Чулацаман тӀегӀо

Бернар, Сара

Талларе хьожуш
1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сара Бернар
Sarah Bernhardt
Сара Бернар (1864 шо)
Сара Бернар (1864 шо)
Бакъ цӀе Генриетт Розин Бернар
ГӀуллакхан тайпа театральный актёр, киноактёр, танцор, йаздархо, актёр
Йина терахь 1844 шеран 23 октябрь({{padleft:1844|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})[1][2][…]
Йина меттиг Париж, Франци
Кхелхина терахь 1923 шеран 26 март({{padleft:1923|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})[3][4][…] (78 шо)
Кхелхина меттиг Париж
Корматалла актриса
Гражданалла Франци
Да Edouard Bernhardt[5]
Нана Юдифь Бернар
Бераш Морис
СовгӀаташ
Сара Бернар Викилармехь

Сара Бернар (фр. Sarah Bernhardt; Бакъ цӀе Генриетт Розин Бернар, фр. Henriette Rosine Bernard; 1844 шеран 22 октябрь, Париж, Франци — 1923 шеран 26 март, Париж) — французийн актриса йу. XX бӀешо долалуш цунах олура «исторехь массарелла гӀарйалла актриса». Дуьххьара дӀа цуьнан цӀе йагӀара Европехь 1870-гӀу шерашкахь. Цул тӀаьхьа цуьнан гастролеш триумфаца дӀайагӀара Америкехь. Цо дукхахьолехь ловзийра ладаме драматически ролеш.

Биографи а, кхолларалла а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Сара Бернар йина 1844 шеран 22 октябрехь Парижехь. Цуьна нена цӀе Юдифь (тӀаьхьа Юлия) йара. Юдифь да жуьгти коммивояжер Мориц Барух Бернардт вара, нана Сара Гирш (1797—1876) йара.

1835 шо дуьйна Юдифь а, цуьна йиъ йиша а, ваша а кхиина Сара Кинсберген цӀе йолу дестес (1809—1878). Цуьнан да мила хилла хууш дац. Цхьаболчара цуьна да Поль Морель хилла боху, французан флотан эпсар (цхьадолчу кехаташ тӀехь иштта йаздина ду). Вукхара боху цуьна да къона адвокат Эдуард Бернар хилла.

Франце кхаччалца Юдифьс модистка болхбина, амма Парижехь иза куртизанка хилла. Хаза йухьасибаташ а, кечйала хаар а бахьнехь иза дика йехаш йара хьалдолу божари чоьтех. Цуьнан йоӀ сакъоьруш лела новкъа йара цунна. Цундела Юдифьс иза Ингалсе дӀахьажинера. Хьалакхиалц цигахь йиса мегаш йара Сара. Амма дола да цхьа а уллехь воцуш хенахь иза пешахь йогучу цӀеран дукха улле йагӀанера. Цуьнан кучах цӀе йелира. ТӀе нисбелча лулахойша кӀелхьара йаьккхира иза. Нанас Европера хьаеана шеца Париже дӀайигира Сара. Амма дукха хан йалале йуха а дӀайахара иза, шен йоӀ кхоьчу наьнца а йитина.

ЦӀахь сингаттаме хилара бахьнехь Сара азйеллера, дог аьшна йара. Цхьана динахь охьайожна цо ког а, куьг а кагдира. Таккха нанас иза йуха а ша йолчу дӀайигира.

Сара йазда а, деша а, дагарда а хууш йацара. Иза дӀайелира мадам Фрессардан школе. Цигахь цо шина шарах дийшира. Доьшуш хенахь цо дуьххьара спектаклехь дакъалецира. Школехь цкъа спектакль дӀайодучу хенахь цуьнан нана чуйеара ше йоӀе хьажа. Эццехь холчу хӀоттина Сарина шен роль йицйелира. Цу хенахь дуьйна сценех кхоьруш йусу иза.

1853 шарахь Сара деша дӀало Грандшамп цӀе йолу гӀоли йина долахь йолу школе. Иза цига дӀанисйеш гӀодинарг вара герцог Морни.

Жима йолуш Сара чӀогӀа оза йара, даимма йовхарш йаттара цо. Лоьраш олура иза кестта туберкулез бахьнехь лийра йу. И бахьнехь цунна дагар йалар дӀацадолура.

Цхьана дийнахь Сара «Комеди Франсэз» спектакле йоду. Эццахь цуьнан театрехь болх ба дог-ойла хилира.

Театран киса меллиша хьаладаханчул тӀаьхьа а суна хааделира кхетам а дӀаболуш санна. Ала мегирду, оцу минотехь сан дахаран киса хьаладахара.

13 шо долуш Сара Драмин исбаьхьаллин лаккхара къоман консерватори драмин классе деша йахара. Цига деша йодуш экзамен дӀайала йезара. Экзаменан кечам бан цо дикци урокаш оьцу. Коьрта хьехархо оцу хенахь вара Александ Дюма-да. Цо Ӏамайо Сара озаца а, ишарца а сценин тӀехь амал дӀагайта. Экзаменехь цо массо а цецвоккхий, деша дӀахӀутту. Шен берриг ницкъ цо дешарна дӀало. 1862 шарахь иза дешна йолу. Экзаменехь цо шоллагӀа совгӀат даьккхира.

1862 шеран 1 сентябрехь Сарас коьрта роль ловзийра «Комеди Франсэз» театрехь хилла йолу Жан Расинc йазйина «Ифигения» спектаклехь. Критикаш реза ца хилира цунна. Цуьнан цӀе афишаш тӀера меллаш дӀайера йу моьттара массарна а. Кестта театрехь дов даьлла Сара цигара дӀайелира. Итт шо даьлча бен йугӀа ца еара иза цига.

Театрера дӀайаханчул тӀехьа хала зама еара цуьна. Цул тӀехьа деа шарах лаьцна хууш дукха хӀума дац. 1864 шеран 22 декабрехь цо кӀант вира. Шени, шен кӀантани рицкъ даккха йезаш йолу дела иза балха дӀахутту «Одеон» цӀе йолу театре. Цо левзина масийтта роль хьовсархойша тидам боцуш йитира. ТӀаьххьара критикаш хасти цуьна Кодели роль «Король Лир» спектаклехь. Цул тӀаьхьа хилла «Кин» боху спектакль нахана чогӀа хазахеташ тӀеийцира.

1869 шарахь иза йара Франсуа Коппес йазйина йолчу «ТӀаьхволург» аьлла спекталехь дакъа лоцуш. Гуттар чӀогӀа аьтто белира цуьна 1872 шарахь хилла Виктор Гюгос йазйина «Рюи Блаз» спектаклехь, Зуда-Паччахь роль левзира.

Сарас болхбира «Комеди Франсез», «Жимниз», «Порт-Сен-Мартен», «Одеон» театрашкахь. 1893 шарахь цо ийцира «Ренессанс» боху театр, 1898 шарахь — «Насьон» театр. Оцу театран наха «Сара Бернар театр» аьлла цӀе тиллира.

Станиславскийс олура Сара Бернар кхолларалла ду кхачамалла кеп. Кхоьчу бевзаш болчу заманхоша олура Бернарах похӀма дац. Цуьнан кхиамийн бахьанаш царна гора газеташ иза кхайкхайарехь, цуьна цӀера хӀумнаш дийцарехь.

Цуьнан тоьлла ролеш йара: донья Соль («Эрнани» Гюго), Маргарита Готье («Камелиш йолу зуда» Дюма-кӀант), Теодора (иштта цӀе йолу Сардус йазйина пьеса), принцесса Грёза, герцог Рейхштадтский (иштта цӀе йолу пьесехь а, «Аьрзун кӀорни» а Ростанс йазйина), Гамлет (иштта цӀе йолу Шекспирс йазйина трагеди), Лорензаччо (иштта цӀе йолу Мюссес йазйина пьеса). 1880-гӀа шерашкахь цуьна гастролаш хиллера Европина а, Америкина а дукха пачхьалкхашкахь, Россиехь а (1881, 1892, 1908—1909).

1905 шарахь Рио-де-Жанейро гастролехь йолуш Сарас аьтто ког лазийра. 1915 шарахь и ког дӀабаккха бийзира. Амма цо шен болх ца битира. Хьалхара Дуьненна тӀом болу хенахь иза фронтехь хуьлу спектаклашкахь дакъа лоцуш йара. 1914 шарахь цунна йелира Сийлллийн легион орден. 1922 шарахь цо театр йитира.

Иза йелира Парижехь 1923 шеран 23 мартехь жимашийн цамгар бахьнехь. Лечу хенахь иза йара 78 шо кхаьчна. Пер-Лашез кешнашкахь дӀайоллина Сара Бернар.

Самукъане хилларш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Пионех массарелла хаза а, тамехь хьожа а йолу сортан Сара Бернар аьлла цӀе тиллина.
  • Д. Мареллс «Лангусти йелар» пьеса йазйина Сара Бернарах лаьцна.
  • 70 шо кхаьчча Сара Бернарас 13 шо долу Джульеттин роль ловзина.
  • Сара Бернар сий деш Голливудехь йолу «Силаллийн аллейехь» биллина седа бу кинематограф кхиаман бинчу балхан.

Театрех левзина хаьржина ролеш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Бернар Гамлет ролехь, 1880-гӀа шераш
Бернар, сурт, 1890
Жисмонда, Альфонс Муха

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Bell A. Encyclopædia Britannica (брит. инг.)Encyclopædia Britannica, Inc., 1768.
  2. Sarah Bernhardt (нидерл.)
  3. Archivio Storico Ricordi — 1808.
  4. Архив изобразительного искусства — 2003.
  5. Pas L. v. Genealogics (инг.) — 2003.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Seller G., Sarah Bernhardt, P., [s. a.];
  • Кугель А.Р. Театральные портреты. — Ленинград: Искусство, 1967. — 382 с.
  • Brandon, Ruth. Being Divine: A Biography of Sarah Bernhardt. — London: Mandarin, 1992.
  • Gold, Arthur and Robert Fitzdale. The Divine Sarah: A Life of Sarah Bernhardt. New York: Alfred A. Knopf, 1991.
  • Léturgie, Jean and Xavier Fauche: Sarah Bernhardt, Lucky Luke (49). Dupuis, 1982.
  • Lorcey, Jacques. Sarah Bernhardt, l’art et la vie, Paris : Éditions Séguier, 2005. 160 pages. Avec une préface d’Alain Feydeau. ISBN 2-84049-417-5.
  • Menefee, David W. Sarah Bernhardt in the Theater of Films and Sound Recordings. North Carolina: McFarland, 2003.
  • Menefee, David W. The First Female Stars: Women of the Silent Era. Connecticut: Praeger, 2004.
  • Ockmann, Carol and Kenneth E. Silver. Sarah Bernhardt: The Art of High Drama New York: Yale University Press, 2005
  • Skinner, Cornelia Otis. Madame Sarah. Paragon House, 1966.
  • Snel, Harmen. «The ancestry of Sarah Bernhardt; a myth unravelled», Amsterdam, Joods Historisch Museum, 2007, ISBN 978-90-802029-3-1
  • Gottlieb, Robert «Sarah: The Life of Sarah Bernhardt» New Haven, Yale University Press, 2010