Нобелин совгӀат

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
1945 шарахь Александр Флеминган елла Нобелин медаль
Альфред Нобель

Нобелин совгӀат (швед. Nobelpriset, инг. Nobel Prize) — дуьненахь уггара ларамечарах Ӏилманан талламех, революцин кхоьллинаргах, культуре я юкъараллин кхиамане дилларах халкъашна юккъера совгӀат.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Альфред Нобель вина 1833 шаран 21 октябрехь Стокгольмехь (Швеци), инженерийн хӀусамехь[1]. Иза вара химик а, инженер а, кхоллархо а. 1894 шарахь Нобельс ийцира металлургически концерн Бофорс. Цунах Нобельс йира йоккха герз деш йолу завод. Шен дахарехь Нобельс шортта ахча деккхира. Оцу ахчанех доккха дакъа дара цо кхоллинаргчарех деккхинарг. Цуьнан кхоьллинаргех уггара евзуш ерг ю динамит[2][3].

1883 шарахь Россиехь велира Нобелин ваша Людвиг. Репортёрийн гӀалат бахьнехь газеташкахь яздинера велларг Альфред Нобель ву аьлла. Статьян цӀе яра «Валаран йохкархо велла». ТӀаккха Нобель ойла йира ша нахан муха цӀе йоккхуш дагавохур ву. И ойла йича цо шен весет хийцира[4]. 1896 шаран 10 декабрехь Альфред Нобель велира шен Сан-Ремохь йолу виллехь (Итали) хьенчу цӀий хьаьдда[5].

Альфред Нобельс 1895 шаран 27 ноябрехь хӀоттина весет кхайкхинера 1897 шаран январь баттахь[6][7]:

Нобелин весет

«Са берриг дӀасабакхалун а, дӀасацабакхалун а бахам бохка беза. Иштта деккхина ачха тешаме банкан чудилла деза. Оцу ахчанех баьлла пайда фондан долахь хила беза. Оцу фондас хӀора шарахь и ахча доькъур ду совгӀатийн кепехь дӀадагӀанчу шарахь адамаллан алсама пайда бинчу нахан… И ахча декъа деза пхеа декъан. И дакъош ду билгалдехна: цхьа дакъа — физикехь уггар лараме гучудаккхар я кхоллинарг диначун; шозлугӀа — химехь уггар лараме гучудаккхар я шардар диначун; кхозлугӀа — медицинехь я физиологехь уггар лараме гучудаккхар диначун; деулгӀа — литературехь уггар лараме идеалистически агӀонан произведени кхоьллинчуна; пхеулгӀа — нехан барт чӀагӀбаран а, лолла дӀаяккхаран а, я долуш долу эскарийн дукхалла жимъяран а, машаран конгрессаш хилитаран а уггар доккха гӀуллакх диначун… Суна къаьстина чӀогӀа лаьа совгӀаташ луш кандидатийн къам тидаме ца эцар…»

Дуьххьара дӀа оцу весетех дукха нах тешаш бацар. Нобелин дукха гергара нах бара и весет харц ду аьлла сацам бан беза бохуш. 1897 шаран 26 апрелехь иза Норвегин Стортингас чӀагӀдира[8]. Нобелин лаам кхочуш беш болу секретарь Рагнар Сульманс а, адвокат Рудольф Лилеквистс а кхоьллира Нобелин Фонд. И фонд яра совгӀаташ декъаран кечам бан безаш[9].

Нобелин машаран совгӀат даларан жоп луш хилира Норвегийн Нобелин комитет. Цуьнан декъашхой хӀоттабинера 1897 шаран апрелехь. Цхьа хан ялча кхидолу совгӀаш доькъуш йолу организациш билгалъехира. 7 июнехь Каролински институт хилира медицинан а, физиологин а Нобелин совгӀат декъарна жоьпехь. 9 июнехь Швецийн академин елира бакъо литературан Нобелин совгӀат деккхинарг билгалваккха. 11 июнехь Швецин паччахьан Ӏилманийн академи хилира физикан а, химин а совгӀаташ доькъушъерг[10]. Ахча леладархьам а, Нобелин совгӀаташна кечам барна а 1900 шаран 29 июнехь кхоьллира Нобелин фонд[11].

Нобелин фондехь барт бинера совгӀаташ даларна коьрта принципашна. 1900 шарахь устав къобал йира Норвегин паччахьо Оскар II[12]. 1905 шарахь Швецин а, Норвегин а уни юхира. Оцу хенар дуьйна Норвегин Нобелин комитетас къаставо Нобелин машаран совгӀат догӀуш верг. Кхидолу совгӀаташ доькъуш ю Швецин организациш[8].

СовгӀатан бакъонаш[нисъе | нисъе чухулара]

СовгӀаташ луш йолу бакъонаш юцуш коьрта документом ю Нобелин фондан статут.

СовгӀат луш ду адамашна, организацишна и далар дихкина ду (машаран совгӀат доцург).

Цхьана цхьан я шин белхан совгӀат дала йиш ю, амма совгӀат кхаьчна стаг кхаал сов хила йиш яц[13]. И бакъо 1968 шарахь бен юкъяккхина ца хиллехь а, иза даимна кхочуш яш яра[14]. Иштта меттахь ахча доькъа хьалха белхашан юккъехь, тӀаккха белхалойн юккъехь. Масала, шина тайп-тайпан гучудаккхаран совгӀат луш хенахь, царех цхьа гучудаккхар шиммо динехь, тӀаьххьарчун кхочу ахчан 1/4 дакъа. Нагахь санна цхаь гучудаккхар шиммо я кхааммо динехь, ахча массарна а цхьатерра доькъу (1/2 я 1/3 дакъа).

Нобелин совгӀат веллачул тӀехь яла йиш яц. Амма, и совгӀат даларан сацам беш хенахь кандидат дина хиллехь а, совгӀат далале иза веллехь а, совгӀат цунна догӀуш ду[13]. И бакъо хӀоттира 1974 шарахь. Цул хьалха совгӀат шозза делла кандидат веллачул тӀехь: 1931 шарахь Эрик Карлфельдтан а, 1961 шарахь Даг Хаммаршёльдан[15]. 2011 шарахь и бакъо йохира. Ральф Стейнманан делира физиологин а, медицинан а Нобелин совгӀат. Иза хиллера совгӀат даларан сацам беш хенахь нобелин комитет и дина лоруш хилара бахьнехь[16].

СовгӀат цхьанне а ца луш хила тарло, нагахь санна комитетан декъашхойн хьалхатеттина белхаш юккъехь цхьаа и совгӀат догӀуш болх ца каринехь. Иштта меттехь и ахча чохь сацадо керла шо кхаччалц[13].

Нобелин совгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

Нобель весетехь пхеа агӀонан бен ахча далар билгалдеккхина дац:

Тайп-тайпана пачхьалкхашара Нобелин совгӀатхойн дукхалла

Царел совнах, 1969 шо дуьйна Швецин банкан дӀадоладаранца хӀоттина Нобелин цӀарах экономикан совгӀат. Иза луш ю вукха совгӀатийн бакъонашца цхьатерра. ТӀаьхьо Нобелин фондан куьйгалхош сацам бинера кхи керла совгӀаташ юкъа ца даккха.

СовгӀатхо вист хила веза «Нобелин мемориалан лекцица». И лекци тӀехьа Нобелин фондас леррина арахецна йолу том чохь зорбан тӀе йоккху.

Нобелин совгӀатан барам[нисъе | нисъе чухулара]

Нобелин фонд кхоьллинера 1900 шарахь долахь йолу лааме пачхьалкхан йоцу организаци санна. Цуьнан хьалхара капитал яра 31,6 млн Швецин крона (таханлерачу мехашкахь иза ду 1,65 млрд крона), долларшка деккхича (2012 шаран августан курсаца) — 250 млн доллар гергга. СовгӀатхошна совгӀаташ лора деза кехаташ леладаран тӀекхетта проценташах.

Хьалхара совгӀаташ дара 150 000 крона (2009 шаран мехашца 7,87 млн крона). 2009 шарахь фондан капитал ю 3 млрд 112 млн Швецин крона (450 млн АЦШ $ гергга). СовгӀат ду 10 млн Швецин крона[17]. Иза ду 1,4 млн АЦШ $ гергга.

  • 1992 шарахь — 1,04 млн АЦШ $
  • 2000 шарахь — 0,9 млн АЦШ $
  • 2003 шарахь — 1,34 млн АЦШ $
  • 2004 шарахь — 1,46 млн АЦШ $
  • 2005 шарахь — 1,25 млн АЦШ $
  • 2006 шарахь — 1,45 млн АЦШ $
  • 2007 шарахь — 1,56 млн АЦШ $
  • 2008 шарахь — 1,25 млн АЦШ $
  • 2009 шарахь — 1,45 млн АЦШ $
  • 2010 шарахь — 1,5 млн АЦШ $[18]
  • 2011 шарахь — 1,4 млн АЦШ $.

2012 шарахь Нобелин совгӀат жимделира 20 % — 1,1 млн доллар. И сацам бинера 2012 шарахь Нобелин фондан директорийн советан гуламехь. Фондан куьйгалхош ма-аллара, совгӀатан барам жимбар бахьнехь фондан йиш хира ю фондан капитал жим ца ялийта. Фондас схьадийцарехь, «капитал лело деза совгӀат йист йоцуш дала йиш хилита». «Нобелин фонд жоьпехь ю совгӀатан барам еха хенахь жим ца болуьйтург» — элира фондан директорс Ларс Хайкенстен. ТӀаьххьарачу заманехь капитал лелийча хуьлуш болу пайда ца тоьара совгӀатан ахчан дакъа даларан, церемони йича хуьлуш йолу харж меттахӀоттаян а, администраци латта ян а. Цундела ахча массо да деза гӀуллакхан тоита, совгӀатан барам жим дарал сов, кхиболу харжаш жима бийра бу аьлла[19].

СовгӀат даларан кеп[нисъе | нисъе чухулара]

СовгӀат далар[нисъе | нисъе чухулара]

СовгӀат далале хаьлха шортта болх бан беза. И болх беш ю дукха организациш деррига а дуьненахь. Октябрехь массо а совгӀатхо билгалвоккху а, кхайкхаво а. ТӀаьххьара совгӀатхойн харжам бо Швецин паччахьан Ӏилманийн академис а, Швецин академис а, Каролински институтан Нобелин ассамблейс а, Норвегин нобелин комитетас а. СовгӀат далар хуьлу хӀора шарахь 10 декабрехь, шина пачхьалкхан коьрта гӀаланашкахь — Швецин а, Норвегин а. Стокгольмехь физикан а, химин а, физиологин а, медицинан а, литературан а, экономикан а совгӀаташ ло Швецин паччахьо. Машар Ӏалашбаран совгӀат ло Норвегин нобелин комитетан председательс Ослохь, гӀалан ратушехь, уллехь Норвегин паччахь а, цуьнан доьзал а болуш. Ахча доцург, совгӀатхошна луш ю цера сурт тӀехь долуш медаль а, диплом а.

Хьалхара Нобелин банкет хилира 1901 шаран 10 декабрехь хьалхара совгӀат деллачу хенахь. Тахана банкет хуьлу гӀалан ратушан Сийна зал чохь. Банкете кхойкху 1300—1400 стаг. Кхайкхинчарна тӀехь фракаш а, суьйранна юхуш йолу кучамаш хила еза. Меню хӀоттош дакъа лоцу «Ратушан ор» чуьра кхачанхой (иза ю ратушан уллехь йолу ресторан) а, «Шеран кхачанхо» цӀе яккхина кулинараш а. Сентябрехь кхаа тайпан менюн чам боккху Нобелин комитетан декъашхош. Цара хоржа тӀаьххьара меню. Десертан луш даимна морожени хуьлу, амма иза схьаяллалц ца хаьа иза муьлха тайпан хира ю[20][21].

Нобелин банкетан лелош хуьлу леррина кхоьллина дизайн йолуш сервиз а, столтӀетосург а. ХӀора столтӀетосурган тӀехь сонехь диллина ду Нобелин сурт. ПхегӀаш куьйга йина ю: бошхепан йистехула Швецин ампиран кхаа беса сизнаш дехкина ду — сина а, баьццара а, деши а. Оцу бесашкахь куц дина бу хрусталин фужеран ког[20]. Банкетийн сервиз леррина яйтина ю 1,6 млн доллар делла Нобелин совгӀатийн 90 шо кхачаран 1991 шарахь. Цунна юкъахь ю 6750 бокал а, 9450 урс а, мӀара а, 9550 бошхап а, цхьа чашка а. ТӀаьххьараниг ю принцесса Лилианина йина. Цо кофе ца молу. Чашка ю леррина дина принцессин монограмма тӀехь йолу хаза гӀутакх чохь латтош. Оцу чашкан бошхап лачкъадина[22].

Стоьлаш нисйо математикан нийсонца. Зал кечйо Сан-Ремора деана 23 000 зезагца. Массо а официантан меттаххьер ду секундомерца нисдина. Масала, морожени чуяран нисса кхо минот лоца хьалхара официант гучувелар дуьйна тӀаьххьарниг шен метте дӀахӀотталц. Кхоьчу яахӀуман араяккхаран нисса ши минот оьшу[20].

10 декабрехь нисса 19 сахьт даьлча сийлахь хьеши коьртехь паччахь а, цуьнан зуда а болуш ламин тӀехула чубуьсса Сина залчу. Цигахь массо а кхайкхинарш Ӏаш хуьлу. Швецин паччахьас куьг лаьцна югу Нобелин совгӀат делла зуда. Иштта зуда яцахь, цо югу Нобелин совгӀатхон зуда. Хьалхара тост олу паччахьан сий деш, шозлугӀа — Альфред Нобель дагавоуьтуш[20]. ТӀаккха менюн къайле гучуйоккху. Меню язъяш хуьлу кегий йозанца хӀора меттахь йолу карточканаш тӀехь. Оцу карточкаш тӀехь хуьлу Альфред Нобелин сурт дашон дагарца[21]. Яа хӀума юуш эшараш лоькхуш хуьлу — кхойкхуш хуьлу гӀарбевла музыканташ. Царна юкъахь бара Мстислав Леопольдович Ростропович а, Магнус Линдгрен а (2003 шарахь)[20].

Банкет чекхйолу тӀехь «N» элпан кепехь монограмма-вензель а йолуш морожни араяккхарца. 22 сахьт 15 минот ялча паччахьо хаам бо хелхараш дӀадоларан ратушан Дашо залчохь. 1 сахьт 30 минот ялча хьеший дӀасакъеста.

1901 шо дуьйна менюхь хилла кхачанашна заказ яло Стокгольман ратушан ресторанехь. Иштта делкъанан кхачан мах бу 200 доллар ца кхочуш. ХӀора шарахь цера заказ йо 20 эзар стагас. Массарелла а гӀаръялла хӀора шарахь хуьлу тӀеххьара нобелин банкетан меню.

Нобелин концерт[нисъе | нисъе чухулара]

Но́белин конце́рт — иза ду Нобелин совгӀат даларан кхаа декъах цхьаъ. Важа шиъ ду совгӀаташ далар а, нобелин банкет а. Иза лоруш ю музыкин шеран Европехь коьртачарехь а, Скандинавин коьрта а музыкин хилларг. Оцу концертехь дакъа лоцу массарелла а бевзуш болу таханлера классикан музыканташ. Ма-дарра аьлча, Нобелин концерт шиъ ю: цхьаъ хуьлу хӀора шарахь Стокгольмехь 8 декабрехь, шозлугӀа — Ослохь машаран Нобелин совгӀат лучу хенахь.

Нобелин совгӀатан эквиваленташ[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏилман дукха агӀонаш йисина Нобелин совгӀатан тергам ца хьакхалуш. Нобелин совгӀатан довзаран а, сийлаллийн а, кхочу Ӏилманийн силахь лоруш долу совгӀатех «Нобелин» совгӀаташ олу.

Математика а, информатика а[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьххьара Нобельс математика юкъаяхийтир совгӀаташ луш долу Ӏилманийн юкъа. Амма тӀехьа цо иза юкъара дӀаяккхира, цуьнан метте машаран совгӀат яздеш. Бахаьан билгал хууш дац. Оцу хӀуман бахьанаш дуьцуш дукха хӀумнаш ду, амма уьш чӀагӀдеш факташ къезга ю[23].

Дукха хьолехь оцуьна баьхке во цу хенахь хилла Швецин тоьлла математик Магнус Гёста Миттаг-Леффлер[24]. Иза Нобелин цхьан хӀуманна ца везна бах. Оцу бахьанашна юккъехь дуьйцу математик Нобелин нускалан тӀехьийзар а, цо Стокгольман институтан ахча тӀехь чӀогӀа дехар а. Цу хенахь Швецин коьрта математик хилар бахьнехь, Миттаг-Леффлер вара Нобелин совгӀатан коьрта кандидат.

Кхиъ цхьа хӀума ду дуьйцуш: Нобелин нускал Анна Дезри маре яхара Франц Лемаржега. Франц вара дипломатан кӀант. Иза цу хенахь математик хила гӀертара[25].

Нобелин фондан кхочушдаран комитетан директорас ма-алара: «архивашкахь оцунах лаьцна цхьа дош дац. Схаьхетарехь, Нобелин математикица бала ца хилла. Цо шен ахча дитна шен хуучу агӀонашна»[26]. Цундела и массо а дийцараш дийцараш бен дац.

Математикехь Нобелин совгӀатан «эквивалент» ю Филдсан совгӀат а, Абелин совгӀат а, информатикехь — Тьюринган совгӀат.

Экономика[нисъе | нисъе чухулара]

Экономикан Нобелин совгӀат олу экономикин Ӏилманийн Швецин Банкан совгӀатех. И совгӀат хӀоттира Швецин Банкас 1969 шарахь. Вукха Нобелин совгӀатех башха, оцу совгӀатан ахча Швецин Банкас ло. Цундела и совгӀат Нобелин совгӀат ларар нийса дац. Экономикан Нобелин совгӀат кхайкхаво 12 октябрехь. Массо а совгӀат даларан церемони хуьлу Стокгольмехь 10 декабрехь.

Исбаьхьалла[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀора шарахь Японин принц Хитачи, сийлахь Японин исбаьхьаллин ассоциацин доладийриг, ло пхиъ «Императоран совгӀат». Цара меттахӀоттайо Нобелин совгӀатан номинацишкахь юкъара кхачамбацар. СовгӀатан луш ю леррина кхоьллина медалаш а, дипломаш а, ахчан совгӀаташ а пхеа исбаьхьаллин тайпанехь: суьрташ дахкар а, скульптура а, архитектура а, музыка а, театр я кино а. Луш долу ачхан совгӀат ду 15 млн йен. Иза нислуш ду 195 эзар доллар.

СовгӀатан критика[нисъе | нисъе чухулара]

Весетца нийса ца хилар[нисъе | нисъе чухулара]

Нобелин весетца, совгӀат дала деза цхьа шо хьалха дина гучудаккхарна а, кхоьллинаргана а, кхиамашна а. Иза кхочуш деш дац. Масала, Жорес Алфёровна цо 1970-гӀа шерашкахь дина гучудаккхарна совгӀат 30 шо сов хан ялча делира.

Ӏаламан Ӏилманийн совгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

Цхьаболу Ӏилманчаш бина балхан нахан мах хаале леш ву. Иштта совгӀаташ цхьана Ӏилманийн школашна даларна Ӏедал гучуделла.

Гуманитарни совгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

Литературан совгӀаташ яларан бахьанаш кхайкхина барамашца йогӀуш ца хилар дуьйцуш ду XX бӀешо доладелча дуьйна[27].

Масийттуза совгӀат далар[нисъе | нисъе чухулара]

СовгӀаташ (машаран совгӀаташ доцург) цхьа бен дала йиш яц. Амма цхьаболчу нахан шозза делира уьш:

Организациш[нисъе | нисъе чухулара]

Нобелин совгӀат исбаьхьаллехь[нисъе | нисъе чухулара]

  • 2008 шаран 13 сентябрехь Днепропетровскан экономикан а, бакъонан университетехь хьайиллира мемориалан билгало[28]Планета Альфреда Нобеля. Билгало ю мокхазан монумент. Цунна тӀехь ду дуьне латтош долу куьг. Гонах бу тӀемаялла зудчуна тӀеха хьийзаш йолу юх. Иза ю Ӏилманийн а, хьекъалан а малик. Дуьненан тӀехь ю 802 Нобелин совгӀатхон барельефаш. И барельефаш йина тӀеман стратегически ракеташ утилизаци яш беккхина лаламех[29].
  • 2012 шарахь араелира Швецин режиссёран Петер Флинтан фильм «Нобелин тӀаьххьара весет» (инг. Nobels testamente). Цуьнан чулацам бу Нобелин совгӀат луш хенахь стаг вер гонах хьийзаш.

Шнобелин совгӀат[нисъе | нисъе чухулара]

Шно́белин совгӀат, Игнобелин совгӀат, Антинобелин совгӀат (инг. Ig Nobel Prize) — Нобелин совгӀатан пароди. Итт Шнобелин совгӀат ло октябрь болалучу хенахь, боккъула Нобелин совгӀатхой кхайкхош хенахь, — цкъа хьалха велавеш, тӀаккха ойла йойтуш кхиамашна (first make people laugh, and then make them think). СовгӀат кхоьллина Марк Абрахамсас а, «Хила йиш йоцу талламийн анналаш» цӀе йолу беламе журналас а.

Нобелин совгӀаташ делла нах[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Levinovitz, Agneta Wallin . — 2001. — P. 5.
  2. Levinovitz, Agneta Wallin . — 2001. — P. 11.
  3. Кеп:ВТ-НЭС
  4. Golden, Frederic. The Worst And The Brightest, Time magazine, Time Warner (16 October 2000). Хьаьжна 9 апрель 2010.
  5. Sohlman, Ragnar . — 1983. — P. 13.
  6. Журнал «Компьюарт». Календарь знаменательных дат. Николай Дубина
  7. От динамита до «Виагры». Коммерсантъ. Архив йина хьалхара хьастачура 9 август 2012. Теллина 28 июнь 2012.
  8. 1 2 Levinovitz, Agneta Wallin . — 2001. — P. 13–25.
  9. Abrams, Irwin . — 2001. — P. 7–8.
  10. Crawford, Elizabeth T. . — 1984. — P. 1.
  11. Levinovitz, Agneta Wallin . — 2001. — P. 14.
  12. Agence France-Presse Alfred Nobel's last will and testament. The Local (5 October 2009). Архив йина хьалхара хьастачура 9 август 2012. Теллина 11 июнь 2010.
  13. 1 2 3 Statutes of the Nobel Foundation. Нобелевский фонд. Архив йина хьалхара хьастачура 26 октябрь 2012. Теллина 2 октябрь 2012.
  14. What the Nobel Laureates Receive. Нобелевский фонд. Архив йина хьалхара хьастачура 26 октябрь 2012. Теллина 2 октябрь 2012.
  15. Nomination FAQ. Нобелевский фонд. Архив йина хьалхара хьастачура 26 октябрь 2012. Теллина 2 октябрь 2012.
  16. Канадский ученый станет лауреатом Нобелевской премии посмертно, Lenta.ru (3 октябрь 2011). Хьаьжна 5 апрель 2012.
  17. Денежный эквивалент Нобелевской премии. Справка
  18. Динамика кросс-курса Шведской кроны к Доллару США. Справка (ТӀе цакхочу хьажорг 15-05-2013 (558 де) — истори)
  19. [ИТАР-ТАСС 12 июня 2012. Размер Нобелевской премии уменьшился… http://www.itar-tass.com/c17/444471.html]
  20. 1 2 3 4 5 Кулинарная энциклопедия КМ
  21. 1 2 Нобелевская премия. — Захаров; Москва. — 2007. — С. Глава 1.
  22. Мир русских гостиниц
  23. Свен Ортоли, Никола Витковски Любимая женщина Альфреда Нобеля // Ванна Архимеда: Краткая мифология науки. — Москва: Колибри, 2007. — ISBN 978-5-98720-046-9
  24. Математика: 85 лет без Нобелевских премий. Архив йина хьалхара хьастачура 4 июль 2012. Теллина 7 март 2012.
  25. История Нобелевской премии. Российская Газета. Теллина 7 март 2012.
  26. Страсти по Нобелю: "РГ" побывала в штаб-квартире Нобелевского фонда. Российская Газета. Теллина 7 март 2012.
  27. Нобелевский миф
  28. Знак Альфред Нобелин планета
  29. Памятник нобелевским лауреатам «Планета Альфреда Нобеля»

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png