Басарш

Басарш — пигмент йина тӀуьна, качйо йа мастикин композици (масала битуман) йу, иза дуткъа чкъоьраца бух тӀе хьаькхча чӀагӀлой онда чӀурам хуьлу. Дукха хьолехь иза леладо дуьхьалонна, объектан тӀехалонна бос а, текстура а йалархьама. Басар кечдан йа эца тарло, суртдилларан говзаллин амал йолу (масала акварель йа граффити), шуьйра беснийн палитрехь а, тайп-тайпана тайпанашкахь а. Басар латтадо, духку, хьокху тӀуьначу кепехь, амма дукхаха долу тайпанаш дакъало чӀогӀачу кепехь. Дукхаха долу басарш хуьлу йа даьттин, йа хинан бух тӀехь, хӀоранна а йу шайн тайп-тайпана амалаш а, шайн дашориг а.[1]
Хинан бух тӀера басарш а, даьттанан басарш а чӀагӀло тайп-тайпана гуонахьара кхачонан температуре, басар хьокху объектан тӀехалоне, кхин факторшка (масала, ультрафиолето серлайаккхаре) хьаьжжина. Басар хьокху объектан 10 °C сов температура хила йеза, хӀунда аьлча басарийн цхьацца компоненташ, химин агӀора хийцало тӀехалонна тӀе хьаькхча полимеризацин а, поликонденсацин а реакцешца. Башха арахьара басарш/грунтовкаш хьакха мега дуккха а лахарчу температурашкахь[2].
Дукха хьолехь «басарш» дашо кхетадо пигментийн суспензеш йа церан эдарш йузургашца, вовшахтосу — виетин даьттанчохь, ПВА-эмульсешца, латексашца йа кхин чӀурамбен хӀуманашца. Басарш хьокху йолчу материал йа грунт (суртдиллар) тӀе.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Басар адамаллин уггаре шира говзаллех цхьаъ хилла. Цхьадолу цӀен йа можа охрица, гематитца, марганецан оксидца, дечиган кӀоранца дехкина тархашна тӀера суьрташ, дехкина хила тарло кхин а 40 000 шо хьалха.[3] 2003 а, 2004 а шерашкахь къилбаафрикин археологаша хаам бира Бломбос хьех чохь карийначу 100000 шо долчу, охрин бух тӀехь, куьйга дина эдарех лаьцна, иза лело магара басар санна.[4][5] Оцу хьех чохь кхин дӀа динчу эхкарша 2011 шеран чоьте далийра, карийна, пигменташ оту а, басарх тера хӀума кечйен а буьззина гӀирс, иза лаьттина 70 эзар шеран дохаллехь.[5][6]
Хаа делира, 5000 шо долу Несса Бродгаран чоьхьара пенашна йукъара цхьацца тӀулгашна можа а, цӀен а, цӀехо-можа а, дийнатийн махьарх иэдина хӀоан кӀайн декъаца йа шурица кечдина гематитах, охран пигмент лелош басар хьаькхна хилар.[7][8]
Шерашкахь Ӏаламехь лаьттина, Мисран Дендерера шира бесара пенаш, уьш басара дина 2000 шо хьалха санна къегина бос болуш ду. Мисархоша шайн беснаш иэдора тӀелетачу хӀумнех, тӀаккха вовшашца иэн а ца деш хьокхура. Цара йалх бос лелийначух тера ду: кӀайн, Ӏаьржа, сийна, цӀен, можа, баьццара. Йуьхьанца цара хьокхуш хилла йерриг меттиган кӀайн басара, цул тӀаьхьа Ӏаьржачуьнца сурт дуьллуш хилла, коьрта бос йукъара а боккхуш. ЦӀен бос бархьама цара таьӀна бесара кармин лелош хилла.
Даьттанца дехкина уггаре шира суьрташ — 650 шеран гергара буддийн фрескаш йу. Белхаш ду овхӀанан Бамиан Ӏин чуьра хьехан тархашна тӀехь, «цигахь лелийна бочабӀаран а, петӀамат-зезаган а даьтта».[9] Плинийс дуьйцу, шен заманара Ардеа гӀалара, цхьа суьрташ дехкина тхевнаш, уьш дехкина Рум йиллале. Оццул дукха (бӀешераш) зама йаьллашехь иза цец ваьлла воккха вуьйш вара цуьнан ховхаллех.
13-гӀа бӀешарахь темперин суьрташ дохкуш даьтта леладора. XIV бӀешарахь Ченнини Ченнинос дуткъа даьттин чкъоьраш дохкуш темперин суртдилларан техника йийцина. Хьалхара европин исбаьхьалчашна дика хаара органикин даьттанаш меллаша дакъадаларан хьесапаш. Амма гӀирс лаха а, кечбан а хала хиларна, уьш наггахь бен ца леладора (меллаша дакъадалар иэшам хетара[10]). Фламандхойн говзалла Ӏамийна йа церан Ӏаткъамехь волу да Мессина Антонеллос (Вазарис галваьлла цунна тӀейаздина Итале даьттин басарш дар[11]) тера ду, глет йа дашин оксид (II) тӀетоьхна формула тойина хилар.
Кхерам[нисйе бӀаьра | нисйе]
Басаран йукъара тӀемайовлу органикин хӀумнаш гуонахьара кхачонна зуламе, цаьрца гуттаренна болх бечу адаманна уггаре хьалха. ЛОСан Ӏаткъам боьзна бу хроникин сольвент-индукци йина энцефалопатица, и зӀе мелла шалхо йолуш йелахь а[12].
Къовсаме долу дашорг 2-бутоксиэтанол иштта леладо басарш деш.[13]
Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Пигмент (технологи)
- Лакбасарийн гӀирсаш
- Эмалан басарш
- Ультрафиолето чӀагӀдина басарш
- Термохимин басарш
- RAL — басаршна колеровка йен басаран стандарт
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Painting 101: Oil or Latex?(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
- ↑ What's the Ideal Outdoor Temperature Range for Using Exterior Paint? (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
- ↑ Craughwell, Thomas J., 1956-. 30,000 years of inventions. — New York: Tess Press. — ISBN 9781603763240.
- ↑ Hillary Mayell В пещере найдены наборы для рисования каменного века?. National Geographic News(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2004, 31 март). — «Work published in 2001 described 28 bone tools and thousands of pieces of ocher—a mineral used to create paint for body decoration and cave painting—dated at roughly 70,000 years old found in Blombos Cave in South Africa. Two pieces of ocher appear to be marked with abstract lines that could be viewed as artistic expression.»
- ↑ 1 2 В пещере обнаружена самая старая человеческая мастерская по изготовлению красок. The Guardian(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2011, 13 октябрь).
- ↑ Stephanie Pappa Oldest Human Paint-Making Studio Discovered in Cave. Live Science(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2011, 13 октябрь).
- ↑ Painted walls in Orkney 5,000 years old, BBC News (2010, 26 июль). Архивировано коч дечара 25 октябрехь 2021. Хьаьжна 25 октябрехь 2021.
- ↑ Painted walls (en-GB)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2011, 5 август).
- ↑ «Oldest Oil Paintings Found in Afghanistan» Архивйина июнь 3, 2011 — Wayback Machine, Rosella Lorenzi, Discovery News. Feb. 19, 2008.
- ↑ Theophilus Presbyter Book I ch. 25
- ↑ Barbera, Giocchino. Antonello da Messina, Sicily's Renaissance Master. — New York: Metropolitan Museum of Art Yale University Press, 2005. ISBN 0-300-11648-9 (online) Архивйина 2018-10-12 — Wayback Machine, p. 14
- ↑ (2006) «Watching Paint Dry: Organic Solvent Syndrome in late-Twentieth-Century Britain». Medical History 50 (2): 167–188. DOI:10.1017/s002572730000973x. PMID 16711296.
- ↑ Ethylene Glycol Mono-N-Butyl Ether(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). National Library of Medicine HSDB.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Менделеев Д. И., Лидов А. П. Краски органические естественные // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. (Хьаьжина 18 апрелехь 2011)
- Менделеев Д. И., Гемилиан В. А. Краски органические искусственные // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. (Хьаьжина 18 апрелехь 2011)
- Менделеев Д. И., Лидов А. П. Краски минеральные // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. (Хьаьжина 18 апрелехь 2011)
- Петрушевский Ф. Ф. Краски, употребляемые для живописи // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. (Хьаьжина 18 апрелехь 2011)
- Животные краски // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Корсунский Л. Устойчивость современных художественных масляных красок // Художник. 1962, № 10. С.56-58.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |