Айдамирова, Аймани Шамсудиновна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Айдамирова Аймани
Йина терахь 1965 шеран 8 март({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (59 шо)
Пачхьалкх

Айдамирова Аймани — (1965 шеран 8 март) — певица, актриса и Нохчийн Республикин халкъан артист (2002), ГӀалгӀайчоьнан халкъан артист, Российн Федерацин Хьакъдолу артист (2008)[1]. Нохчийчоьн Хьакъдолу говзаллин гӀуллакххо (2008), Нохчийчоьнан Хьакъдолу оьздангаллин белхалой. Нохчийн пачхьалкхан филармонмн исбаьхьаллин куьгалхо[2]. Тайпана йу бено[3].


Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1965-чу шарахь ТӀехьа-Мартанан кӀоштан СемаӀашкахь. Диъ шо бен хан йацара йоьӀан Дуьххьара вайнехан эшаршка а, иллешка а безам баханчу хенахь. Къаьсттина йоӀа къобалдина дара Айдамирова Мареман аз.

Эшаршка болу безам, хӀуъа дича, дӀа ца болура дагара. Школехь доьшуш йолчу хенахь дакъалоцура исбаьхьаллин кхолламаллехь. Цхьана хенахь дакъалецира Ленинан цӀарах йолчу ДК — хь хиллачу исбаьхьаллин кхолламаллехь. Цигахь 1981 — чу шарахь ойла хилира корматаллин сцени тӀехь болх бан. ХӀетахь Нохч — ГӀалгӀайн филармонин «Илли» тобане дӀакхойкхуш бара корматалла йолу кегирхой а, мехкарий а. ХӀетахь шен йишица Маликица (хӀинца вайца йац Малика) еара шаьшинна говзалла гайта филармони. ЧӀогӀа реза хилла тӀеийцира Малика а, Аймани а «Илли» тобано. Иштта кхоллаелира церан эшарш.

Цул тӀаьхьа Эдисултанов ШитӀа вовшахтоьхначу «Самукъане сахьт» цӀе йолчу эстрадни тобана йукъа еара Аймани. Оцу тобанехь болх бира Айдамирова Айманис дукха шерашкахь, дукха концерташкахь дакъа лоцура цо. Цуьнан хаза аз дезаделира вайн халкъана. Цул тӀаьхьа вовшахтуьйхира «ЖовхӀар» цӀе йолу мехкарийн тоба халкъан артисто Айдамирова Айманис.

Цуьнан репертуарехь дуккха ю нохчийн халкъан фольклорни эшарш, иштта: «Ламанаш», «Сан Даймохк», «ЙоӀур ю нохчийчу машаран бӀаьсте», амма халкъо концертехь сих — сиха дехарш до хьлхалерчу Темирбулатова Сиржанан дешнаш тӀехь язъйина «ХӀай нена дашо малх» цӀе йолу йиш лакхийтор доьхуш.

Вайн нохчийн поэтан дешнаш тӀехь язъийна ша мукъамаш баьхна эшарш ю Аймани. ХӀинца шен корматалла лакхайокхуш къахьоьгуш схьайоӀу Айдамирова Аймани.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Хеда Хачукаева. Аймани Айдамирова - популярная артистка и многодетная мама. grozny-inform.ru. Информационное агентство «Грозный-информ» (2014 шеран 1 декабрь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 1 октябрь. Архивйина 2021 шеран 2 ноябрехь
  2. Айдамирова Аймани Шамсудиновна. filarma.ru. Чеченская государственная филармония (2014 шеран 8 апрель). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 1 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 13 январехь
  3. Рассыпался чеченский жемчуг(ТӀе цакхочу хьажорг)