Аба (гІала)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГІала
Аба
инг. Aba
Aba Nigeria hotel.jpg
Пачхьалкх Нигери
штат Абия
Координаташ 05°07′00″ къ. ш. 07°22′00″ м. д.HGЯO
Майда
  • 72 квадратан километр
ХӀордан сизал локхалла 205 м
Бахархой 500 183[1] стаг (1991)
Динан хӀоттам керсталла, ламасталлин динаш
Бахархойн цӀерш абахо, абахой
Сахьтан аса UTC+1
Телефонан код +234 82
Поштан индекс 450***
Официалан сайт abiastate.gov.ng
Аба картан тӀехь
Аба картан тӀехь
Red pog2.svg

Аба́[2][3] (инг. Aba, игбо Abá) — Нигерин Абия штатера гӀала. Лаьтта Аба хин тІехь, Порт-ХаркортЭнугу цІерпоштнекъ а, шоссе а вовшахкхетачехь.

Бахархой — 802,5 эз. стаг (2004 шо)[4].

Дуьххьала ибо тайпа охьахиина меттиг яра. 1901 шарахь кхузахь хІоттийра британин тІеман пост, 1915 шарахь йихкира иза Порт-Харкортца. Британин колонин администрацин административан центр яра. 1929 шарахь хилира колонин Іедалан налогийн политикан дуьхьала хиллачу зударийн гІаттаман центр. 1967 шарахь правительствон эскарш дІахилар бахьнехь, йоцачу хенахь сепаратистийн пачхьалкхан Биафран центр хилира.

Къилбаседа Нигерийра шортта мухажираш бахкар бахьнехь хилира уггар боьха пачхьалкхера гІала. Абех кхин а олу «пийлин гІала».

ГӀалахь долу белхаш. Даьттан пальмах даьхна сурсаташ дохкар. Сабан а, йий доккху а заводаш, даьттадаккхаран, молханийн, чӀургийн, кӀадешдаран заводаш, фабрикаш ю гӀалахь. Абехь ю дуккха а йохк-эцаран центраш, царна юкъахь ю гӀараяьлла базар «Ариариа». Йохк-эцаран а, техникан а дешаран меттигаш ю.

Меттигера футболан «Эньимба» клубо АФК Чемпионийн Лигехь (2003 а, 2005 а ш.ш.) шозза толам баьккхина.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. NIGERIA: Provinces and Cities. (ингалс.). City Population. — The population of Nigerian cities and urban settlements with more than 40,000 inhabitants according to the 1991 census. Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 14 майхь. Теллина 2016 шеран 5 октябрехь.
  2. Кеп:Атлас мира
  3. Аба // Словарь географических названий зарубежных стран / отв. ред. А. М. Комков. — 3-е изд., перераб. и доп. — М. : Недра, 1986. — С. 7.
  4. АБА // Большая российская энциклопедия / С. Л. Кравец. — М: Большая Российская энциклопедия, 2005. — Т. 1. — С. 6. — 768 с. — 65 000 экз. — ISBN 5-85270-329-X