Чулацаман тӀегӀо

Валюта

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Валюта

Валюта-цхьана пачхьалкхан я масийтта пачхьалкхан ахча лоруш лелош барам бу. Итальянийн маттер тӀеэцна valuta дош ду.

Валюта- къаьмнийн а, кхечу пачхьалкхера а, дуьненайукъара ахча ду. Иза низамца а догӀуш такхаран гӀирс бу. Валюта карахь долу ахча санна а (кехатан а, хазнин билетийн а, нахартан а кепехь) хуьлу, иштта ахчанца йоцчу чоьтехь а (банкашан чоьтан тӀехь а, банкехь охьадиллина ахча санна а) хуьлу.

Билгалонан шолгӀа маьӀна- ахчанан барам ду. Ахча леладо гӀуллакхдаран а, товаран а мах гайтамехь, иштта ахчан билгалонан номиналаш хӀиттош а, ахчанан чот лелорехь а, кхечу мехкийн валютан мах (курс) билгалбоккхуш а.

Оьрсийчоьнан къоман ахча оьрсийн сом (рубль) ду. Цуна юкъайохуш бӀе кепек ю. Ткъа кепекаш ахча къастаден барам бу.

Евро ду дуьненаюкъарчу валютан къеггина масал.

Дош схьадалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Валюта дош итальянийн маттер тӀеэцна ду. Церан маттахь valuta дешан маьӀна «мах, нахарт» ду. И дош доьзна ду valere дашца, цуьнан маьӀна «йозалла хилар, мах хила» ду. Ткъа и дош латинан маттер схьадеъна. Латинан маттахь valere «ницкъ хилар, таро хилар, мах хила» маьӀна ду.

Валюта билгало ишшта лелайо кхечу пачхьалкхера валюташ а, валютин мехала хӀуманаш а, балансан валюташ а билгалйохуш.