Чулацаман тӀегӀо

Басарш

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Басарш
Акварелан басарш
Акварелан басарш

Басаршпигмент йина тӀуьна, качйо йа мастикин композици (масала битуман) йу, иза дуткъа чкъоьраца бух тӀе хьаькхча чӀагӀлой онда чӀурам хуьлу. Дукха хьолехь иза леладо дуьхьалонна, объектан тӀехалонна бос а, текстура а йалархьама. Басар кечдан йа эца тарло, суртдилларан говзаллин амал йолу (масала акварель йа граффити), шуьйра беснийн палитрехь а, тайп-тайпана тайпанашкахь а. Басар латтадо, духку, хьокху тӀуьначу кепехь, амма дукхаха долу тайпанаш дакъало чӀогӀачу кепехь. Дукхаха долу басарш хуьлу йа даьттин, йа хинан бух тӀехь, хӀоранна а йу шайн тайп-тайпана амалаш а, шайн дашориг а.[1]

Хинан бух тӀера басарш а, даьттанан басарш а чӀагӀло тайп-тайпана гуонахьара кхачонан температуре, басар хьокху объектан тӀехалоне, кхин факторшка (масала, ультрафиолето серлайаккхаре) хьаьжжина. Басар хьокху объектан 10 °C сов температура хила йеза, хӀунда аьлча басарийн цхьацца компоненташ, химин агӀора хийцало тӀехалонна тӀе хьаькхча полимеризацин а, поликонденсацин а реакцешца. Башха арахьара басарш/грунтовкаш хьакха мега дуккха а лахарчу температурашкахь[2].

Дукха хьолехь «басарш» дашо кхетадо пигментийн суспензеш йа церан эдарш йузургашца, вовшахтосу — виетин даьттанчохь, ПВА-эмульсешца, латексашца йа кхин чӀурамбен хӀуманашца. Басарш хьокху йолчу материал йа грунт (суртдиллар) тӀе.

Ласкора (Франци) мегалоцеросан тархашна тӀера сурт, кӀора а, охра а.

Басар адамаллин уггаре шира говзаллех цхьаъ хилла. Цхьадолу цӀен йа можа охрица, гематитца, марганецан оксидца, дечиган кӀоранца дехкина тархашна тӀера суьрташ, дехкина хила тарло кхин а 40 000 шо хьалха.[3] 2003 а, 2004 а шерашкахь къилбаафрикин археологаша хаам бира Бломбос хьех чохь карийначу 100000 шо долчу, охрин бух тӀехь, куьйга дина эдарех лаьцна, иза лело магара басар санна.[4][5] Оцу хьех чохь кхин дӀа динчу эхкарша 2011 шеран чоьте далийра, карийна, пигменташ оту а, басарх тера хӀума кечйен а буьззина гӀирс, иза лаьттина 70 эзар шеран дохаллехь.[5][6]

Хаа делира, 5000 шо долу Несса Бродгаран чоьхьара пенашна йукъара цхьацца тӀулгашна можа а, цӀен а, цӀехо-можа а, дийнатийн махьарх иэдина хӀоан кӀайн декъаца йа шурица кечдина гематитах, охран пигмент лелош басар хьаькхна хилар.[7][8]

Шерашкахь Ӏаламехь лаьттина, Мисран Дендерера шира бесара пенаш, уьш басара дина 2000 шо хьалха санна къегина бос болуш ду. Мисархоша шайн беснаш иэдора тӀелетачу хӀумнех, тӀаккха вовшашца иэн а ца деш хьокхура. Цара йалх бос лелийначух тера ду: кӀайн, Ӏаьржа, сийна, цӀен, можа, баьццара. Йуьхьанца цара хьокхуш хилла йерриг меттиган кӀайн басара, цул тӀаьхьа Ӏаьржачуьнца сурт дуьллуш хилла, коьрта бос йукъара а боккхуш. ЦӀен бос бархьама цара таьӀна бесара кармин лелош хилла.

Даьттанца дехкина уггаре шира суьрташ — 650 шеран гергара буддийн фрескаш йу. Белхаш ду овхӀанан Бамиан Ӏин чуьра хьехан тархашна тӀехь, «цигахь лелийна бочабӀаран а, петӀамат-зезаган а даьтта».[9] Плинийс дуьйцу, шен заманара Ардеа гӀалара, цхьа суьрташ дехкина тхевнаш, уьш дехкина Рум йиллале. Оццул дукха (бӀешераш) зама йаьллашехь иза цец ваьлла воккха вуьйш вара цуьнан ховхаллех.

13-гӀа бӀешарахь темперин суьрташ дохкуш даьтта леладора. XIV бӀешарахь Ченнини Ченнинос дуткъа даьттин чкъоьраш дохкуш темперин суртдилларан техника йийцина. Хьалхара европин исбаьхьалчашна дика хаара органикин даьттанаш меллаша дакъадаларан хьесапаш. Амма гӀирс лаха а, кечбан а хала хиларна, уьш наггахь бен ца леладора (меллаша дакъадалар иэшам хетара[10]). Фламандхойн говзалла Ӏамийна йа церан Ӏаткъамехь волу да Мессина Антонеллос (Вазарис галваьлла цунна тӀейаздина Итале даьттин басарш дар[11]) тера ду, глет йа дашин оксид (II) тӀетоьхна формула тойина хилар.

Басаран йукъара тӀемайовлу органикин хӀумнаш гуонахьара кхачонна зуламе, цаьрца гуттаренна болх бечу адаманна уггаре хьалха. ЛОСан Ӏаткъам боьзна бу хроникин сольвент-индукци йина энцефалопатица, и зӀе мелла шалхо йолуш йелахь а[12].

Къовсаме долу дашорг 2-бутоксиэтанол иштта леладо басарш деш.[13]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Painting 101: Oil or Latex? ТӀекхочу дата: 2021 шеран 25 октябрь. Архивйина 2021 шеран 25 октябрехь
  2. What's the Ideal Outdoor Temperature Range for Using Exterior Paint? (инг.). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 25 октябрь. Архивйина 2021 шеран 14 апрелехь
  3. Craughwell, Thomas J., 1956-. 30,000 years of inventions. — New York : Tess Press, 2012. — ISBN 9781603763240.
  4. Hillary Mayell. В пещере найдены наборы для рисования каменного века? National Geographic News 2 (2004 шеран 31 март). — «Work published in 2001 described 28 bone tools and thousands of pieces of ocher—a mineral used to create paint for body decoration and cave painting—dated at roughly 70,000 years old found in Blombos Cave in South Africa. Two pieces of ocher appear to be marked with abstract lines that could be viewed as artistic expression.» ТӀекхочу дата: 2016 шеран 20 май. Архивйина 2016 шеран 17 июнехь
  5. 1 2 В пещере обнаружена самая старая человеческая мастерская по изготовлению красок. The Guardian (2011 шеран 13 октябрь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 20 май. Архивйина 2016 шеран 11 майхь
  6. Stephanie Pappa. Oldest Human Paint-Making Studio Discovered in Cave. Live Science (2011 шеран 13 октябрь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 14 октябрь. Архивйина 2012 шеран 5 мартехь
  7. "Painted walls in Orkney 5,000 years old". BBC News. 2010-07-26. Архивировано 2021 ш. 25 октябрехь. ТӀекхачаран де: 2021 ш. 10 мартехь. {{cite news}}: Указан более чем один параметр |accessdate= and |access-date= (справка)
  8. Painted walls(бил-боцу.). The Ness of Brodgar Excavation (2011 шеран 5 август). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 10 март. Архивйина 2021 шеран 2 мартехь
  9. «Oldest Oil Paintings Found in Afghanistan» Архивйина июнь 3, 2011 — Wayback Machine, Rosella Lorenzi, Discovery News. Feb. 19, 2008.
  10. Theophilus Presbyter Book I ch. 25
  11. Barbera, Giocchino. Antonello da Messina, Sicily's Renaissance Master. — New York : Metropolitan Museum of Art Yale University Press, 2005. ISBN 0-300-11648-9 (online) Архивйина 2018-10-12 — Wayback Machine, p. 14
  12. SPURGEON A (2006). "Watching Paint Dry: Organic Solvent Syndrome in late-Twentieth-Century Britain". Medical History. 50 (2): 167—188. doi:10.1017/s002572730000973x. PMC 1472097. PMID 16711296.
  13. Ethylene Glycol Mono-N-Butyl Ether. National Library of Medicine HSDB. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 14 март. Архивйина 2018 шеран 11 январехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]