Абу Бакр аль-БайхӀакъи

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу Бакр аль-БайхӀакъи
أبو بكر أحمد البيهقي
Говзалла Хьадисийн а, бакъонан а Ӏилманча
Вина терахь 994 шо({{padleft:994|4|0}})
Вина меттиг Хусравжирди
Кхелхина терахь 1066 шо({{padleft:1066|4|0}})
Кхелхина меттиг Нишапур
ДӀавоьллина меттиг БайхӀакъ
Пачхьалкх ГӀажарийчоь
Да аль-Хьусайн ибн Ӏали
Бераш ИсмаӀил
Динлелор Бусалба, сунний, шафиӀий, ашӀарий, суьпий
Хьехархой Ибн Тахир аль-Багдади[d], Абу-ль-Фаттах аль-Умари[d]
Лоруш волу динаш Абдуллах аль-Ансари[d], Абу-ль-Маали аль-Джувайни[d][1]

Абу́ Бакр А́хьмад ибн аль-Хьуса́йн аль-БайхӀа́къи (Ӏаьр. أبو بكر أحمد البيهقي‎‎; 994, Хусравжирди1066, Нишапур) — сийлахь воккха исламан бакъон а, хьадисийн а Ӏилманча. ШафиӀий, ашӀарий, суьпий. ГӀараваьлла имам аль-БайхӀакъи цӀарца.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цуьнан йуьззина цӀе: Абу Бакр Ахьмад ибн аль-Хьусайн ибн Ӏали ибн Муса аль-Хусравжирди аль-Хурасани. Иза вина аль-БайхӀакъ кӀоштарчу Хусравжирди(ингалс.) эвлахь, Иранерачу Нишапур гӀалан 12 километр генахь. Иза велла 74 шо долуш Нишапурехь. Цуьнан дакъа дӀадаьхьира БайхӀакъе, цигахь дӀавоьллина иза[2].

Делан дош Ӏаморан болх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аль-БайхӀакъис дешна бӀе сов хьехархочунца Хорасанехь, БагӀдадехь, Куфехь, Маккахь. 15 шо долуш иза деша волавелира Нишапурехь воккхачу Ӏилманчуьнца Аль-Хьаким ан-Найсабурица, цуьнан оцу хенахь дезткъа шо гергга дара. Уггаре диканиш бен ца хуьлура аль-Хьакиман дешархой, къона аль-БайхӀакъи уггаре дикачех дешархо хилира. ТӀаьхьа аль-БайхӀакъис шен жайнашкахь дукха хьадисаш далийра аль-Хьакимера[3].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]