ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
- Жумалаева, Лула Изнауровна (1960 шеран 18 февраль) — йаздархо, поэтесса, публицист, гочдархо, «Нана» журнал кхоьллинарг а, куьйгалхо а, Нохчийн Республикин йаздархойн бертан декъашхо, Нохчийн Республикин оьздангаллин Сийлахь белхало, Нохчийн Республикин Сийлахь журналист, Россин журналистийн бертан декъашхо, Нохчийн Республикин журналистийн бертан куьйгалхон декъашхо, ПЕН-клубан декъашхо.
- Микеланджело (1475 шеран 6 март — 1564 шеран 18 февраль) — гӀараваьлла Италин скульптор, художник, архитектор, поэт, философ. Дендалар муьрахь хилла гӀарваьлла говзанча.
- Тамерлан (1336 шеран 9 апрель — 1405 шеран 18 февраль) — Азин а, Кавказан а, Россин а исторехь доккху дакъа лаьцна Юккъерачу Азера даккхархо, гӀарваьлла баьчча, 1370 шарахь дуьйна эмир. Самарканд коьрта гӀала йолу Тимуридан империн а, некъийн а бухбиллинарг.
- Лютер, Мартин (1483 шеран 10 ноябрь — 1546 шеран 18 февраль) — керста динан Ӏилманча, Реформаци дӀайолинарг, Библи немцойн матте йаьккхинарг.