Порт-Харкорт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГІала
Порт-Харкорт
Port Harcourt
Ugwu Ọcha
Aba Nigeria hotel.jpg
Байракх
Байракх
4°45′ къ. ш. 7°00′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх НигериFlag of Nigeria.svg Нигери
штат Штат Риверс
Мэр Чимбико Иче Акароло
(Chimbiko Iche Akarolo)
Истори а, географи а
Йиллина 1913
Майда 186 км²
ХӀордан сизал локхалла 18 м
Сахьтан аса UTC+1
Бахархой
Бахархой 2 667 435 стаг (2006)
Агломераци 3 761 645
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +234 234-84

web.archive.org/web/20061203025626/http://www.riversstatenigeria.net/index/120-Govt_Project_Pictures.php (ингалс.)
Картан тӀехь
Порт-Харкорт картан тӀехь
Порт-Харкорт

Порт-Харкорт (инг. Port Harcourt, игбо Ugwu Ọcha) — Нигерин Риверс штатан коьрта гӀала, лаьтта Бонни хица Нигер хи хӀордах кхетенехь. ГӀалин бахархой — 1 620 214 стаг (2007), Йоккха Порт-Харкортехь 5,7 миллион гергга вахархо ву.

Порт-Харкорт кхоьллина 1913 шарахь британхоша, ламастехь икверре а, иджо а къаьмнийн кӀошташкахь. Цуьнан цӀе тиллина колонийн гӀуллакхийн пачхьалкхан секретаран виконт Льюис Харкордан сийнна. Йиллина юьхьанца Энугухь боккху кӀоран экспорт ярхьама.

Йоккхачу Порт-Харкортан юкъахь ю тиша европин (тауншип) куьпех а, царна тӀелеттачу масех керла куьпех а лаьтташ йолу ша гӀала Порт-Харкорт а, ткъа иштта меттигера шайн урхалла долу ворхӀ кӀошт а — Окрика, Обио-Акпор, Икверре, Ойигбо, Огу-Боло, Тай, Элеме.

Порт-Харкортера урам

ГӀалахь ю Риверс штатан Пачхьалкхан Университет а, Порт-Харкортан университет а. Ю Дуьненаюкъара аэропорт, шиъ хӀордан порт, шиъ стадион, шиъ мехкдаьттатодаран завод.

ГӀалин бахархой луьста ховшарна 2009 шо долалуш губернатор Chibuike Amaechi куьйгаллехь волу штатан правительствос кхайкхийна керла гӀала йилларан планаш, цуьнан цӀе хир ю Грейта-Порт-Харкорт. Керла гӀала хила еза дуьненаюкъара аэропортан Порт-Харкортан генайоццуш.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]