100 шо» (2009 шо)[1];

Доьзал[нисъе | нисъе чухулара]

Цуьнан ши кӀант ву, Давид а, Илья а.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]