Алханов Руслан Шахайн воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Алханов Руслан Шахайн воӀ
Алханов Руслан Шахайн воӀ
Полицин инарла-лейтенант
Нохчийн Республикера Чоьхьарчу гӀуллакхийн министр
(д. кх. 2004 шеран июнь — 27 декабрь)
Хьалха хилларг Алханов Ӏали

Вина терахь 1962 шеран 27 апрель({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (62 шо)
Вина меттиг Хоси-Йурт, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Да Алханов Шахай
Дешар Л. Н. Толстойн цӀарах НГӀПУ
Российн ЧГӀМ урхаллин академи
СовгӀаташ
Стогаллин орден Стогаллин орден Сийлаллин орден
«ТӀемалойн сийлаллин» I тӀегӀан мидал (Дуьхьмин)
«ТӀемалойн сийлаллин» II тӀегӀан мидал (Дуьхьмин) «БӀаьхаллин сийлаллина» мидал
Ахьмад Кадыровн Орден
Ахьмад Кадыровн Орден
Пачхьалкх  ССРС Росси
Эскаран тайпа Министерство внутренних дел Российской Федерации[d]
ЦӀе инарла-лейтенант[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Алха́нов Русла́н Шаха́йн воӀ (вина 1962 шеран 27 апрелехь, ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Шелан кӀоштара, Хоси-Йуртахь) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо. Полицин инарла-лейтенант (2011). Юридически Ӏилманийн кандидат. Дайшкара милиционер.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1962 шеран 27 апрелехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Шелан кӀоштара Хоси-Йуртахь (хӀинца Курчалойн кӀоштара Ахьмад-Йурт).

1980—1982 шерашкахь гӀуллакхехь вара ССРС ТӀеман Ницкъашкахь.

1990 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан Л. Н. Толстойн цӀарах университетан географин факультет «географин хьехархо» говзаллийца. 2004 шарахь чекхйаьккхира ХӀинжа-ГӀалин финансийн а, бакъонан а институт (2004). 2007 шарахь билгала а волуш чекхйаьккхира Российн ЧГӀМ урхаллин академи.

1991 шарахь дуьйна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн меженашкахь ву: Нохчийн республикин ЧГӀМ ББМТ (ОМОН) милцо-тӀемло.

1993 – 1995 шерашкахь — Соьлжа-ГӀалин Ленинан кӀоштан чохьарчу гӀуллакхийн декъан транспорт тӀера кхерамзаллин урхаллин милцо.

1995 - 1997 — Къилбаседа-Кавказан ЧГӀУ транспорт тӀера чоьхьарчу гӀуллакхийн Гуьмсенан асанан декъан милцойн асанан пунктехь.

1999 шеран декабрехь Нохчийн республикин муфтин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хойн коьрте хӀоьттира.

2000 - 2003 — РФ Нохчийн Республикера ЧГӀМ ЧГӀУ къаьстина ротин баьччан даржехь гӀуллакхехь вара, кхерамзалла латтайора лакхарчу даржехь болчарна, ларйора Нохчийн Республикин пачхьалкхан Ӏедалан меженийн объекташ.

2003 шеран майра 2004 шеран июнь кхаччалц — нохчийн ББМТ баьчча.

2004 шеран июнехь дуьйна кхочушдира министран декхарш, 2004 шеран 27 декабрехь дуьйна — Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министр[1].

Масийттаза гӀуо цӀе а йаьккхира, кхел йан дош делира террористийн тхьамданех цхьанна Умаров Доккин[2][3].

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зуда йалийна ву. ХӀусамнана — Тамара Борисан йоӀ (ГӀалгӀайчоьнан экс-президента Аушев Руслана аларехь, гӀалгӀай ю). Доьзалехь 3 кӀант а, 4 йоӀ а, 13 берийн бер а ду[4].

КӀант Артур — Устрада-ГӀалин ЧГӀД хьаькам. КӀант Бислан — нохчийн Республикин Соьлжа-ГӀалин кӀоштан ЧГӀМД хьаькам[5].

Чоьхьарчу гӀуллакхийн меженийн башха цӀераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Милицин майор (2004 июнь)
  • Милицин подполковник (2004 декабрь)
  • Милицин полковник (2005 июль)
  • Милицин инарла-майор (2006)
  • Полицин инарла-лейтенант (2011 24 мартехь)[6][7]

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Интересные факты[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Алханов Русланах хилира Российн керлачу исторехь хьалхарчех цхьаъ волу полицин инарла, иза хьалха дехьаваьккхира милицера полице[10].
  • Алханов йукъавоьду Кадыров Рамзанан уггаре цунна муьтӀахь болчеран а, гергарчу а гуонан. Кадыров Рамзана дийцарехь, 1999 шарахь, Алхановс а, кхин а масех «уггаре гергарчу» наха Къуръан тӀехь дуьй биина, «шайн дерриг дахарехь цхьаьна хир ду аьлла»[11].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Указ Президента Российской Федерации от 27.12.2004 г. № 1607 «О Министре внутренних дел Чеченской Республики»
  2. ВЗГЛЯД / МВД Чечни: Умаров давно не имеет влияния на боевиков
  3. Глава МВД Чечни: Умаров, как крыса, перемещается с места на место | Интервью | Лента новостей «РИА Новости»
  4. Руслан Алханов, один из немногих ветеранов кадыровской команды
  5. Сын главы МВД Чечни возглавил отдел полиции в Аргуне
  6. Алханов Руслан Шахаевич. 95.xn--b1aew.xn--p1ai. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 12 март. Архивйина 2020-03-05 — Wayback Machine
  7. Указ Президента Российской Федерации от 24.03.2011 г. № 350 «О присвоении специального звания высшего начальствующего состава сотрудникам органов внутренних дел Российской Федерации и назначении на должность сотрудников органов внутренних дел Российской Федерации»
  8. Руслан Алханов удостоен звания «Почётный гражданин города Грозного» Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
  9. Руслан Алханов получил орден Почёта
  10. «Военная программа» А.Сладкова(ТӀе цакхочу хьажорг)
  11. Не тейпом единым

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]