Чулацаман тӀегӀо

Банижа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Журнал «Лукоморье» (1916 шо)

Банижа йа лорйишайуккъера говзаллин медицинан областера дешар чекхдаьккхина говзанча. Банижа йуккерачу медицинан персоналан йукъа йогӀу, лоьралла а лахара говзанча йу.

Лахара медицинан дешар доьшу лахара банижаш а, санитараш а, цара лерина курсаш йоху йа дуьззина доцу йуккъера медицинан дешар доьшу. Уьш лахара медицинан персонал йукъара бу.

Банижа лоьран гӀоьнча йу дарбанан-профилактикан кхолламашкахь, лоьро йаздина дарба леладо, лорйишин процесс йо.

Банижаш бекъало белхан профильца:

  • Коьрта банижа — лакхара медицинан дешаран, лакхара лорйишийн дешаран факультет чекхйаьккхина говзанча. Цуо бен болх – дарбанцӀийнан рационалан болх дӀабахийтар, йуккъера а, лахара а медицинан персоналан квалификаци айар, церан белхан тергояр.
Верещагин Василий, «Даймехка кехат»
  • Лакхара банижа — гӀо до дарбанцӀийнан (поликлиникан) декъан куьйгалхочун административан-бахаман белхан тӀехь, болх дӀа а бохуьйту, терго а йо палатийн банижийн а, лахарчу медицинан персоналан а.
  • Палатан (постан) банижа — кхочушдо лоьро цомгашчарна йаздина дарба шайн еллачу палаташ чохь, тергойо пациентийн хьолан, церан Ӏуналла до, царна йуурган гӀайгӀа бо.
  • Процедуран банижа — лоьро йаздина дарба до (пхенах махатохар, пхенаш чу молха доттар), лоьран бен йан бакъо йоцу манипуляцеш еш гӀо до, таллархьама пхенах цӀий оьцу.
  • Операцин банижа — гӀо до хирурган хирургин операцешкахь, хирургийн гӀирс кечбо операцин, тегаран а, ехкаран гӀирс, чухула йуху бедар кечйо.
  • Декъан банижа — шена деллачу декъан тӀехь беха цомгашберш тӀеоьцуш декъан лоьран гӀо до, лоьро йаздина дарбан процедураш кхочушйо цомгашчеран цӀахь, профилактикан белхаш беш дакъа лоцу.
  • Диетан банижа (диетйиша) лоьран-диетологан куьйгаллийца жоп ло дарбан даар нийса лелорех, меню хӀоттайо, тергойо кулинарийн кечамна а, йуург хьалха йилларна, ткъа иштта кухнин а, цомгашчеран йуурган цӀийнан а санитарийн хьолах жоп ло.
  • Готта говзаллаш йолу лоьраш (окулисташ, оториноларингологаш, невропатологаш, кхин а) цомгашнарш тӀеоьцуш гӀо деш болу банижаш.
  • Декъан банижа — шена деллачу декъан тӀехь беха цомгашберш тӀеоьцуш декъан лоьран гӀо до, лоьро йаздина дарбан процедураш кхочушйо цомгашчеран цӀахь, профилактикан белхаш беш дакъа лоцу.
  • Диетан банижа (диетйиша) лоьран-диетологан куьйгаллийца жоп ло дарбан даар нийса лелорех, меню хӀоттайо, тергойо кулинарийн кечамна а, йуург хьалха йилларна, ткъа иштта кухнин а, цомгашчеран йуурган цӀийнан а санитарийн хьолах жоп ло.
  • Готта говзаллаш йолу лоьраш (окулисташ, оториноларингологаш, невропатологаш, кхин а) цомгашнарш тӀеоьцуш гӀо деш болу банижаш.

Медицинан кхолламашкахь даржех: «акушер-аьзни», «лорйиша», «санитар-аьзни», болхбеш берш боьрша нах белахь, олу: «акушер», «лорваша», «санитар»[1].

XI бӀешарахь Малхбуза Европин (Нидерландаш, Германи, кхин а) гӀаланашкахь кхоьллира зударийн а, мехкарийн а йукъараллаш цомгашчарна Ӏуналла дан. XIII бӀешарахь граф-азни Елизавета Тюрингенан шен хьолах дарбанцӀа дира, дӀакхийсина берашна а, байшна а цӀа дира, цигахь ша а шортта болхбора. 1235 ш. иза Сийлахь болчу нахана йукъатуьйхира, цуьнан цӀарах йиллира католикийн йукъаралла «Елизаветинкаш». Маьршачу хенахь йукъараллин йижарша Ӏуналла дора беккъа цомгашчу зударшна, ткъа тӀеман заманахь — медицинан гӀо оьшучу боьршачарна а. Оцу йукъаралло дукха гӀуллакх дина проказа цамгар йолчарна. Изза гӀуллакхь леладора «иооаниткаш» йукъаралло а, церан декъашхоша гайтира шайн майралла Парижехь 1348 ш. Ӏаьржа ун долуш. Йижрийн-«госпитальеркийн» карахь дара даккхий дарбанцӀаш — Парижера Сийлахь Людовикан, ткъа иштта кхечу Францин гӀаланашкара а.

Къинхетаме йижрий — Сийлахь Элан йоӀ Татьяна Николаевна а, Император-аьзни Александра Фёдоровна — хевшина бу, Сийлахь Элан йоӀ Ольга Николаевна — хоьттина Ӏа.

1617 шарахь Францехь мозгӀаро Викентий Пола вовшахтуьйхира хьалхара къинхетаме йижрийн йукъаралла (Къинхетаме йоӀрий), цуьнан коьрте хӀоттийра де Марийак Луиза, цуо йира семинараш къинхетаме йижаршна а, цомгашчаьрга хожучарна а, ткъа 1641 ш. кхоьллира леррина ишкол уьш Ӏамош. Викентий Пола дуьххьара йукъадаьккхира дешнийн цхьаьнакхетар «къинхетаме йиша», «йоккха йиша», хаийтира, йукъараллехь монахиняш а боцуш жерой а, йоӀстегрий а, хила безар, цара цхьан а нияташ дан ца дезар. Тера къинхетамен йижрийн институташ кхолла йолийра Францехь, Нидерландашкахь, Польшехь, кхечу мехкашкахь а. XIX бӀешо йуккъе доьдуш Малхбуза Европехь 16 эз. къинхетамен йиша йара.

Говзанчаш болчу банижийн гӀуллакх кхоьллира ГӀирман тӀеман заманахь ингалхочо Найтингейл Флоренса. Ф. Найтингейл шен гӀоьнчашца, царна йукъахь бара монахиняш а, къинхетамен йижрий а, бахара хьалха Туркойчура аренан дарбан цӀеношка, ткъа тӀаьхьа ГӀирме. Кхин оцу заманан гӀарайаьлла банижа йара Сикол Мэри. ТӀаккха кхоллайелира хӀоьттина стереотип: банижа — иза тӀеман аренашкара чевнаш йинарш арабоху санитар-аьзни йу, йа операцин менгин уллехь лаьттарг йу.

Хьалхарчу, тӀеме баханчу, банижашна йукъахь бара москохан Никольски обителера къинхетаме йижрий. Шайн лаамца а, низамца а бахара уьш ГӀирман тӀоман фронте чевнаш йинчу тӀемлойн гӀоьнна.

Оцу тӀеман хенахь исторехь дуьххьара тӀом боьдуш чевнаш йинчарна Ӏуналла дан хӀиттийра къинхетаме йижрий (сийлахь элан йоьӀа Елена Павловнас кхоьллина Крестовоздвиженски йукъараллера). Оцу зударша бира леррина кечам тӀом бечу эскарийн могӀнашкахь болхбархьама. Пирогов Николай Иванович, гӀараваьлла лор, керла социалан институт кхуллуш куьйгалла а дира, кхолларан болх дӀа а баьхьира.

Крестовоздвиженски йукъараллин йижрий, Севастополь, 1855 шо.
Мидал «Къинхетаме йиша. Чевнаш йинчарна гӀо. 1914—1917.»

Толстой Лева «Севастополан дийцаршкахь» бицира тӀам тӀехь долу эскаре къинхетаме йижрий бахкарх, тӀаьхьуо царна мидалш йелира «Севастополь ларйарна», царна йукъахь — Бакунина, Карцева, Стахович, Хитрово, кхин а. Крестовоздвиженски килсера, гуо бинчу Севастополехь болхбинчу 120 йишех, 17 кхелхира шайн белхан декхарш кхочушдеш.

1863 шарахь араделира Российн империн тӀеман министран омар, Крестовоздвиженски килсаца бартбина, тӀеман госпиталшкахь цомгашчарна гуттаренна йижрийн Ӏуналла дарах. И шо лара мегар ду Россехь банижан говзалла кхоллайаларан шо[2].

18771878 шерашкахь Оьрсийн-туркойн тӀемаш болуш Российн ЦӀиечу ЖӀарийн йукъараллехь кхоьллира «Керсталлин гӀо» Комитет. 1882 шарахь оцу Комитето кхоьллира ЦӀиечу ЖӀарин дерриг дуьненан системехь хьалхара къинхетаме йижрийн йукъаралла, ткъа кхин а ши шо даьлчи — уьш кечбан дешар[3].

Сту Шаховская Наталья шен йоӀаршца Надеждица, Натальяца, Верица, Новосильцева Екатерина, Розен Прасковья, сту Трубецкая Надежда, кхин а — и йу йуьззина йоцу исписка къинхетаме йижрий хиллачу российн гӀарабевллачу некъийн векалийн.

1912 шарахь йукъайаьккхира башха мидал — Дуьненайукъара ЦӀиечу ЖӀарин банижашна луш долу лакхара совгӀат.

1913 шо долалуш Россехь ерриг 109 йукъараллехь болхбеш йара 3442 къинхетаме йиша, ткъа кхин а цхьа шо даьлчи, Хьалхара дуьненан тӀом болалуш, еккъа госпиталашкахь уьш бара 20 эз. гергга, тӀом чекхболуш уьш хилира 30 эз. гергга[4]. Царски Селон лазареташкахь къинхетаме йижарша, леррина дешаран курс чекхйаьккхина, экзаменаш дӀаелчи, болхбора паччахьан доьзалашца цхьаьна могӀара, уьш бара оьрсийн Паччахьан зуда а, йоккхаха йолу ши йоӀ а: Император-аьзни Александра Фёдоровна, Сийлахь Элан йоӀ Ольга Николаевна, Сийлахь Элан йоӀ Татьяна Николаевна. Паччахь-аьзни шен йоӀаршца дӀаьндаргаш схьайохуш а, меженаш дӀахедош а операцешкахь ассистенташ хуьлура, чевнаш дӀайоьхкура, госпиталш йохкура, дӀасакхалхо лазареташ йохкура, санитаран цӀерпошт кечйора, тӀамах бевддачарна а, тӀемлойн доьзалшна а гӀоьнна комитеташ кхоллара[5].

Марк Антокольский
«Къинхетаман йиша»

12 майхь, Флоренс Найтингейл йинчу дийнахь дахдо Дуьненайукъара банижин де. Дезчу дийнан бӀе сов шо делахь а, официалан иза 1971 шарахь бен ца кхоьллина. Дерриг дуьненан банижийн де Россехь даздо 1981 шарахь дуьйна.

Дуьненан масех гӀалахь хӀоттийна банижин иэс.

Н. И. Пироговс дуьненахь дуьххьара йукъа а даьккхина, лелийра тӀом болчу кӀошташкахь зудрий чевнашйинчарна Ӏуналла дар.

Цуо дакъа лецира «Крестовоздвиженски къинхетаман йижрийн йукъаралла» когахӀотторехь. Билгалдаккха деза, кхечу махкахоша, масала, немцой, тӀеман кӀошташкара чевнаш йинчарна зударийн Ӏуналла дар, ингалсхочун Найтингейл тӀейазда гӀиртира, цунна дуьхьала Пироговс реза ца хилар гойтуш, луьро кехат йаздира, «Крестовоздвиженски къинхетаман йижрийн йукъаралла» 1854 шеран октябрехь кхоллар, ткъа ноябрехь уьш тӀамехь хилар гойтуш (баронессе Радене кехатехь). «Мисс Нейтингелах» а, «цуьнан хаза дегнаш долчу маьхкарех» а — тхуна дуьххьара хезна, — йаздо Пироговс, — 1855 шо долалуш," — кхин дӀайаздо: «Оха, оьрсаша, магийта ца деза цхьаьнге а историн бакъдерг иштта чӀогӀа хийца. Тхан декхар ду оцу хӀинца массара а тӀеэцначу дикачу белхан хьалхе схьаехар».

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Об утверждении Единого квалификационного справочника должностей руководителей, специалистов и служащих. Раздел «Квалификационные характеристики должностей работников в сфере здравоохранения» Приказ Минздравсоцразвития России от 23 июля 2010 г. N 541н г. Москва
  2. История сестричества и ухода за больными Архивйина 2010-05-02 — Wayback Machine
  3. Движению сестер милосердия 150 лет Архивйина 2009-05-08 — Wayback Machine
  4. Будко А. А., Быков И. Ю., Селиванов И. Ф. [и др.]. История военной медицины России. Т. 3. XIX — начало XX вв 2-е изд., испр. и доп. М. Воениздат; Военно-медицинский музей (ВММ) МО РФ, 2008, С. 368
  5. Августейшие сестры милосердия

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]