1248 шо
Арахьара хатӀ
Шераш |
---|
1244 · 1245 · 1246 · 1247 — 1248 — 1249 · 1250 · 1251 · 1252 |
Итта шераш |
1220‑гӀа · 1230‑гӀа — 1240‑гӀа — 1250‑гӀа · 1260‑гӀа |
БӀешераш |
XII бӀешо — XIII бӀешо — XIV бӀешо |
1248 (эзар ши бӀе шовзткъа бархӀалгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу Кхаарахь. Иза вайн эран 1248 шо ду, 248 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 48 шо бӀешеран, 8 шо 5-гӀа иттаннаш шерашкахь XIII бӀешеран, 9 шо 1240-гӀа шерийн.
Хиламаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 4 январехь махках ваьккхинчохь вела Португалин паччахь хилла Саншу II.
- 18 февраль — гвельфаша Пармин гергахь иэшам бина Сийлахь Руман империн императоран Фридрих II-гӀачун эскаршна.
- Флоренцехь гибеллинаша дийзийтира коьртера гвельфийн доьзалийн гӀалара арабовла.
- 26 апрель — Парижехь дӀайиллина керла зугӀар Сент-Шапель.
- 15 август — Европехь ечу хенахь уггаре яхъелла Кёльнан килсан бух буттуш хьалхара тӀулг биллина.
- Болабелла ВорхӀалгӀа жӀаран тӀом. Французийн Людовик IX-гӀачун эскар Кипр тӀекхочу. Декабрехь паччахь волчохь хуьлу шиъ монголийн векал, уьш бахкийтина бусалбачарна дуьхьала цхьаьна тӀом бар кховдо.[1]
- Кастилин Бланка — Францин регент (1252 шо кхаччалц) шен кӀан воцучу хенахь.
- 22 ноябрь — Кастилин Фердинанд III-гӀачо Севилья яккхар.[2]
- 1248—1251 — Гуюк веллачул тӀаьхьа Монголийн пачхьалкхан ханан Ӏарш къовсар, цхьаьна хенан Монголин регент хуьлу цунах йисина жеро Огул-Гаймыш.
- 1248/1249 шерашкара Ӏа — 28 дийнан тӀом пизин а, генуян а республикашна йукъахь, оцу тӀамехь гуолацаран машенаша йохийра Акра[3] .
- Василько Романовича юхатуьйхира ятвягийн талоран тӀелатар.
Урхалчаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ГӀайренийн паччахьалла — паччахь ву Юэн Макдугалл (1249 шо кхаччалц).
- Португали — паччахь Афонсу III (1279 шо кхаччалц).
- Швеци — ФолькунггӀеран некъех волу Биргер Ярл ву (1250 шо кхаччалц, цул тӀаьхьа — регент).
- Монголийн импери — паччахьаллин йукъ. Регент Огул-Гаймыш (1248—1251 шераш).
- Сийлахь Руман импери — Вильгельм Голландин (1248—1256), руман паччахь (антипаччахь 1254 шо кхаччалц).
Бина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1248 шарахь
- Фолиньора Анджела, италин монахиня-францискахо, йаздархо.
- Иоанн I Баллиоль, Шотландин паччахь 1292—1296 шерашкахь
- Карл II, Неаполан паччахь (1285—1309).
- Роберт II, Бургундин герцог (1272—1306).
Белла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа иштта: Категори:Белларш 1248 шарахь
- Гуюк, Монголин пачхьалкхан паччахь ву.
- Михаил Ярославич Хоробрит, Владимиран сийлахь эла.
- 4 январехь Саншу II-гӀа хӀоьттина Португалин паччахь.
- Субэдэй, монголийн тӀеман баьчча.
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]Категори «1248 шо» ца карийна.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Ришар Ж. Латино-Иерусалимское королевство = Jean Richard. Le Royaume Latin de Jerusalem / Пер. с франц. А. Ю. Карачинского. — СПб.: Издательская группа «Евразия», 2002. — С. 307. — ISBN 5-8071-0057-3.
- ↑ Рюкуа А. Средневековая Испания = Adeline Rucquoi. L'Espagne medievale. — М.: Вече, 2006. — С. 36. — (Гиды цивилизаций). — ISBN 5-9533-1459-0.
- ↑ Ришар Ж. Латино-Иерусалимское королевство. — СПб., 2002. — С. 328—329.