Ахьмад-Йурт
Эвла | |
Ахьмад-Йурт | |
---|---|
Центорой | |
![]() | |
43°13′21″ къ. ш. 46°15′19″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх |
![]() |
Регион | Нохчийчоь |
КIошт | Курчалойн кӀошт |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1859 шо |
Дуьххьара хьахор | 1859 шо |
Хьалхара цӀерш | Красноармейск, 2019 шо кхаччалц Хоси-Юрт |
ХӀордан сизал локхалла | 862[1] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусалба-суннийш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87155[1] |
Поштан индекс | 366318 |
ОКАТО | 96 212 840 001 |
Картин тӀехь | |
Ахьмад-Йурт[3] я Хоси-Йурт — Нохчийчоьнан Курчалойн кӀоштан эвла ю.
Иза ю Ахьмад-Юьртан юьртан меттиган административан центр[4].
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хуосийн-Юьрт йиллина волу Хуоса ша цӀонтаро а, Ӏальбиг-горах а, Ойсхар йиллийна болучу цӀонтаройн тӀехьенах а, цӀера оцу Ойсхарара а хилла. 1840 шарахь массо нохчаша Росси-паччхьалкхан дуьхьал гӀаттам бина Шемал куьгаллехь волуш. Оцу хенахь Шемалан Мичкан виллайатехь наиб хилла волчу цӀонтаройн Мухьаммад-хьаьжийн кӀанта ШуӀайба биначу кхайкхамна жоп луш ГӀачалкхан рагӀан къилбседехьа йолучу ярташкахь бехаш болу нохчий дуккхах берш шайн ярташ Ӏад йуьтуш ГӀачалкхан регӀах бовле, Мичкаца йолучу ярташка баха охьа ховшу. Царех цхьаъ ву Ӏумхан кӀант Хуоса а. Иза Оки-Юьртахь ваха сецна. Цигара гергарчу хенашца дийцича 1841—1842 шершкахь Хуоса Оки-Юьртара Пхьоне хин Ӏинчохь кӀотар йуьллий ваха хуу.
Нохчийнчоь паччахьан эскаро дӀалаьцначул тӀехьа, Шемал Россей Ӏедал кара вахале массех бутт хьалха, паччахьан Ӏедалан векалша пурба а лой, гонахьар кӀотаршкара бахархой а, БӀачи-Юьртара а, Оки-Юьртара цӀонтарой тӀе а кхойкхе Мичкан уллохь юьрт йуьллу Хуосас. Юьрт йиллийна чул тӀеха 18 шарахь юьрт-да лаьттина иза. Хуосийн цӀийнан, тӀехьенах, пхиъ фамилий ю-Адалаевхар, Бачаловхар, Пашаевхар, Тамаговхар, Хосаевхар.
1944 шеран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Красноармейск аьлла хийцина. Эвла бахкина Дагестанера акхшой (даьргӀой). 1957 шеран 9 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[5] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча юха баха.
Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
2018[2] |
---|
8549 |
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Село Центорой / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
- ↑ 1 2 https://web.archive.org/web/20180726010024/http://www.gks.ru/free_doc/doc_2018/bul_dr/mun_obr2018.rar
- ↑ https://meduza.io/news/2019/08/29/rodnoe-selo-kadyrova-pereimenovali-v-ahmat-yurt
- ↑ Центороевская сельский округ (Юьртан меттиг)* Курчалоевский район Архивйина 2016-03-09 — Wayback Machine
- ↑ Указ Президиума ВС СССР от 09.01.1957
![]() |
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |