Шарауди́н Успахаджи́евич Дуда́ев — нохчийн футболит, ССРС спортан говзанча, тренер. Цо чекхйаьккхира Малаховкехь йолу тренерий школа. Цо 1957 шарахь Ригехь хилла йолу Йерригсоюзан дешархойн спартакиадехь дакъа лецир. 1958—1962 шерашкахь иза левзира Юккъарчу Азера футболийн клубашках. 1963—1968 шерашкахь иза левзира «Терек» (Соьлжа-ГӀала) клубехь. 1970—1985 шерашкахь «Терекан» тренер.
Спорт Нохчийчоь Адамаш