Шанавазов, Нурмагомед Магомедсаидович
Нурмагомед Магомедсаидович Шанавазов | |
---|---|
![]() | |
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | божарийн[d] |
Пачхьалкх | |
Говзалла | Бокс |
Вина терахь | 1965 шеран 19 февраль (58 шо) |
Вина меттиг | |
Локхалла | 185 сантиметр[1] |
Йозалла | 81 килограмм[1] |
Нурмагоме́д Магомедсаи́дович Шанава́зов (род. 19 февраля 1965 года, Губден, Дагестанская АССР, РСФСР, СССР) — советски боксёр, Европин чемпион (1985), дуьненан Кубкан толамхо (1985), дуьненан чемпионатан а (1989), Олимпиадан а совгӀатхо (1988). 1985 шарахь иза хаьржира дуьненан тоьллина боксёр. СССР Сийлахь спортан говзанча (1989).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Вина 1965 шеран 19 февралехь Дагестанан АССР Кхарабудахкентан кӀоштара Губден юртехь. ДаьргӀо[2]. Цуьнан тренер вара Арслан Муртазалиев. 1985-1989 шерашкахь иза вара СССР гулйина тобанан декъашхо. Иза хилира Европин чемпион а, дуьненан Кубкан толамхо а, Москвахь хилла Дика Ӏалашойн ловзарийн толамхо а (1986)[3], Сеулехь хилла аьхкенан Олимпиадан совгӀатхо а, дуьненан чемпионатан борзан совгӀахо а. 1990 шарахь иза профессионал хилира. Цигахь иза шозза туьйлира, ши латар цхьа а тоьлуш дӀайирзира, цкъа иза ийшира. Цул тӀаьхьа цо бокс йитира.
Цул тӀаьхьа цо Махачкалахь тренер болх а бира, йукъараллин а, политикин а гӀуллках дан волавелира. Иза ву Дагестанан Йукъараллин палатан социальни кхиамийн комиссин декъашхо. 2011 шарахь иза хаьржина Дагестанан Халкъан гуламийн депутат, «Патриоты России» фракцин декъашхо[4].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Olympedia (инг.) — 2006.
- ↑ Профиль на сайте Народного собрания Республики Дагестан(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 22 октябрехь. Теллина 2012 шеран 22 декабрехь.
- ↑ Победители и призёры Игр доброй воли(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Фракция «Патриоты России» в Народном собрании Республики Дагестан(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 5 январехь. Теллина 2012 шеран 22 декабрехь.