Банижа

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Журнал «Лукоморье» (1916 шо)

Банижа я лорйишаюккъера говзаллин медицинан областера дешар чекхдаьккхина говзанча. Банижа юккерачу медицинан персоналан юкъа йогӀу, лоьралла а лахара говзанча ю.

Лахара медицинан дешар доьшу лахара банижаш а, санитараш а, цара лерина курсаш йоху я дуьззина доцу юккъера медицинан дешар доьшу. Уьш лахара медицинан персонал юкъара бу.

Банижа лоьран гӀоьнча ю дарбанан-профилактикан кхолламашкахь, лоьро яздина дарба леладо, лорйишин процесс йо.

Даржаш[нисъе | нисъе чухулара]

Банижаш бекъало белхан профильца:

  • Коьрта банижа — лакхара медицинан дешаран, лакхара лорйишийн дешаран факультет чекхъяьккхина говзанча. Цуо бен болх – дарбанцӀийнан рационалан болх дӀабахийтар, юккъера а, лахара а медицинан персоналан квалификаци айар, церан белхан тергояр.
Верещагин Василий, «Даймехка кехат»
  • Лакхара банижа — гӀо до дарбанцӀийнан (поликлиникан) декъан куьйгалхочун административан-бахаман белхан тӀехь, болх дӀа а бохуьйту, терго а йо палатийн банижийн а, лахарчу медицинан персоналан а.
  • Палатан (постан) банижа — кхочушдо лоьро цомгашчарна яздина дарба шайн еллачу палаташ чохь, тергойо пациентийн хьолан, церан Ӏуналла до, царна юурган гӀайгӀа бо.
  • Процедуран банижа — лоьро яздина дарба до (пхенах махатохар, пхенаш чу молха доттар), лоьран бен ян бакъо йоцу манипуляцеш еш гӀо до, таллархьама пхенах цӀий оьцу.
  • Операцин банижа — гӀо до хирурган хирургин операцешкахь, хирургийн гӀирс кечбо операцин, тегаран а, ехкаран гӀирс, чухула юху бедар кечйо.
  • Декъан банижа — шена деллачу декъан тӀехь беха цомгашберш тӀеоьцуш декъан лоьран гӀо до, лоьро яздина дарбан процедураш кхочушйо цомгашчеран цӀахь, профилактикан белхаш беш дакъа лоцу.
  • Диетан банижа (диетйиша) лоьран-диетологан куьйгаллийца жоп ло дарбан даар нийса лелорех, меню хӀоттайо, тергойо кулинарийн кечамна а, юург хьалха йилларна, ткъа иштта кухнин а, цомгашчеран юурган цӀийнан а санитарийн хьолах жоп ло.
  • Готта говзаллаш йолу лоьраш (окулисташ, оториноларингологаш, невропатологаш, кхин а) цомгашнарш тӀеоьцуш гӀо деш болу банижаш.
  • Декъан банижа — шена деллачу декъан тӀехь беха цомгашберш тӀеоьцуш декъан лоьран гӀо до, лоьро яздина дарбан процедураш кхочушйо цомгашчеран цӀахь, профилактикан белхаш беш дакъа лоцу.
  • Диетан банижа (диетйиша) лоьран-диетологан куьйгаллийца жоп ло дарбан даар нийса лелорех, меню хӀоттайо, тергойо кулинарийн кечамна а, юург хьалха йилларна, ткъа иштта кухнин а, цомгашчеран юурган цӀийнан а санитарийн хьолах жоп ло.
  • Готта говзаллаш йолу лоьраш (окулисташ, оториноларингологаш, невропатологаш, кхин а) цомгашнарш тӀеоьцуш гӀо деш болу банижаш.

Медицинан кхолламашкахь даржех: «акушер-аьзни», «лорйиша», «санитар-аьзни», болхбеш берш боьрша нах белахь, олу: «акушер», «лорваша», «санитар»[1].

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

XI бӀешарахь Малхбуза Европан (Нидерландаш, Германи, кхин а) гӀаланашкахь кхоьллира зударийн а, мехкарийн а юкъараллаш цомгашчарна Ӏуналла дан. XIII бӀешарахь граф-азни Елизавета Тюрингенан шен хьолах дарбанцӀа дира, дӀакхийсина берашна а, байшна а цӀа дира, цигахь ша а шортта болхбора. 1235 ш. иза Сийлахь болчу нахана юкъатуьйхира, цуьнан цӀарах йиллира католикийн юкъаралла «Елизаветинкаш». Маьршачу хенахь юкъараллин йижарша Ӏуналла дора беккъа цомгашчу зударшна, ткъа тӀеман заманахь — медицинан гӀо оьшучу боьршачарна а. Оцу юкъаралло дукха гӀуллакх дина проказа цамгар йолчарна. Изза гӀуллакхь леладора «иооаниткаш» юкъаралло а, церан декъашхоша гайтира шайн майралла Парижехь 1348 ш. Ӏаьржа ун долуш. Йижрийн-«госпитальеркийн» карахь дара даккхий дарбанцӀаш — Парижера Сийлахь Людовикан, ткъа иштта кхечу Францин гӀаланашкара а.

1617 шарахь Францехь мозгӀаро Викентий Пола вовшахтуьйхира хьалхара къинхетаме йижрийн юкъаралла (Къинхетаме йоӀрий), цуьнан коьрте хӀоттийра де Марийак Луиза, цуо йира семинараш къинхетаме йижаршна а, цомгашчаьрга хожучарна а, ткъа 1641 ш. кхоьллира леррина ишкол уьш Ӏамош. Викентий Пола дуьххьара юкъадаьккхира дешнийн цхьаьнакхетар «къинхетаме йиша», «йоккха йиша», хаийтира, юкъараллехь монахиняш а боцуш жерой а, йоӀстегрий а, хила безар, цара цхьан а нияташ дан ца дезар. Тера къинхетамен йижрийн институташ кхолла йолийра Францехь, Нидерландашкахь, Польшехь, кхечу мехкашкахь а. XIX бӀешо юккъе доьдуш Малхбуза Европехь 16 эз. къинхетамен йиша яра.

Говзанчаш болчу банижийн гӀуллакх кхоьллира ГӀирман тӀеман заманахь ингалхочо Найтингейл Флоренса. Ф. Найтингейл шен гӀоьнчашца, царна юкъахь бара монахиняш а, къинхетамен йижрий а, бахара хьалха Туркойчура аренан дарбан цӀеношка, ткъа тӀаьхьа ГӀирме. Кхин оцу заманан гӀараяьлла банижа яра Сикол Мэри. ТӀаккха кхоллаелира хӀоьттина стереотип: банижа — иза тӀеман аренашкара чевнаш йинарш арабоху санитар-аьзни ю, я операцин менгин уллехь лаьттарг ю.

Хьалхарчу, тӀеме баханчу, банижашна юкъахь бара москохан Никольски обителера къинхетаме йижрий. Шайн лаамца а, низамца а бахара уьш ГӀирман тӀоман фронте чевнаш йинчу тӀемлойн гӀоьнна.

Оцу тӀеман хенахь исторехь дуьххьара тӀом боьдуш чевнаш йинчарна Ӏуналла дан хӀиттийра къинхетаме йижрий (сийлахь элан йоьӀа Елена Павловнас кхоьллина Крестовоздвиженски юкъараллера). Оцу зударша бира леррина кечам тӀом бечу эскарийн могӀнашкахь болхбархьама. Пирогов Николай Иванович, гӀараваьлла лор, керла социалан институт кхуллуш куьйгалла а дира, кхолларан болх дӀа а баьхьира.

Крестовоздвиженски юкъараллин йижрий, Севастополь, 1855 шо.
Мидал «Къинхетаме йиша. Чевнаш йинчарна гӀо. 1914—1917.»

Толстой Лева «Севастополан дийцаршкахь» бицира тӀам тӀехь долу эскаре къинхетаме йижрий бахкарх, тӀаьхьуо царна мидалш елира «Севастополь ларъярна», царна юкъахь — Бакунина, Карцева, Стахович, Хитрово, кхин а. Крестовоздвиженски килсера, гуо бинчу Севастополехь болхбинчу 120 йишех, 17 кхелхира шайн белхан декхарш кхочушдеш.

1863 шарахь араделира Российн империн тӀеман министран омар, Крестовоздвиженски килсаца бартбина, тӀеман госпиталшкахь цомгашчарна гуттаренна йижрийн Ӏуналла дарах. И шо лара мегар ду Россехь банижан говзалла кхоллаяларан шо[2].

18771878 шерашкахь Оьрсийн-туркойн тӀемаш болуш Российн ЦӀиечу ЖӀарийн юкъараллехь кхоьллира «Керсталлин гӀо» Комитет. 1882 шарахь оцу Комитето кхоьллира ЦӀиечу ЖӀарин дерриг дуьненан системехь хьалхара къинхетаме йижрийн юкъаралла, ткъа кхин а ши шо даьлчи — уьш кечбан дешар[3].

Сту Шаховская Наталья шен йоӀаршца Надеждица, Натальяца, Верица, Новосильцева Екатерина, Розен Прасковья, сту Трубецкая Надежда, кхин а — и ю юьззина йоцу исписка къинхетаме йижрий хиллачу российн гӀарабевллачу некъийн векалийн.

1912 шарахь юкъаяьккхира башха мидал — Дуьненаюкъара ЦӀиечу ЖӀарин банижашна луш долу лакхара совгӀат.

1913 шо долалуш Россехь ерриг 109 юкъараллехь болхбеш яра 3442 къинхетаме йиша, ткъа кхин а цхьа шо даьлчи, Хьалхара дуьненан тӀом болалуш, еккъа госпиталашкахь уьш бара 20 эз. гергга, тӀом чекхболуш уьш хилира 30 эз. гергга[4]. Царски Селон лазареташкахь къинхетаме йижарша, леррина дешаран курс чекхъяьккхина, экзаменаш дӀаелчи, болхбора паччахьан доьзалашца цхьаьна могӀара, уьш бара оьрсийн Паччахьан зуда а, йоккхаха йолу ши йоӀ а: Император-аьзни Александра Фёдоровна, Сийлахь Элан йоӀ Ольга Николаевна, Сийлахь Элан йоӀ Татьяна Николаевна. Паччахь-аьзни шен йоӀаршца дӀаьндаргаш схьайохуш а, меженаш дӀахедош а операцешкахь ассистенташ хуьлура, чевнаш дӀайоьхкура, госпиталш йохкура, дӀасакхалхо лазареташ йохкура, санитаран цӀерпошт кечйора, тӀамах бевддачарна а, тӀемлойн доьзалшна а гӀоьнна комитеташ кхоллара[5].

Марк Антокольский
«Къинхетаман йиша»

12 майхь, Флоренс Найтингейл йинчу дийнахь дахдо Дуьненаюкъара банижин де. Дезчу дийнан бӀе сов шо делахь а, официалан иза 1971 шарахь бен ца кхоьллина. Дерриг дуьненан банижийн де Россехь даздо 1981 шарахь дуьйна.

Дуьненан масех гӀалахь хӀоттийна банижин иэс.

ТӀеман фельдшер (кхечу эскаршкахь (гӀуллакхехь) цӀелейтенант) И. В. Бирюлина — № 1987 эвакогоспиталан доккхачу леррина декъан лакхара банижа, 1941 шо.

Н. И. Пироговс дуьненахь дуьххьара юкъа а даьккхина, лелийра тӀом болчу кӀошташкахь зудрий чевнашйинчарна Ӏуналла дар.

Цуо дакъа лецира «Крестовоздвиженски къинхетаман йижрийн юкъаралла» когахӀотторехь. Билгалдаккха деза, кхечу махкахоша, масала, немцой, тӀеман кӀошташкара чевнаш йинчарна зударийн Ӏуналла дар, ингалсхочун Найтингейл тӀеязда гӀиртира, цунна дуьхьала Пироговс реза ца хилар гойтуш, луьро кехат яздира, «Крестовоздвиженски къинхетаман йижрийн юкъаралла» 1854 шеран октябрехь кхоллар, ткъа ноябрехь уьш тӀамехь хилар гойтуш (баронессе Радене кехатехь). «Мисс Нейтингелах» а, «цуьнан хаза дегнаш долчу маьхкарех» а — тхуна дуьххьара хезна, — яздо Пироговс, — 1855 шо долалуш," — кхин дӀаяздо: «Оха, оьрсаша, магийта ца деза цхьаьнге а историн бакъдерг иштта чӀогӀа хийца. Тхан декхар ду оцу хӀинца массара а тӀеэцначу дикачу белхан хьалхе схьаехар».

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Об утверждении Единого квалификационного справочника должностей руководителей, специалистов и служащих. Раздел «Квалификационные характеристики должностей работников в сфере здравоохранения» Приказ Минздравсоцразвития России от 23 июля 2010 г. N 541н г. Москва
  2. История сестричества и ухода за больными
  3. Движению сестер милосердия 150 лет
  4. Будко А. А., Быков И. Ю., Селиванов И. Ф. [и др.]. История военной медицины России. Т. 3. XIX — начало XX вв 2-е изд., испр. и доп. М. Воениздат; Военно-медицинский музей (ВММ) МО РФ, 2008, С. 368
  5. Августейшие сестры милосердия

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]