Алейников, Глеб Олегович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Алейников Глеб Олегович
Вина терахь 1966 шеран 12 март({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (58 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, ССРС
Гражданалла:  ССРС
 Росси
Говзалла:
Карьера: 1986—тахана а
Некъ: «Параллелан кино»
IMDb: ID 0017861
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


Алейников Глеб Олегович (вина 1966 шеран 12 мартехь, Соьлжа-ГӀалахь) — российн кинорежиссёр, сценарихо, продюсер, медиаменеджер. Российн телевиденин академин декъашхо, «параллелан кино» кхоьллинчех цхьаьна могӀара Алейников Игорца а, Юхананов Борисца а цхьаъ.[1][2]

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1966 шеран 12 мартехь, Соьлжа-ГӀалахь.

1988 шарахь чекхйаьккхира Москохан инженерийн-гӀишлошйаран институтан, гражданийн гӀишлошйаран факультет.

1980-гӀа шерашкахь шен вешийца, Алейников Игорца, цхьаьна дакъалецира исбаьхьаллин «къайленан» дахарехь, Москохан концептуализман ишколан декъара вара[3].

1987 шарахь вешийца цхьаьна фильмаш йаха волавелира. Вежрий АлейниковгӀар историн йукъабахара экспериментан андерграундан фильмаш кхоьллинарш санна, уьш йохура бархӀ а, йалхийтта а миллиметран чӀурам тӀаьхь. Оцу муьран уггаре девза сурт — «Тракторш», «Со шийла ву, хилча хӀун ду?», «Божарийн къиза цамгар», «Постполитикан кино», «Чергидан кхераме къайле», кхин а.

1989 шарахь Алейников Глеб болх бан волавелира Мосфильмехь. Мосфильмехь даьхна девза суьрташ йукъахь ду: «Кхузахь цхьаъ хилла», «Трактористаш-2».

1994 шарахь Алейников Глеба Юхананов Борисца цхьаьна кхоьллира маьрша кинон клуб «Сине Фантом»[4]. Клубан гуранчохь газет а ду, киностуди а йу.

2002 шарахь дӀалецира СТС телеканалан маркетинган департаментан директоран дарж.

2004 шарахь хилира СТС инарлан арахецаран директоран гӀовс.

2008—2010 шерашкахь вара «Росси» телеканалан маркетинган а, кхиоран а дирекцин директор.

В 20102012 шерашкахь вара Муз-ТВ телеканалан инарлан продюсер[5][6][7].

Хийцаваланза куьйгалхо ву «Сине Фантом» клубан а, газетан а.

Фильмографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Режиссёр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Продюсер[нисйе бӀаьра | нисйе]

Актёр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зуда — кинорежиссёр, Синефантом журнал арахоьцу Кабанкова Ленка. 3 бер.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]