Бернар, Сара

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Сара Бернар
Sarah Bernhardt
Sarah Bernhardt, par Nadar, 1864.jpg
Сара Бернар (1864 шо)
Бакъ цӀе

Генриетт Розин Бернар

Йина терахь

1844 шеран 25 сентябрь({{padleft:1844|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})[1][2] или 1844 шеран 22 октябрь({{padleft:1844|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})[3][4][5]

Йина меттиг

Париж, Франци

Кхелхина терахь

1923 шеран 26 март({{padleft:1923|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})[6][7][1][8][9][9] (78 шо)

Кхелхина меттиг:

Париж

Корматалла:

актриса

Гражданалла:

Франци

Да:

?

Нана:

Юдифь Бернар

Бераш:

Морис

СовгӀаташ:
Сара Бернар Викигуламехь

Сара Бернар (фр. Sarah Bernhardt; Бакъ цӀе Генриетт Розин Бернар, фр. Henriette Rosine Bernard; 1844 шеран 22 октябрь, Париж, Франци — 1923 шеран 26 март, Париж) — французин актриса. XX бӀешо долалуш цунах олура «исторехь массарелла гӀаръялла актриса». Дуьххьара дӀа цуьнан цӀе ягӀара Европехь 1870-гӀу шерашкахь. Цул тӀехьа цуьнан гастролеш триумфаца дӀаягӀара Америкехь. Цо дукхахьолехь ловзийра ладаме драматически ролеш.

Биографи а, кхолларалла а[нисъе | нисъе чухулара]

Сара Бернар йина 1844 шеран 22 октябрехь Парижехь. Цуьна нена цӀе Юдифь (тӀаьхьа Юлия) яра. Юдифь да жуьгти коммивояжер Мориц Барух Бернардт вара, нана Сара Гирш (1797—1876) яра.

1835 шо дуьйна Юдифь а, цуьна йиъ йиша а, ваша а кхиина Сара Кинсберген цӀе йолу дестес (1809—1878). Цуьнан да мила хилла хууш дац. Цхьаболчара цуьна да Поль Морель хилла боху, французан флотан эпсар (цхьадолчу кехаташ тӀехь иштта яздина ду). Вукхара боху цуьна да къона адвокат Эдуард Бернар хилла.

Франце кхаччалца Юдифьс модистка болхбина, амма Парижехь иза куртизанка хилла. Хаза юхьасибаташ а, кечъяла хаар а бахьнехь иза дика ехаш яра хьалдолу божари чоьтех. Цуьнан йоӀ сакъоьруш лела новкъа яра цунна. Цундела Юдифьс иза Англи дӀахьажинера. Хьалакхиалц цигахь йиса мегаш яра Сара. Амма дола да цхьа а уллехь воцуш хенахь иза пешахь йогучу цӀеран дукха улле ягӀанера. Цуьнан кучах цӀе елира. ТӀе нисбелча лулахойша кӀелхьара яккхира иза. Нанас Европера хьаеана шеца Париже дӀайигира Сара. Амма дукха хан ялале юха а дӀаяхара иза, шен йоӀ кхоьчу няница а йитина.

ЦӀахь сингаттаме хилара бахьнехь Сара азъеллера, дог аьшна яра. Цхьана динахь охьайожна цо ког а, куьг а кагдира. Таккха нанас иза юха а ша йолчу дӀайигира.

Сара язда а, деша а, дагарда а хууш яцара. Иза дӀаелира мадам Фрессардан школе. Цигахь цо шина шарах дийшира. Доьшуш хенахь цо дуьххьара спектаклехь дакъалецира. Школехь цкъа спектакль дӀайодучу хенахь цуьнан нана чуьеара ше йоӀе хьажа. Эццехь холчу хӀоттина Сарина шен роль йицйелира. Цу хенахь дуьйна сценех кхоьруш юсу иза.

1853 шарахь Сара деша дӀало Грандшамп цӀе йолу гӀоли йина долахь йолу школе. Иза цига дӀанисъешь гӀодинарг вара герцог Морни.

Жима йолуш Сара чӀогӀа оза яра, даимма йовхарш яттара цо. Лоьраш олура иза кестта туберкулез бахьнехь лийра ю. И бахьнехь цунна дагар ялар дӀацадолура.

Цхьана дийнахь Сара «Комеди Франсэз» спектакле йоду. Эццахь цуьнан театрехь болх ба дог-ойла хилира.

Театран киса меллиша хьаладаханчултӀехь а суна хааделира кхетам а дӀаболуш санна. Ала мегирду, оцу минотехь сан дахаран киса хьаладахара.

13 шо долуш Сара Драматически исбаьхьаллин лаккхара къоман консерватори драмин классе деша яхара. Цига деша йодуш экзамен дӀаяла езара. Экзаменан кечам бан цо дикци урокаш оьцу. Коьрта хьехархо оцу хенахь вара Александ Дюма-да. Цо Ӏамайо Сара озаца а, ишарца а сценин тӀехь амал дӀагайта. Экзаменехь цо массо а цецвоккхий, деша дӀахӀутту. Шен берриг ницкъ цо дешарна дӀало. 1862 шарахь иза дешна йолу. Экзаменехь цо шоллагӀа совгӀат даьккхира.

1862 шеран 1 сентябрехь Сарас коьрта роль ловзийра «Комеди Франсэз» театрехь хилла йолу Жан Расинc язйина «Ифигения» спектаклехь. Критикаш реза ца хилира цунна. Цуьнан цӀе афишаш тӀера меллаш дӀаера ю моьттара массарна а. Кестта театрехь дов даьлла Сара цигара дӀаелира. Итт шо даьлча бен югӀа ца еара иза цига.

Театрера дӀаяханчул тӀехьа хала зама еара цуьна. Цул тӀехьа деа шарах лаьцна хууш дукха хӀума дац. 1864 шеран 22 декабрехь цо кӀант вира. Шени, шен кӀантани рицкъ даккха езаш йолу дела иза балха дӀахутту «Одеон» цӀе йолу театре. Цо левзина масийтта роль хьовсархойша тидам боцуш йитира. ТӀаьххьара критикаш хасти цуьна Кодели роль «Король Лир» спектаклехь. Цул тӀаьхьа хилла «Кин» боху спектакль нахана чогӀа хазахеташ тӀеийцира.

1869 шарахь иза яра Франсуа Коппес язйина йолчу «ТӀаьхволург» аьлла спекталехь дакъа лоцуш. Гуттар чӀогӀа аьтто белира цуьна 1872 шарахь хилла Виктор Гюгос язйина «Рюи Блаз» спектаклехь, Зуда-Паччахь роль левзира.

Сарас болхбира «Комеди Франсез», «Жимниз», «Порт-Сен-Мартен», «Одеон» театрашкахь. 1893 шарахь цо ийцира «Ренессанс» боху театр, 1898 шарахь — «Насьон» театр. Оцу театран наха «Сара Бернар театр» аьлла цӀе тиллира.

Станиславскийс олура Сара Бернар кхолларалла ду кхачамалла кеп. Кхоьчу бевзаш болчу заманхоша олура Бернарах похӀма дац. Цуьнан кхиамийн бахьанаш царна гора газеташ иза кхайкхаярехь, цуьна цӀера хӀумнаш дийцарехь.

Цуьнан тоьлла ролеш яра: донья Соль («Эрнани» Гюго), Маргарита Готье («Камелиш йлу зуда» Дюма-кӀант), Теодора (иштта цӀе йолу Сардус язйина пьеса), принцесса Грёза, герцог Рейхштадтский (иштта цӀе йолу пьесехь а, «Аьрзун кӀорни» а Ростанс язйина), Гамлет (иштта цӀе йолу Шекспирс язйина трагеди), Лорензаччо (иштта цӀе йолу Мюссес язйина пьеса). 1880-гӀа шерашкахь цуьна гастролаш хиллера Европина а, Америкина а дукха пачхьалкхашкахь, Россиехь а (1881, 1892, 1908—1909).

1905 шарахь Рио-де-Жанейро гастролехь йолуш Сарас аьтто ког лазийра. 1915 шарахь и ког дӀабаккха бийзира. Амма цо шен болх ца битира. Хьалхара Дуьненна тӀом болу хенахь иза фронтехь хуьлу спектаклашкахь дакъа лоцуш яра. 1914 шарахь цунна елира Сийлллийн легион орден. 1922 шарахь цо театр йитира.

Иза елира Парижехь 1923 шеран 23 мартехь жимашийн цамгар бахьнехь. Лечу хенахь иза яра 78 шо кхаьчна. Пер-Лашез кешнашкахь дӀайоллина Сара Бернар.

Самукъане хилларш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Пионех массарелла хаза а, тамехь хьожа а йолу сортан Сара Бернар аьлла цӀе тиллина.
  • Д. Мареллс «Лангусти елар» пьеса язъйина Сара Бернарах лаьцна.
  • 70 шо кхаьчча Сара Бернарас 13 шо долу Джульеттин роль ловзина.
  • Сара Бернар сий деш Голливудехь йолу «Силаллийн аллеяхь» биллина седа бу кинематограф кхиаман бинчу балхан.

Театрех левзина хаьржина ролеш[нисъе | нисъе чухулара]

Бернар Гамлет ролехь, 1880-гӀа шераш
Бернар, сурт, 1890
Жисмонда, Альфонс Муха

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 data.bnf.fr: платформа открытых данных — 2011.
  2. Sara Marie Henriette ou Rosine Sarah-bernardt ministère de la Culture.
  3. Немецкая национальная библиотека, Берлинская государственная библиотека, Баварская государственная библиотека и др. Record #118509896 // Общий нормативный контроль (GND) — 2012—2016.
  4. Encyclopædia Britannica Encyclopædia Britannica, Inc., 1768. — ISBN 978-1-59339-292-5
  5. Sarah Bernhardt
  6. Le Figaro Paris: 1923. — P. 1. — 322497 экз. — ISSN 0182-5852
  7. Бернар Сара // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  8. (unspecified title)
  9. 1 2 Internet Broadway Database — 2000.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Seller G., Sarah Bernhardt, P., [s. a.];
  • Кугель А.Р. Театральные портреты. — 382 с.
  • Brandon, Ruth Being Divine: A Biography of Sarah Bernhardt.
  • Gold, Arthur and Robert Fitzdale. The Divine Sarah: A Life of Sarah Bernhardt. New York: Alfred A. Knopf, 1991.
  • Léturgie, Jean and Xavier Fauche: Sarah Bernhardt, Lucky Luke (49). Dupuis, 1982.
  • Lorcey, Jacques. Sarah Bernhardt, l’art et la vie, Paris : Éditions Séguier, 2005. 160 pages. Avec une préface d’Alain Feydeau. ISBN 2-84049-417-5.
  • Menefee, David W. Sarah Bernhardt in the Theater of Films and Sound Recordings. North Carolina: McFarland, 2003.
  • Menefee, David W. The First Female Stars: Women of the Silent Era. Connecticut: Praeger, 2004.
  • Ockmann, Carol and Kenneth E. Silver. Sarah Bernhardt: The Art of High Drama New York: Yale University Press, 2005
  • Skinner, Cornelia Otis. Madame Sarah. Paragon House, 1966.
  • Snel, Harmen. «The ancestry of Sarah Bernhardt; a myth unravelled», Amsterdam, Joods Historisch Museum, 2007, ISBN 978-90-802029-3-1
  • Gottlieb, Robert «Sarah: The Life of Sarah Bernhardt» New Haven, Yale University Press, 2010

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png