Сантос Лус, Элен Кристина

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Элен Кристина Сантос Лус
порт. Helen Cristina Santos Luz
Карьера чекхйаьккхина
Позици Ловзар дӀахьошйолу турсло / ТӀелета турсло
Локхалла 175 см
Йозалла 65 кг
Гражданалла  Бразили
Йина терахь 1972 шеран 23 ноябрь({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (51 шо)
Йина меттиг Арасатуба, Бразили

Командаш
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Сидней 2000 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Австрали 1994
Панамерикин ловзарш
Борза Доминикин Республика 2003
Америкин чемпионаташ
Дети Бразили 1993
Деши Бразили 1997
Деши Бразили 2001
Деши Бразили 2009
Къилба Америкин чемпионат
Деши Колумби 1991
Деши Боливи 1993
Деши Чили 1997
Деши Бразили 1999
Деши Колумби 2005
Деши Парагвай 2006
Деши Чили 2010
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Элен Кристина Сантос Лус (порт. Helen Cristina Santos Luz; йина 1972 шеран 23 ноябрехь, Арасатубехь, Сан-Паулухь, Бразили) — бразилин баскетболхо, левзина ловзар дӀахьошйолу турслочун йа тӀелета турслочун амплуахь. Баскетболех ловзаран Бразилин зударийн гулйина командин йукъахь дукхаха болчу дуьненайукъара къовсамийн масийттаза совгӀатхо. 1994 шеран дуьненан чемпион, 2000 шеран Олимпиадин борзанан совгӀатхо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Элен Лус йина спортан доьзалехь, цуьнан да хилла баскетболан тренер, ши йиша а иштта баскетболан профессионалан ловзархо йара. Иза оцу спортах ловза Ӏама йолайелира 11 шо долуш, 16 шо долуш гулйина командин йукъахь дебют йира жимахойн дуьненан чемпионатехь Испанехь (1989).

1990 шарахь Эленас контракт йаздира профессионалан Пирасикаба клубаца «АДС/БСН», цуьнца шолгӀачу шарахь йаьккхира Бразилин коьрта хӀонс – Мехкан кад. 1991 шарахь дуьйна баскетболхочун карьера цӀеххьана хьалайахара: 1991 шеран йоккхачу гулйина командин йукъахь Къилба Америкин чемпионатера дебют – «деши», 1992 шарахь иза декъахо йу Барселонера Олимпийн ловзарийн, 1993 шарахь йуха а Къилба Америкин чемпионатан «деши» а, Америкин чемпионатан «дети» а, ткъа 1994 шарахь Бразилин гулйина командица дуьненан чемпионатехь цуо даьккхира «деши», левзира йуккъера барам 8,6 минот матчехь. Йуьззина 1996 шеран Олимпиадин квалификацин харжамах чекхйаьлла, Эленан турнир йолайалале голин операци йира[1], ткъа гулйина командо йехира «детин» мидаш иза а йоцуш. Амма иза кхин а хьакхалур йу олимпийн совгӀатехь – 2000 шеран Олимпиадин «борзанан» мидалх, цигахь жамӀе хилира цуо генара кхоьссина 46% буьрка. Дуьненайукъара толамаш боцуш, Элена чоьхьарчу къийсамашкахь йехира дуккха титулаш, царна йукъахь иза шозза хилира Бразилин чемпион.

Олимпиадехь – 2000 тӀех дика ловзар бахьнехь, Элене кхайкхира «Вашингтон Мистикс» йукъахь WNBA ловза. Хьалхарчу шарахь дуьйна иза хилира лигехь кхо очко кхоссарехь (39% чукхоьссина) уггаре дикачех[2]. Цуьнан ловзаран чоьтехь кхо шо (2001-2003) ду, царех 2002 шарахь бен иза плей-оффехь ца левзира, уьш оцу шарахь кхечира Малхбален Конференцин финале.

2003 шарахь дуьйна Элена шен клубан карьера европин клубашкахь дӀайаьхьира. Иза йу Россех, Сибреха ловза йеина дуьххьарлера бразилихо. [1]:

Тхо дара Новосибирскехь, Сибрехахь, пхеа сахьтехь кеманахь Москохан генахь. Со аэропорте йеича, хьаьжира температуре: 45 градус шело. Сунна моттара, со набйеш йу

Шеран жамӀашца Новосибирскехь Лус лерира «Динамо-Энергин» уггаре дика ловзархо[3].

Шо чекхдаьлча Элена дакъалецира Олимпиадехь – 2004, цигахь кхоалгӀа меттиг къовсучу матчехь ийшира шеца цхьаьна клубехь ловзучу Калмыкова Марийн Российн гулйина командина. ЖамӀ: 62:71 а, 4-гӀа меттиг.

Цул тӀаьхьара шарахь иза йуха а Испанехь ловзуш йара, чемпион а хилира Барселонин университетан командин йукъахь, ткъа гулйина командин йукъахь йуха а «деши» даьккхира Къилба Америкин чемпионатехь, цигахь иза лерира турниран MVP. 2006 шарахь иза левзира «цӀера» дуьненан чемпионатехь, цигахь хьалхарчу матчехь Аргентинин гулйина командина дуьхьала тамашийна хӀума хилира: матчан тӀаьххьара секундехь, шен тускаран уллера схьакхоссаелла буьрка схьалаьцна, Элена оццу сохьта, охьакхеташ, буьрка кхоьссира дуьхьаларчеран тускаран чу финалан сиреница, цуьнца цхьаьна толам беира Бразилина 71:69 чоьтаца[1].

И турнир чекхйаьлча Элена йитира къоман гулйина команда, амма 2009 шарахь хилира цуьнан триумфаца йухайар Америкин чемпионате: дешийн мидалш а, гулйина командин очкошца уггаре дика ловзархо а – 12 очко матчехь йуккъера барам. Испанин лигехь 6 шарахь левзина, 2010 шарахь Элен цӀа йирзира даймахка Бразиле.

37 шо долуш Лус левзира 2010 шеран дуьненан чемпионатехь, цигахь иза левзира йерриг турниран матчшкахь. Элен тӀаьхьакхиира сийлахь бразилихойн баскетболхочун Маркари Гортензин Бразилин гулйина командин йукъахь дуьненан чемпионаташкахь дакъалацаран барамца йолчу рекордан – 5-зза.

2011 шеран 21 февралехь хилира Элен Лусан къегинчу карьерера тӀаьххьара матч (26 минот, 9 очко), ахфиналан серехь ийшира пхоьалгӀачу матчехь «Ориньюс Баскетан», команда «Американа» Бразилин чемпионатан финале ца йелира.

Бразилин гулйина командин йукъахь ловзаран статистика (йуккъера гайтам)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гулйина команда Шо Меттиг Чемпионат
Ловзар Очк Схьаэцар ДӀайалар
ДЧ (19 шо кхачанза) 1989 7 8 6,0 - -
Къилба Америкин чемпионат 1991 1 6 3,6 - -
1993 1 4 10,0 - -
1997 1 6 10,5 - -
1999 1 5 14,8 - -
2005 1 6 17,3* - -
2006 1 5 13,6 2,2 4,6*
2010 1 5 10,0 3,8 2,4
Америки чемпионат 1993 2 6 2,6 - -
1997 1 6 11,3 - -
2001 1 5 20,6 - -
2009 1 5 12,0* 2,4 3,6
Дуьненан чемпионат 1994 1 6 1,8 0,7 0,5
1998 4 9 4,9 1,1 1,2
2002 7 3 13,0 2,0 2,0
2006 4 9 8,1 2,0 3,4
2010 9 8 7,5 1,0 2,0
Олимпиада 1992 7 3 1,3 0 0
2000 3 7 8,8 1,0 3,1*
2004 4 8 11,0 2,2 2,8*
* - командехь уггаре дика гайтам

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Элен Лус болх беш йу телекомментатор «SPORTV» каналехь, йижаршца цхьаьна, дӀайиллина берийн баскетболан ишкол Ловейрехь, шен блог йу "Вasketeria.com.br." сайт тӀехь[4]. 2012 шеран 21 ноябрехь цуо кӀант Педро вира[5].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]