Чулацаман тӀегӀо

Лом

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Panthera leo тӀера хьажжина кхуза)
Лом
Лев
Боьрша лом Луисвиллера зоопаркхь
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Panthera leo Linnaeus, 1758
Бухара тайпанаш
Хьажа кхин кхузахь
Ареал
сурт
     Йуккъерчу бӀешерашкахь хилла хила тарло ареал      ХӀинцалера ареал
Ларйен статус
Экаман хьолехь ю
Экаме
IUCN 3.1 Vulnerable : / 15951
ХӀара гӀаран файл кхоьллина ю статьян дӀадолоран бух тӀехь верси дӀаязйина хан 2011 шеран 24 апрелехь, оцу терхьал тӀехьа нисдар ца гойту.
хьажа иштта кхин аудиостатьяш

Лом (лат. Panthera leo) — экха декха дийнатийн тайпа, веаннах цхьа векал пантерийн (Panthera) тайпана, цицигаш (Felidae) доьзалера даккхий цицигийн (Pantherinae) бухара доьзалйукъара ду. ЦӀоькъалоьмаца цхьаьна — уггаре доккха хӀинца дехачех цициг, цхьа долчу боьршачу лоьман масса кхача тарло 250 кг[1]. Хала ду ала, деза дуй теша уггаре даккхий лоьмаш, уггаре даккхий цӀоькъа лоьмел, йа дац. Иза доьзна ду, исторехь уггаре йаккхий массаш амуран цӀоькъа лоьмийн лаьрра мелла а нийса йоцуш[2]. Уггаре даккхийчу лоьмийн (масала, берберийн) барамех а, дозаллех а тоъал хаамаш Ӏилманехь бац. Ткъа чудоьхкина дийнаташ дукха хьолахь ийна тайпанаш хуьлу. Ӏилманчашна хетало, чохь кхобу лоьмаш мелла а даккхий хуьлу цӀоькъалоьмел барамца а, дозаллийца а[3]. Лоьман историн ареал хилла дуккха а шуьйра хӀинцалерачул: йуккъера бӀешерашкахь лом хуьлуш хилла йерриг Африкехь, гӀум-аренаш а, тропикан хьаннаш а йоцучохь, иштта иза ган таро хилла Гергара Малхбалехь, Иранехь, цхьаццанхьа къилба Европехь а (масала, иза даьхна хӀинцалерачу Российн къилбан декъехь, хьалакхочуш хилла 45-гӀа къилбаседа параллелашка). Къилбаседа а, Къилбаседа-Малхбузан а ХӀиндехь лом тамашийна хеташ экха а ца хилла. Амма адамо меттиг гатйина, Африкехь лом дисина Саьхьаран къилбехьа, цуьнан ареал хӀинца чӀогӀа гатъелла. Азехь жима популяци йу Гиран хьуьнхахь (хӀиндин штат Гуджарат).

ТӀаьхьарчу плейстоцене кхаччалц, 10 000 шо гергга хьалха, лоьмаш хилла уггаре шуьйра даьржина декха дийнат Дуьнен тӀехь адамал тӀаьхьа[4]. Церан лаьттах йохку даьӀахкаш карийна Африкин доккхаха долчу декъехь, Евразин мехкан тӀехь Малхбуза Европера ХӀинди а, Къилбаседа Америкин Юкон тӀиера Перу кхаччалц[5]. Тархаш тӀе дехкинчу суьртех хиина европин хьехан лом, хилла хилар хӀинцалерачу лоьман бухара кеп.

Лоьман тӀехулара куц ша-кепара ду. Дукха экханаш йац иштта къаьсташа сте-боьршаллин диморфизм йолуш. Боьршаниг стечул доккха хилла ца Ӏаш, кхин а кхес хуьлу, цхьадолчу тайпанин чӀогӀа кхуьу иза белаш, букъан дакъа, накха а къовлуш. Лоьман бос можа-сира тайп-тайпана бесе теӀаш, кхес дукха хьолахь изза беса хуьлу, кхин а таьӀна а, Ӏаьржа а хуьлу. Лоьман бухара кепаш къастало дукхах дерг кхесан бесца. Кхес йоцург, дегӀан тӀиера кхин чо боца бу, цӀоган йуьххьехь беха чо бу.

Лоьмаш деха коьртаниг саваннашкахь, амма наггахь дехьадовла тарло коьллаш йолчу а, хьуьнха а. Кхечу цицигех къаьсташ, уьш цхьацца ца деха, ткъа башха доьзалийн тобанашкахь деха — прайдашкахь. Прайд лаьтта гергарчу стен лоьмех, тӀаьхьенех, масех доккха боьрша лоьмех. Стенаш талла доьлху цхьаьна, алсама йаккхий шибергйолчарна. Лоьмаш адамашна ца толлу цунах болх бина, амма адамаш диина меттигаш сих-сиха хуьлу. Лоьмаш — онда экха, аьлчи а латтайо лакхара меттиг юурган зӀенехь.

Ӏаламехь лоьмаш деха итт – дейтта шарахь, чохь кхобуш ткъа сов шарахь деха. Боьршаниг кӀезиг итт шо сов деха. Цуьнан бахьна, кхечу лоьмашца леташ ницкъ лагӀло церан[6].

Лоьмаш экаме экха ду хӀунда аьлча церан даржаран барам дукха сиха лагӀлуш бу. тӀаьхьарчу ткъа шарахь церан Африкера барам охьабаьлла 30—50 %[7]. Лардеш йоцу меттигел арахьа кхин а экаме ду лоьмаш. ЛагӀдаран бахьна хаддийна Ӏамийна а дац, амма уггаре боккха кхерам — деха Ӏаламан гуо бар а, адамца долу дов а ду. Лоьмаш цӀахь кхаба долийна Руман имперехь дуьйна. Дерриг дуьненан зоопаркаш дакъалоцуш йу хӀаллакхуьлуш долчу азин бухара кеп кхабаран программехь.

Лоьмо дӀалоцу адаман оьздангаллехь коьртачех цхьа меттиг. Оцу дийнатийн суьрташ девза палеолитан заманера дуьйна, цуьнан тешалла ду Ласко а, Шове а хьехаш чуьра тархаш тӀиера суьрташ. Лоьмаш сийлахь дара антикан заманера а, Йуккъера бӀешерийн а заманерачу оьздангаллехь, царна карийна шайн меттиг скульптурехь, суьрташкахь, къоман байракхаш тӀехь, хӀосташкахь, мифашкахь, литературехь, фильмашкахь.

Лоьман цӀе тера йогӀу дукха меттанашкахь, схьадаьлла лору лат. leo[8] а, шир.-желт. λέων[9], ца девзачу хьостера схьаэцна долу[10]. Дуьххьарлера лом Ӏилманехь гайтина шен «Ӏаламан система» балхахь Линней Карла. Шен талламехь авторо билгалдоккху экха «Felis leo»[11] олий. Panthera тайпанан Ӏилманан цӀе схьайаьлла шир.-желт. πάνθηρ — схьаэцна цхьаьна малбален маттара, дуста санскр. पुण्डरीकः (puṇḍárīkaḥ IAST) «цӀоькъалом»[12][13].

Систематика и эволюция

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Лом Panthera тайпана ду, иза доцуш оцу тайпана йукъадогӀу цӀоькъалом, ягуар, леопард. И кеп йуьхьанца дуьйна эволюци йан доладелла Африкехь 800 000 — 1 млн шо хьалха, цул тӀаьхьа даьржина Голарктикан берриг махкахь. Европехь карийна оцу экхан уггаре хьалхара даьӀахкаш, 700 000 шо зама йолуш йу, карийна Италера Изерни гӀалан гергахь, классификаци йина Panthera leo fossilis бухара кеп санна. 300 000 шо гергга хьалха йерриг Европехь а, Сибрехахь а даьхха кхин а доккха хьехан лом (Panthera leo spelaea). Лакхарчу плейстоценехь, Чукоткина а, Аляскина а йукъарчу латтан асана тӀехула, лоьмаш Къилбаседан а, Къилбан а Америке кхечира, тӀаьхьо эволюци хилла америкин лом (Panthera leo atrox) бухара кеп йаьлла[14], цуьнан хӀу дайна тӀаьххьарчу шен муьрехь 10 000 шо гергга хьалха[15]. ХӀу даран шолгӀа бахьна хила тарло плейстоценан мегафауна хӀаллакхилар[16].

Лоьман а, цуьнан коьртачу бухарчу кепийн а хир тарйолуьйту филогении МакКейнаца, Беллца 1997 а, Новакца 1991[17]
 Pantherinae 
 Neofelis 

N. diardi



N. nebulosa



 Panthera 

P. combaszoe



P. (Viretailurus) schaubi



P. (Uncia) uncia [Uncia uncia]



 P. (Panthera) 

P. (?P.) crassidens


 P. (P.) pardus 

P. (P.) p. pardus





 P. (Leo) leo 

P. (L.) l. spelaea



P. (L.) l. atrox



P. (L.) l. leo



P. (L.) l. bleyenberghi



P. (L.) l. krugeri



P. (L.) l. massaicus



P. (L.) l. melanochaitus



P. (L.) l. persica



P. (L.) l. senegalensis





 P. (Tigris) tigris 

P. (T.) t. virgata



P. (T.) t. tigris









Бухара кепаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьалхарчу классификацешкахь ламаст хилла билгалйоккхура лоьмийн 12 бухара кеп, уггаре доккханиг царех хилла барбарийн лом[18]. Цу тӀе дийнатийн коьрта къаьста хьесап лорура доккхаллин бараман а, кхесан а башхаллаш. Амма, амалийн башхаллаш йаккхий ца хиларна, ткъа хӀора бухарчу кепан ареалехь ша-кепара хийцамаш билгалбовларна, тӀаьхьарчу шерашкахь авторш лору оцу бухарчу кепийн дакъа бакъдоцуш[19]. Тахана дукха хьолахь билгалйоккху 8 бухара кеп[15][20], царех цхьаъ, капскан лом (хьалха довзийтина Panthera leo melanochaita санна), боккъала а ша кеп йоцачух тера ду[20]. Африкехь деха лоьмийн митохондрин хийцамаш кӀезиг бу, цуо таро ло Сахьаран къилбехьа деха лоьмийн кепаш цхьаъ бухара кеп лара, уьш йекъа мега шина кладан: Йоккха рифтан атагӀан малхбалехьа цхьаъ, малхбузехьа шолгӀаниг йу уьш. Малхбален Кенера Цаво кӀоштара лоьмаш генетикица догӀу Трансваалан (Къилбан Африкин регион)лоьмашца, ткъа малхбуза Кенера Абердэран лоьмашна гена ду[21][22].

ХӀокху заманан

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ХӀокху заманан (голоценан муьрехь) лору лоьман 8 бухара кеп:

Плейстоценан

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Nowak, Ronald M. (1999). «Walker’s Mammals of the World. Baltimore: Johns Hopkins University Press». ISBN 0-8018-5789-9.(ингалс.)
  2. Дж.С. Слот, Д.Дж. Микелл, Дж.М. Гудрич, И.Г. Николаев, E.Н. Смирнов, Б.О. Шлейер, К. Трейлор-Хольцер, С. Кристи, Т.Д. Аржанова, Дж.Л.Д. Смит, К. У. Карант. КТО ЦАРЬ ЗВЕРЕЙ? ИСТОРИЧЕСКИЕ И СОВРЕМЕННЫЕ ДАННЫЕ О ВЕСЕ ТЕЛА ДИКИХ И СОДЕРЖАЩИХСЯ В НЕВОЛЕ АМУРСКИХ ТИГРОВ В СРАВНЕНИИ С ДРУГИМИ ПОДВИДАМИ.
  3. Clyde Beatty. Which is the king of beasts? // Popular Mechanics. — Oct 1939.
  4. Львы Архивйина 2011-05-13 — Wayback Machine // Семейство кошек.(Хьаьжина 9 мартехь 2011)
  5. Harington, CR (1969). «Pleistocene remains of the lion-like cat (Panthera atrox) from the Yukon Territory and northern Alaska». Canadian Journal Earth Sciences 6 (5): 1277—1288.(ингалс.)
  6. Smuts, G.L. Lion. — Йоханнесбург: Macmillian South Africa (Publishers)(Pty.) Ltd.., 1982. — С. 231. — ISBN 0-86954-122-6.
  7. 1 2 Кеп:IUCN
  8. Simpson DP. Cassell's Latin Dictionary (5th ed.). — L.: Cassell Ltd.., 1979. — С. 342. — ISBN 0-304-52257-0.(ингалс.)
  9. Liddell, Henry George Scott, Robert. A Greek-English Lexicon (Abridged Edition). — Великобритания: Oxford University Press, 1980. — С. 411. — ISBN 0-19-910207-4.(ингалс.)
  10. Frisk H. Griechisches etymologisches Wörterbuch. — Carl Winter’s Universitätsbuchhandlung. — Heidelberg, 1960. — Т. 2. — С. 113.
  11. Карл Линней. Systema naturae per regna tria naturae :secundum classes, ordines, genera, species, cum characteribus, differentiis, synonymis, locis. — 1758. — С. 41.(лат.)
  12. Frisk H. Griechisches etymologisches Wörterbuch. — Carl Winter’s Universitätsbuchhandlung. — Heidelberg, 1960. — Т. 2. — С. 471.
  13. Douglas Harper. Panther.(ингалс.)
  14. Turner, Allen. The big cats and their fossil relatives : an illustrated guide to their evolution and natural history. — N. Y.: Columbia University Press, 1997. — ISBN 0-231-10229-1.(ингалс.)
  15. 1 2 Burger, Joachim: 841—849. «Molecular phylogeny of the extinct cave lion Panthera leo spelaea» (инг.) (2004 шеран март). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 26 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь Архивйина 2011-08-09 — Wayback Machine
  16. Harington, CR. American lion. — Yukon Beringia Interpretive Centre website.(ингалс.)
  17. After McKenna & Bell, 1997, with recent species from Nowak, 1991 (инг.). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 6 октябрь. Архивйина 2011 шеран 18 августехь
  18. Barbary Lion—Panthera leo leo—Largest Lion Subspecies (инг.). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
  19. Grisham, Jack. Encyclopedia of the World's Zoos. — 2001. — P. 733—739. — ISBN 1-57958-174-9.
  20. 1 2 3 Barnett, Ross, Nobuyuki Yamaguchi, Ian Barnes and Alan Cooper. «Lost populations and preserving genetic diversity in the lion Panthera leo: Implications for its ex situ conservation». — С. 507—514.
  21. Barnett, Ross; Yamaguchi, Nobuyuki; Barnes, Ian; Cooper, Alan. The origin, current diversity and future conservation of the modern lion (Panthera leo) // Proceedings of the Royal Society B: Biological Sciences. — 2006. — Т. 273, вып. 1598. — С. 2119—2125. — DOI:10.1098/rspb.2006.3555.
  22. Dubach, Jean; Patterson, B. D.; Briggs, M. B.; Venzke, K.; Flamand, J. ; Stander, P. ; Scheepers, L.; Kays, R. W. Molecular genetic variation across the southern and eastern geographic ranges of the African lion, Panthera leo // Conservation Genetics. — 2005. — Т. 6, вып. 1. — С. 15—24. — DOI:10.1007/s10592-004-7729-6.
  23. Asiatic Lion—History (инг.). Asiatic Lion Information Centre. Wildlife Conservation Trust of India.. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
  24. Nowell K, Jackson P. Wild Cats: Status Survey and Conservation Action Plan (инг.). IUCN/SSC Cat Specialist Group. С. 17—21 (1996). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь