Арсанов, Саидбей Арсанович
Арсанов, Саидбей Арсанович | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | йаздархо, новеллист |
Вина терахь | 1889 шеран 2 октябрь |
Вина меттиг | Жима АтагӀа, Теркан область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1968 шеран 12 июль (78 шо) |
Корматалла | йаздархо |
Гражданалла | СССР |
Арсанов, Саидбей Арсанович (1889 шеран 2 октябрь — 1968 шеран 12 июль) — нохчийн йаздархо.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Саидбей Арсанов винера 1889 шеран 2 октябрехь Жима АтагӀахь (Шелан кӀошт) ахархойн доьзаллехь. Цо чекхйаьккхира БуритӀехь йиъ класс йолу школа. Цул тӀаьхьа цо дишира Одессан электротехникан училищехь а, Петарбухан политехникан институтехь а.
Студентийн карзахдиларашна йукъахь дакъа лацар бахьнехь иза институтера дӀа а веккхина Вятски губерни дӀахьажира. Цигара иза Германи дӀавахара. Германехь Арсанов заводехь болх беш вара. Хьалхара дуьненан тӀом болабелча иза Росси йухавеара.
Цо Колчакан дуьхьала тӀом бинера. 1921 шо дуьйна иза Нохчичохь болх беш вара. 1925 шарахь цо кхоьллира хьалхара нохчийн газета «Серло». 1930 шарахь цо кхоьллира Соьлжа-ГӀалин пролетарийн йаздархойн ассоциаци. 1925—1933 шерашкахь иза вара цхьацца даржашкахь Нохчийчохь. Цул тӀаьхьа иза хилира СССР ВЦИК Президиумехь Нохчийн Автономан областин векал. 1936—1937 шерашкахь иза вара Нохчийн НИИ куьйгалхо.
1937 шарахь Арсанов харц суд а йина Колыма дӀахьажира. 1945 шарахь шен набахтин хан чекхйалча иза Алма-Ата вахара шен доьзалла Ӏаш болчу. Казахстанехь Ӏаш хенахь иза масийттуза хержира Алма-Атан гӀалин а, областин а советан векал. 1957 шарахь иза цӀавирзира. Цигахь иза хилира Нохч-ГӀалгӀайн АССР йаздархойн бертан куьйгалхо. 1959 шарахь иза пенсе вахара.
Кхолларалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цуьнан хьалхара произведениш арахийцира 1926 шарахь. Цуьнан уггара йоккха произведени йара 1956 шарахь арахецна историн роман «Когда познается дружба». И роман йу нохчийн а, гӀалгӀайн а, оьрсийн а халкъийн революцин къиссам буьцуш. И роман йазйан цунна 30 шо дийзира. Оцу романан хьалхара агӀонаш арахеца йолайира 1930-гӀа шерашкахь. Александр Фадеев чӀогӀа реза хилира оцу романан: «Иза йу хьлахара ламаройх лаьцна советски роман харц экзотика йоцуш. Ламархой гойтуш бу цера боккъул дахар а, синӀаткъам а хууш. Шеко йац и роман кхиъ масийттуза арахоьцура а йу, вайн кегирхойс хаза а хеташ йошур а йу». Иштта Арсановс йазйира дукха очеркаш а, дийцараш а. Уьш арахийцира гуламашкахь «По Чечне», «Серебристая улыбка», и к. е.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Равзан Юнусова. Жизнь, отданная развитию литературы и культуры народа. Вести республики. № 204, 16 октября 2009. С. 2.
- Адиз Кусаев. Писатели Чечни. Грозный. ГУП «Книжное издательство», 2005, 410 с. Тираж 2000.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- БСЭ(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Краткая литературная энциклопедия