Чулацаман тӀегӀо

Конгрессан библиотека

38°53′16″ къ. ш. 77°00′14″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Конгрессан библиотека
инг. Library of Congress
Логотипан сурт
Мохк
Адрес АЦШ, Вашингтон
Кхоьллина 1800 24 апрелехь
Фонд
Фондан чухоам _0155357302155,3 млн[1][~ 1][2]
тӀекхачавалар а, лелор а
ДӀайаздаран хьал MARC21
Дешархойн барам 1 750 000 шарахь[2]
Кхин хаам
Бюджет 646 761 000 доллар[2]
Директор Карла Хайден (2016 дуьйна)
Белхалой 3 624[2]
Веб-сайт loc.gov
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Конгрессан библиотека (инг. The Library of Congress) — АЦШн къоман библиотека, дуьненан яккхийчех библиотека[1]. Лаьтта Вашингтонехь. АЦШ Конгрессан Ӏилманан библиотека ю, болх беш ю правительствон меженашна, талламан кхолламашний, Ӏилманан белхалошний, долара фирманашний, промышленностан компанешний, ишколашний.

Конгрессан Библиотекин лерина дакъо кечйо копирайт (авторийн бакъонаш). Копирайт яйта ло интермаша чухула, Конгрессан Библиотекин сайт тӀехь оьшу бланк чуязйина.

Библиотекан истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Июль 1888Май 1894
Библиотекан хӀост
Джон Адамсан цӀарах гӀишло
Джефферсонан библиотека
  • Кхолларан терахь лору 1800 шеран 24 апрель, оцу хенахь АЦШ президент Адамс Джона (John Adams) куьг йаздина пачхьалкхан коьрта гӀала Филадельфера Вашингтоне (Washington) дехьаяккхаран закон тӀе. Оцу законан кхечу пункташ йукъахь, пункт ю «Конгрессан оьшур долу жайнаш эца а, уьш Ӏалашдан оьшуш йолу чоь кечъян а» 5000 доллар даларах (оцу хенахь дукха ахча ду иза). Оцу пункто билгалйохура библиотеко болх баран бакъонаш, цаьрца, цу чу ваха, ресурсашна тӀекхача президентан а, вице-президент, АЦШ сенатан а, Векалийн палатан (АЦШ Конгресс) декъашхойн бен яцара. Цундела библиотеках ала долийра — «Конгрессан библиотека»
  • Юьхьанцара фонд яра 740 жайна а, Лондонехь эцна кхоъ Америкин географин карта а. Цул тӀаьхьа хилла президент, Томас Джефферсон (Thomas Jefferson), президентан бакъонашка велира 1801 шеран 4 мартехь, иза ладаме болх бан волавелира Библиотекан фонд тӀаьхь, цуьнан роль а, иэшар а гойтуш. Иза волуш библиотекан фонд шоръяла йолаелира хаъал чехка. 8 шо даьлчи чӀагӀо йира президента Мэдисон Джеймса, цунна беза мохь болу дакъа кхечира — мехкан куьйгалла 18121814 шерашкара Ингалсан-америкин.
  • ТӀом болуш, 1814 шеран августехь Вашингтон ерриг аьлча санна ягийра ингалсхоша. Буха хӀума ца дуьсуш егира, чохь мехала жайнаш а долуш библиотека йолу, Капитолий а. Британин эскарех АЦШ коьрта шахьарах йисинарг мукъа йаьккхинчул тӀаьхьа, Мэдисон омар делира библиотека метта хӀоттае аьлла. Экс-президент волу чӀогӀа библиофил хиллачу Джефферсона Конгрессе шен долара, тайп-тайпанчу меттанашкара, 6487 томах лаьтта гулам эца элира, иза цуо гулбинера шовзткъе итт шарахь сов, ишттаниг АЦШ оцу хенахь кхин бан а бацара. Америко тӀеийцира и кховдам. Мах хадийра 23 940 доллар. Оцу хенахь дуьйна «Конгрессан библиотека» цӀе а, «Джефферсонан библиотека» цӀе а цхьаъ хилира.
  • 1851 шарахь библиотекехь елира шолгӀа цӀе, цигахь дегира Джефферсон Томасегара эцна жайнин доккхаха долу дакъа, 2/3 дерриг жайнин фондех, оцу хенахь цигахь егира 55 000 тайп-тайпана арахецарш. Шо даьллачул тӀаьхьа, библиотека меттахӀотто, пачхьалкхан бюджетара делира 168 700 доллар. Алсама дакъа оцу ахчанах библиотека тоеш дӀадахара.
  • 1850-гӀа шерашкахь Конгрессан библиотеке битира министраш а, цхьацца урхаллийн куьйгалхой а, Лакхара суьдан декъашхой а, уггаре лераме (библиотеке богӀучерна хетарехь) политикин партийн векалш а, АЦШ гӀарабевлла Ӏилманчаш а, йаздархой а, америкин уггаре баккхий МХГӀ журналисташ а.
  • 1870 шарахь, дукхаха дерг оцу хенахь хилла КБ куьйгалхо Эйнсуорт Рэнд Споффорд дӀагӀертар бахьнехь, правительствон тӀегӀанехь омар делира, цуьнца, Америкин Цхьаьнатоьхна штаташкахь арадаьлла публикан муьлхха а арахецар, арадоллушехь декхар дина, оцу дийнахь цхьа экземпляр Конгрессан библиотеке дӀадаладезара. Оццу хенахь закон даккхарца чӀагӀдира, КБ пачхьалкхан бюджетера догӀу ахча дохкаран низам, фонд ахчанца я маьхаза жайнийн, газетийн, журналийн гуламаш луш гӀолаьцначу нахана, фирмашна, йукъараллин цхьаьнакхетаршна, партешна билгалдина цхьа могӀа стимулаш а, совгӀаташ а.
  • 1899 - 1939 шерашкахь библиотекан куьйгалла динчу Герберт Патнема, йукъайаьккхина аьтта йолу жайнин классификацин система, ткъа шен куьйгалла чекхдолуш йукъайаьккхина шолгӀаниг, иза леррина Конгрессан библиотекан а, гӀишлон а хӀоттийра. Филиалан елира КБ кхоьллинчун цӀе — Джон Адамс аьлла. Керлачу гӀишлонна делира 6 500 000$. ГӀишло лаьтта Джефферсон Томасан «хаарийн гӀалин» уллехь.
  • 1907 шарахь Конгрессан библиотеко 40 000 долларех ийцира красноярскера совдегархо а, библиофил а волчу Г. В. Юдинера долара библиотека, цунна чохь дара 81 эз. экземпляр жайнаш а, журналаш а, коьртаниг оьрсийн исторех лаьцна. Оцу хенахь дуьйна иза Российн дозанал арахьара уггаре боккха оьрсийн меттара жайнин гулам бу (хӀинца Конгрессан библиотекехь ду кхо бӀе эзар гергга арахецар).
  • 1930-гӀа шерашкахь Джефферсонан библиотекана къоман библиотекан статус а, АЦШ бюджетан ахчанах, хьалхара рогӀехь фондаш вовшахтоха бакъо а елира.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Комменташ
  1. 23,2 млн жайна, 12,6 млн шира жайна, периодика, газеташ, брошюраш, техникин чоьташ а, кхин зорбанан материалаш, 3,4 млн аудиоматериалаш, 68,1 млн куьйга йаздина тептарш, 5,5 млн карташ, 16,7 млн микрокепаш, 6,6 млн нотанаш, 15,7 млн видеоматериалаш[1]
Хьосташ
  1. 1 2 3 General Information - About the Library (Library of Congress) (инг.) (2012). ТӀекхочу дата: 2013 шеран март. Архивйина 2013 шеран 11 мартехь
  2. 1 2 3 4 General Information - About the Library (Library of Congress) (инг.) (2009). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 16 июль. Архивйина 2011 шеран 23 августехь (Хьаьжина 10 январехь 2012)
  3. archINFORM (нем.) — 1994.
  4. libraries.org (инг.): A directory of libraries throughout the world