Амаев, Махмуд Мутиевич
Махмуд Мутиевич Амаев | |
---|---|
Вина терахь | 1916 |
Вина меттиг | ХӀима, Теркан область |
Кхелхина терахь | 1943 шеран 22 февраль |
Кхелхина меттиг |
Смоленскан область, СССР |
Корматалла | гӀашсалти, иччархо |
Гражданалла | СССР |
СовгӀаташ |
Амаев Махмуд Мутиевич (1916 шо, ХӀима, Теркан область — 1943 шеран 22 февраль, Смоленскан область) — нохчийн иччархо. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман хенахь цо хӀаллаквира 186 (кхоьчу хьосташках — 197) немцойн салти а, эпсар а.
Вина ХӀимехь 1916 шарахь. Цуьнан да ахархо вара. Кхаа классан школа чекхйаьккхича иза комсомоле велира. 1935 шарахь цо хьехархойн курсаш чекхйаьккхина школехь хьехархо болх бан волавелира.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом
[бӀаьра нисйан | нисйан]ТӀом болабелча иза фронте вахара иччархо санна. Иза вара 32-гӀа ЦӀечу байракхан гӀашлойн дивизин 87-гӀа гвардин гӀашлойн полкехь. Цуьнан йара массо а иччархон оьшу билгалонаш: топ нийса кхоссар а, тидамалла а, собар а. Цо хӀаллаквира 186 (кхоьчу хьосташкахь — 197) немцойн салти а, эпсар а[1]. 1942 шеран ноябрехь цо хӀаллаквинера 117 немцойн салти а, эпсар а. Цо тӀом бора Иван Шмарин цӀе йолу иччархоца цхьана[1].
Иза дийна волуш цунна ши совгӀат делира: «ЦӀен Байракхан» орден а, «ТӀеман кхиамашна» мидал а[2]. Москвахь йолу «Комсомол Даймехкан тӀемтӀехь» цӀе йолу гайта хӀоттамехь 1943 шарахь дара «Махмуд Амаев иччархос хӀаллакбина мостагӀаш» цӀе йолу у. Цу тӀехь хӀора дийнахь гойтура цо хӀаллакбина фашисташ.
Иза велла 1943 шеран 22 февралехь. ДӀавоьллина Смоленски областин Гжатски районан Лукьянцево юртахь.
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Тулера герз деш болу пхьераш йинера цунна лерина иччархочун топ. БӀахойн декъан куьйгалхойс цунна делира шаьлта. Оцу шаьлтан тӀехь йаздина дара: «МостагӀе малх дӀабайалур бац а, вай эшалур дац а».
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Роза Талхигова. Их подвиг не померкнет в веках. Зарисовка Архивйина 2010-03-25 — Wayback Machine. Литературно-художественный журнал «Вайнах», № 5.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Увайс Лорсанукаев. Снайпер Махмуд Амаев (pdf). Они защищали Родину. Общественно-политическая и научно-просветительская газета «Хьехархо» (№9 (105) от 7 мая 2009 г.) (7 мая 2009). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 20 июнь. Архивйина 7 мая 2009
- ↑ М. Саидов. Отважный снайпер Махмуд Омаев (html). «Ламан-аз» (№№ 5-6 31 января 2005 г.). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 20 июнь. Архивйина 2011 шеран январь