Чулацаман тӀегӀо

Умаров, Мовлди Абдул-Вахабович

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Умаров Мовлди Абдул-Вахабович
Вина терахь 1921 шеран 29 январь({{padleft:1921|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})
Вина меттиг Жима АтагӀа, Нохчийн халкъан округ, Ламанхойн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 1943 шеран 11 февраль({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (22 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх ССРС СССР
Эскаран тайпа пехота
Дарж лакхара лейтенант
Куьйгалхо рота
ТӀемаш
СовгӀаташ
  • Российн Федерацин Турпалхо
    Российн Федерацин Турпалхо
    (1996 шо)
  • ЦӀен Байракхан орден

Мовлди́ Абдул-Ваха́бович Ума́ров (1921 шеран 29 январь, Жима АтагӀа, Нохчийн халкъан округ, Ламанхойн АССР, РСФСР, СССР — 1943 шеран 11 февраль, Скучарево, Смоленскан область, РСФСР, СССР) — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, лакхара лейтенант, гӀашлойн ротан командир (7-гӀа гвардин гӀашлойн корпус, Малхбузера фронт), Российн турпалхо.

Мовлди Умаров винера 1921 шеран 29 январехь Жима АтагӀахь (Нохчийн Республикин Шелан кӀошт) ахархон доьзалехь. Цо чекхйаьккхира юртара школа а, Соьлжа-ГӀалахь «ЦӀен варзб» заводехь йолу ФЗУ школа а, Серноводски хьехархойн техникум а (1939 шо). Техникум чекхйаьккхинчул тӀаьхьа иза оцу техникуман хьехархо хилира.

1939 шарахь иза арме дӀакхайкхира. Иза Архангельске гӀашлойн полке дӀавигира. Цо дакъа лецира советско-фински тӀамехь 1939—1940 шерашкахь. ТӀом чекхбелча цунна лиира эпсар хила. Цундела иза Ленинградан гӀашлойн а, куьйгаллин а училище дӀахьажира.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелча дуьна иза фронтехь вара. Иза вара ротан командиран политически белхан когаметтаниг. Кеста цунна лакхара лейтенантан цӀе а йелира, куьйгалла дан рота а йелира. Иза вара Смоленскан уллехь тӀом беш. 1943 шеран 13 январехь цунна ЦӀен Байракхан орден йелира.

1943 шеран 11 февралехь Умарован рота йара Скучарево юртан уллехь шайн меттиг ларйаш. ЧӀогӀа йаккхи тоьпаш йиттинчултӀехь мостагӀаш тӀелетира. Умаровас немцойн улле тӀебахкита элира салташка. Цуьнан омарца салти немцойн тӀе герз детта болабелира. Хьалха богӀуш болу мостагӀи массо а хӀаллак бинера. Амма тӀаьхьа богӀучера окопаш чулелха ларийра. Мовлди, шен йина шиъ чов йолушехь, куьг лазина долушехь, салташ шена тӀаьхьахӀоттина тӀелетира немцошна. 100 сов мостагӀ хӀаллаквира оцу динахь, амма Мовлди ша а велира.

1943 шеран 18 февралехь иза Советски Союзан турпал цӀе йаларна дӀавелира. Амма и цӀе цунна 53 шо даьлчи бен ца йелира. 1996 шеран 16 маехь цунна йелира Российн турпалан цӀе веллачултӀехь.

Иза дӀавоьллина Смоленскан областан Глинковски районан Матрёнино юртехь.

Цуьнан юртахь цуьна цӀе тиллина цхьана ураман.