Нажаев, Ахьмад Идигович
Арахьара хатӀ
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Нажаев Ахьмад Идигович | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | йаздархо |
Вина терахь | 1895 шо |
Вина меттиг | Йоккха АтагIа |
Кхелхина терахь | 1943 шо |
Корматалла | поэт, йаздархо |
Гражданалла | Российн импери → СССР |
Нажаев Ахьмад Идигович (1895 шо, Йоккха АтагIа — 1943 шо) — Нохчийн советски литература кхоьллинчех цхьаъ ву. Цуьнан цӀарца йоьзна йу вайн поэзиc советски муьрехь йаьхна дуьххьарлера гIулчаш.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нажаев Ахьмад вина Йоккха-АтагӀахь, ахархочун доьзалехь. Дуьххьара йоза-дешар хьуьжарехь Ӏамийна Нажаев Ахьмада. Цул тӀаьхьа, хьехархочун курсаш чекх а йаьхна, Йоккхачу-АтагӀахь йуьхьанцарчу балхаца цхьаьна, доккха гӀуллакх до Нажаев Ахьмада нохчийн халкъан барта кхолларалла гулйарехь. Цо дуккха а иллеш, эшарш, туьйранаш, дийцарш дӀайаздина.
Библиографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Нохчийн маттахь
- Керла дуьне. Стихаш. Соьлжа-ГӀала. Нохчоблзорб, 1934.
- Тховх тапча тохар. Дийцар. «Кхиам», 1934, № 1.
- ЖаӀу. Поэма. Соьлжа-ГӀала, НохчгӀалгӀоблзорб, 1936.
- Хаьржинарш. Грозный, Нохч-ГӀалгӀайн книжни изд-во, 1967.
- Оьрсийн маттахь
- «Отпор», «Красноармейская песня», «Советскому писателю», «Величие науки». Стихи. В сб.: Поэты Чечено-Ингушетии. М., ГИХЛ,1935.
- «Мужественный ленинец», «Славный путь», «Конники», «Пондур». Стихи. — В сб.: Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Оьрсийн маттахь
- Мамакаев М. Предисловие к сборнику «Поэты советской Чечено-Ингушетии». Пятигорск, 1937.
- Туркаев X. Предисловие к избранным произведениям А. И. Нажаева. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1967.
- Туркаев X. Чеченская поэзия 20-х годов. — Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. 5, вып. 3. Литературоведение. Грозный, 1968.
- Мальсагов А. У., Туркаев Х. В. «Писатели советской Чечено-Ингушетии». 1969.