Сантос Лус, Элен Кристина

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Элен Кристина Сантос Лус
порт. Helen Cristina Santos Luz
HelenLuz2015.jpg
Карьера чекхъяьккхина
Позици Ловзар дӀахьошйолу турсло / ТӀелета турсло
Локхалла 175 см
Йозалла 65 кг
Гражданалла БразилиFlag of Brazil.svg Бразили
Йина терахь 1972 шеран 23 ноябрь({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (48 шо)
Йина меттиг Арасатуба, Бразили

Командаш
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Сидней 2000 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Австрали 1994
Панамерикин ловзарш
Борза Доминикин Республика 2003
Америкин чемпионаташ
Дети Бразили 1993
Деши Бразили 1997
Деши Бразили 2001
Деши Бразили 2009
Къилба Америкин чемпионат
Деши Колумби 1991
Деши Боливи 1993
Деши Чили 1997
Деши Бразили 1999
Деши Колумби 2005
Деши Парагвай 2006
Деши Чили 2010
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Элен Кристина Сантос Лус (порт. Helen Cristina Santos Luz; йина 1972 шеран 23 ноябрехь, Арасатубехь, Сан-Паулухь, Бразили) — бразилин баскетболхо, левзина ловзар дӀахьошйолу турслочун я тӀелета турслочун амплуахь. Баскетболех ловзаран Бразилин зударийн гулйина командин юкъахь дукхаха болчу дуьненаюкъара къовсамийн масийттаза совгӀатхо. 1994 шеран дуьненан чемпион, 2000 шеран Олимпиадин борзанан совгӀатхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Элен Лус йина спортан доьзалехь, цуьнан да хилла баскетболан тренер, ши йиша а иштта баскетболан профессионалан ловзархо яра. Иза оцу спортах ловза Ӏама йолаелира 11 шо долуш, 16 шо долуш гулйина командин юкъахь дебют йира жимахойн дуьненан чемпионатехь Испанехь (1989).

1990 шарахь Эленас контракт яздира профессионалан Пирасикаба клубаца «АДС/БСН», цуьнца шолгӀачу шарахь яьккхира Бразилин коьрта хӀонс – Мехкан кад. 1991 шарахь дуьйна баскетболхочун карьера цӀеххьана хьалаяхара: 1991 шеран йоккхачу гулйина командин юкъахь Къилба Америкин чемпионатера дебют – «деши», 1992 шарахь иза декъахо ю Барселонера Олимпийн ловзарийн, 1993 шарахь юха а Къилба Америкин чемпионатан «деши» а, Америкин чемпионатан «дети» а, ткъа 1994 шарахь Бразилин гулйина командица дуьненан чемпионатехь цуо даьккхира «деши», левзира юккъера барам 8,6 минот матчехь. Юьззина 1996 шеран Олимпиадин квалификацин харжамах чекхъяьлла, Эленан турнир йолаялале голин операци йира[1], ткъа гулйина командо ехира «детин» мидаш иза а йоцуш. Амма иза кхин а хьакхалур ю олимпийн совгӀатехь – 2000 шеран Олимпиадин «борзанан» мидалх, цигахь жамӀе хилира цуо генара кхоьссина 46% буьрка. Дуьненаюкъара толамаш боцуш, Элена чоьхьарчу къийсамашкахь ехира дуккха титулаш, царна юкъахь иза шозза хилира Бразилин чемпион.

Олимпиадехь – 2000 тӀех дика ловзар бахьнехь, Элене кхайкхира «Вашингтон Мистикс» юкъахь WNBA ловза. Хьалхарчу шарахь дуьйна иза хилира лигехь кхо очко кхоссарехь (39% чукхоьссина) уггаре дикачех[2]. Цуьнан ловзаран чоьтехь кхо шо (2001-2003) ду, царех 2002 шарахь бен иза плей-оффехь ца левзира, уьш оцу шарахь кхечира Малхбален Конференцин финале.

2003 шарахь дуьйна Элена шен клубан карьера европин клубашкахь дӀаяьхьира. Иза ю Россех, Сибреха ловза еина дуьххьарлера бразилихо. [1]:

Тхо дара Новосибирскехь, Сибрехахь, пхеа сахьтехь кеманахь Москохан генахь. Со аэропорте еича, хьаьжира температуре: 45 градус шело. Сунна моттара, со набъеш ю

Шеран жамӀашца Новосибирскехь Лус лерира «Динамо-Энергин» уггаре дика ловзархо[3].

Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Карьера чекхъяьккхинчул тӀаьхьа[нисъе бӀаьра | нисъе]

Элен Лус болх беш ю телекомментатор «SPORTV» каналехь, йижаршца цхьаьна, дӀайиллина берийн баскетболан ишкол Ловейрехь, шен блог ю "Вasketeria.com.br." сайт тӀехь[4]. 2012 шеран 21 ноябрехь цуо кӀант Педро вира[5].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]