Масар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Масар
Rupicapra eating.jpg
Ӏилманан классификаци
Халкъашна юккъера Ӏилманан цӀе

Rupicapra rupicapra (Linnaeus, 1758)

Ареал

сурт

Ларяран статус
Wikispecies-logo.svg
Викихаамашкара
систематика
Commons-logo.svg
Суьрташ
Викигуламехь
ITIS   625159
NCBI   34869
EOL   331073

нох. Масар (оьрсаша оьрс. Серна олу). Цуьнан дегӀан дохалла 125-135 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. ГӀорта еха ю, корта жима бу. ЦӀога доца ду. Лергаш деха ду. МаӀаш Ӏаьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш цӀеххьана тӀиэхьа йирзина а ю. Стечу масаран маӀаш кегийро ю. Масаран бос таьӀно хьаьрса бу. КӀесаран кӀог тӀера букъ тӀоьхула Ӏаьржа сиз доьду. Шина а агӀор белаш тӀера чукӀела кхаччалц Ӏаьржа томмагӀа ду цуьнан. ЧукӀело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера кӀай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц Ӏаьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.

  • Ӏай масаран бос хийцало. КӀесаран кӀаг а, тӀоьхулара гӀорта а, чукӀелара а, тӀиэхьа пӀендаршкара а хьаьрса, пханаршкара Ӏаьржа хуьлу иза, Ӏаьнан заманчохь. Чо морса а, беха а, буькъа а бу цуьнан. Ӏай кхин а бах а ло, букъ а ло цуьнан чо.
  • Юккъерчу а, Къилбехьарчу а Европан лаьмнашкахь хуьлу масарш, масала Пиринера Балкане а, Карпате а, Жимахчу Азе а, Кавказе а кхаччалц. Кавказийн ламанийн лакхарчу даккъашкахь бен хуьлуш яц уьш.
  • Акха гезарий санна, ламанан даккъашкахь, мокхазан, тӀулган бердашкахь, ламанан басошца цанашлахь ежа уьш. Ӏай диттийн чӀенигаш, синтарш бецан гӀовданаш йоу цара. Аьхка Ӏуьйранний, сарахь ежа уьш. Реманаш йой лела уьш. Ӏай ламанийн даккъаш тӀера хьуьн чу охьайогӀу уьш. Апрель-май баттахь ехка. Боьхьиг цхьацца йо цара, наггахь шишша а йо.
  • Уьш кӀезиг ю вайн махкахь. Цундела уьш яйар дихкина ду.

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Вайн махкан акхарой

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]