ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
- ДӀайиллина Москохан консерватори.
- 23 февраль — Куза Иона йитина Румынин Ӏарш.
- 8 апрель — Пруссис а, Италис а бина къайлаха барт, цуьнца шинне а агӀоно сацо йиш яцара Австрин дуьхьала болу тӀом, шайн беза мохк схьабаллалц[1].
- 16 апрель — Д. В. Каракозов Пиетарбухера Аьхкенан беш йолчохь аьттонза гӀоьртира император Александр II-гӀа вие.
- май — Российн империн Бухарин ханаллийца тӀом болабелла.
- 16 май — Москохахь хилла даздарца дӀаеллар Никольскан йукъарадинан килса.
- 14 июнь — Германин союзан сеймо къобал дира Австрин империс Пруссин дуьхьала бартхойн эскар кхоллар кховдадар[2].
- 16 июнь — пруссин эскаро долийра тӀелатар Ганноверан, Гессенан, Саксонин[2].
- 17 июнь — Австрин империс кхайкхийра Пруссин тӀом. Болабелла Австрин-пруссийн тӀом[2].
- 19 июнь — Кронштадтехь долийна И. Ф. Александровски цӀарах долчу хин бухахула лела кема зиер.
- 20 июнь — италин эскар чудеина Австрин долахь йолчу Венецин областе. Болабелла ШолгӀа австрин-италин тӀом[1].
- 22 июнь — пруссин коьрта баьччалло арахецна Богеми концентрин тӀелатаран директива[3].
- 24 июнь
- 28 июнь — Ганноверан эскаро пруссин эскаран еш йолу дуьхьало сацийра Лангензальцехь[3].
- 3 июль — Австрин-пруссин тӀом чекхбаьккхина Садовера тӀом. Австрин эскар ийшира[6].
- 8 июль — италин эскар юха а тӀелетта Австрин эскарна[1].
- 20 июль — Австрин (контр-адмирал фон Тегетгофф Вильгельм) а, Италин (адмирал К. П. Персано) а флоташна йукъара Лиссера тӀом чекхбелира италин флот иэшарца. Ӏаьнаран бронлелочу кеманашна юкъахь хилла дуьххьарлера эскадран тӀом[7].
- 22 июль — Пруссис а, Австрис а барт бира[8].
- 26 июль
- 7 август — Абхазехь гӀаттам болабелла[9].
- 10 август — Австрис а, Италис а машар бира[1].
- 23 август — Прагехь куьг яздина Австрин-пруссин-италин тӀом чекхбаьккхинчу машаран барт кӀела. Германин союз дӀаяьккхина, Пруссин кхолла бакъо ло ша куьйгаллехь йолу керла ерриггерманин союз[6].
- 1 сентябр — дӀайиллина Москохан консерватори.
- 3 сентябрь — Женевехь болх дӀаболийна хьалхарчу Интернационалан хьалхарчу конгрессо (3—8 сентябрь)[10].
- 7 сентябрь — оьрсийн Ӏедал герз схьадаьккхина делира гӀаьттинчу Абхазехь[9].
- 3 октябр — Австрин-пруссин-италин тӀеман жамӀаца бина Венан машаран барт. Австрис йитина Венецин область Францина, цуо дӀаелира иза Италин паччахьаллин[6].
- 21 октябрь — Венецин областехь дӀаяьхьира плебисцит, жамӀ Италин паччахьаллин венеци дӀатохар хилира[1].
- 30 октябрь — 1866—1868 шерашкара оьрсийн-бухарин тӀамехь баьчча инарла Д. И. Романовский волчу оьрсийн тобано яьккхира Бухаран эмиратера гӀап Джизак.
- 24 ноября — Россехь даьккхина закон пачхьалкхан ахархойн хийцам барехь. Цаьргахь дуьсура дерриг цара лелош хилла латтанаш[11].
- 19 декабрь — коьллина Оьрсийн телеграфан агенталла.
- Мендель Грегор, австрийн монах, итт шо дайина тайп-тайпана кхоьн хӀу эдеш килсан бешахь, кхайкхийна тӀаьхьенан коьрта закон деллар.
- Кхоьллина Двинан коьрта цӀерпоштан пхьолгӀанаш, тӀаьхьа цӀе хийцина Даугавпилсан локомотивтояран завод аьлла.
- Калаверасехь (Калифорни штат, АЦШ) карийна тӀулг хилла адаман туьта, дийцарехь цуо гойтура цхьаьна хенан чохь адамаш а, мастодонташ а хилар. Карийнарг хилира бевзачех уггар боккха археологин аьшпаш, ткъа цунах лаьцна йаззам зорба тоьхна Энциклопеди Британникин 11-гӀа арахецарехь.
- ↑ 1 2 3 4 5 СИЭ. — Т. 1. — С. 143.
- ↑ 1 2 3 СИЭ. — Т. 1. — С. 146.
- ↑ 1 2 СИЭ. — Т. 1. — С. 147.
- ↑ БСЭ. — 3-е изд. — Т. 14. — С. 55.
- ↑ БСЭ. — 3-е изд. — Т. 13. — С. 486.
- ↑ 1 2 3 4 СИЭ. — Т. 1. — С. 130.
- ↑ БСЭ. — 3-е изд. — Т. 14. — С. 494.
- ↑ СИЭ. — Т. 1. — С. 148.
- ↑ 1 2 СИЭ. — Т. 1. — С. 58.
- ↑ Интернационал 1-й // Большая советская энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия, 3 издание.
- ↑ БСЭ. — 3-е изд. — Т. 13. — С. 405.