Албур-Лам

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Албур-Лам
Албар-Лам.jpg
Албур-Лам
Бохьан локхалла
Абсолютан локхалла2177[1] м
Лаьтта меттиг
42°56′19″ къ. ш. 46°32′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
РегионДегӀаста
Росси
Red pog.png
Албур-Лам
ДегӀаста
Red pog.png
Албур-Лам

Албур-Лам[2] я Албар-Лам, Олбар-Лам[2] — хӀинца ДегӀастанахь болу лам. Лаьтташ бу хӀинца йолу Казбековн кӀоштан латтан тӀехь. Иза бу Нохчийчоьнан дозанна гена боцуш. ХӀордан сизал локхалла — 2177 метр[1], уллера нах беха меттигаш: Алмакх а, Буьртана а, Ширча-Эвла а, дӀаяйна йолу Албур-Отар а Хений дукъ а[3][4].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ломан цӀе тиллина иза долахь хиллачу Албур цӀарах, цул совнах цуна долахь хилла Ширча-Эвлан къилбехьа хиллачу Албур-Отар цӀе йолуш эвла. Цуна Ӏу хилла Албур-Ломахь бежнаш дажош, Ӏу веллачул тӀехьа Албурс Ӏу Ӏаш хийлачу Алмакх эвла цунна чурт дахьийтина. Албур хилла нохчийн Ӏаккой цӀе йолу тайпана[2].

Дийцарехь ломан гергахьа йолучу ярташкара бахархоша шайн жа дажа лахкар бахьна долуш цера а, Албура а сих-сиха доьвнаш хуьлуш хилла, Албура шиъ кӀант тӀамтӀехь дӀакхалхар нисделча Шемалс машар бина оцу хенахь дуьйна ломан цӀе ю Албур-Лам[2].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Подробная топографическая карта юга России. etomesto.ru (1999). Теллина 2017 шеран 10 декабрехь.
  2. 1 2 3 4 Гора Албури-Лам. Зелимхан Мусаев (Грозный) — ИА "Чеченинфо" (22-01-2017). Теллина 2017 шеран 10 декабрехь.
  3. Сайт «RuTraveller».
  4. Американская карта России и СССР 50-х годов