Эска
Эска | |
![]() | |
Вина терахь | хууш дац |
---|---|
Кхелхина терахь | хууш дац |
Пачхьалкх | Къилбаседа-Кавказан имамалла |
ТӀемаш | Кавказхойн–оьрсийн тIом 1763–1864 |
Эска — имам Шемалан Мишка кIоштехь наиб хилла ву. Эска тайпана чарто ву, цуьнан ден цIе Абки ( Акби ) хилла. Цуьнан цIийнан нах, 1821 шарахь, оьрсийн паччахьан эскаро кхин ГIачалкхан рагIцийн йолу ярташцийн Нойбоьра ягийча теркйисте охьа бахана.1852 шарахь дуьйна Мишка кIоштан ( виллайатан ) имаман наиб хилла. Цо доккха дакъа лаьцна Россей паччахьан эскаршца хиллачу къовсамашках. 1857 шарахь Къилбседа Кавказан Имамат эшна хилар шен билгалла даьллачул тIехьа сацам бира Российн Iедалан векалшца берта ван. Кавказан Хьарцахьара Фланган куьгалхочо инарл Евдокимовс иза гIумкийн БоргIане цIе йолчу юьрта ваха хьажийна. Кхелхина Эска бусулба терахьаца 1294 шарахь, эрмалойн терахьаца иза герга ду 1876-1877 шершна. ДIавоьллийна Эска БIачи-Юьртара ГIансол хин бакъхьарчу бердан йистерачу ширчу кешнашкахь. Эский цIийнан нах Iаш бу Лакха Нойбоьрахь а, Гуьмсехь а ( Гуьмс- Эвла ).
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]