Чулацаман тӀегӀо

Али (хи)

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

А́ли йа А́луо — гуттаренна долу йа цхьацца хенахь хуьлу жима охьадоьду хи[1], шораллехь масех дециметр тӀиера масех метр кхаччалц. Дукха хьолахь алин дохалла 3—5 км хуьлу[1], ткъа кӀоргалла наггахь а сов ца йолу 1,5 метрал, амма къастийна доза дац алин а, жимачу эркан а йукъахь[1].

Йукъара хаамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Алин сихалла, дукха хьолахь, дикка чехка хуьлу (масех метр секундехь).

Али кхоллало догӀан хих, ло йа ша бешна хих, лаьттан бухара хиш бухара арадевлчи[1].

Алиш декъало гуттаренна дерш а, заманан (дакъалуш дерш) а, акъарин а, ломан а.

Алин харш дукха хьолахь ситтина хуьлу[1]; Ӏаламан алин харшаш кӀезиг хийцало, амма цхьацца бахьнийн Ӏаткъамца (боьран эрози, токхам, мохк бегор) тарло дикка хийца шен латтар, кеп, барам. Алин амалехь ю готта атагӀа а, гӀийла къаьсташ тогӀи а[1]. Заманан (дакъалуш долу) алиш хийца тарло харш а, охьадоьду агӀо а хӀора шарахь ала мегар долуш. Дукха хьолахь алин агӀо хийцало адаман Ӏаткъам бахьнехь.

Картографехь «али» термин леладо Ӏаламан охьадоьду хишна, нагахь цуьнан дохалла 10 километр ца кхачахь (гуттаренна йа заманан делахь а). 10 километр сов Ӏаламан охьадоьду хишна лелайо термин «эрк». Йукъарадаккхар ду Ӏам чуьра йа эрк чуьра догӀу Ӏаламан охьадоьду хиш, шен рогӀехь, уьш чукхета кхечу эркашна, алишна, тӀаккха уьш хуьлу оцу эркийн йа алийн харшан дакъа (хӀунда аьлчи эркан новкъара Ӏам хих дуьзина ор лара мегар ду). Иштта хишшах, нагахь уьш тоъал даккхий делахь, эрк ала мегар ду. Иштта эркаш шорта долу цхьацца меттигашкахь (масала, Колыма хин лахенашкахь), царна лелайо башха термин «виска» (амма иза шуьйро ю, цунна чудогӀу хершан Ӏаьмнаш коьртачу хих туху алиш а, эркаш а). Кхин цхьаъ йукъарадаккхар — нагахь али йа эрк меттигерачу бахархоша шайн ламастехь олуш делахь тӀаккха цара ма-аллара хуьлу.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 3 4 5 6 Ручей // География. Современная иллюстрированная энциклопедия / Под редакцией проф. А. П. Горкина. — М.: Росмэн, 2006.
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «али»