Толкиен, Джон Роналд Руэл

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Джон Роналд Руэл Толкиен
J. R. R. Tolkien
Tolkien 1916.jpg
Бакъ цӀе

Джон Роналд Руэл Толкиен

Вина терахь

1892 шеран 3 январь({{padleft:1892|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})

Вина меттиг

Блумфонтейн

Кхелхина терахь

1973 шеран 2 сентябрь({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (81 шо)

Кхелхина меттиг

Борнмут, Англи, Йоккха Британи

Корматалла

Поэт, яздархо, лингвист

Гражданалла

Йоккха Британи Йоккха Британи

Да

Артур Руэл Толкин (Arthur Reuel Tolkien 1857—1895)

Нана

Мейбел Саффилд (Mabel Suffield 1870—1904)

Зуда

Эдит Брэтт (Edith Bratt 1889—1971)

Бераш
  • Джон (John Francis Reuel Tolkien, 1917—2003)
  • Майкл (Michael Hilary Reuel Tolkien, 1920—1984)
  • Кристофер (Christopher John Reuel Tolkien, вина 1924)
  • Присцилла (Priscilla Anne Reuel Tolkien, йина 1929)
СовгӀаташ

Британи Империйн Орден

Джон Роналд Руэл Толкиен Викилармехь

Джон Рóналд Ру́эл Тóлкиен (инглс. John Ronald Reuel Tolkien; 1892 шеран 3 январь — 1973 шеран 2 сентябрь) — ингалсан яздархо, поэт, филолог, лингвист, Оксфордан университетан профессор. Дуьненна ша вовзийтина «лакхарчу фентези» жанарехь язийначу произведенешках, уьш ю: «Хоббит, я дIавахар, схьавар а»(«The Hobbit, or There and Back Again», «Мухаршан Эла»(«The Lord of the Rings»), «Силмариллион»(«The Silmarillion»).

Толкиен дӀаваьлча, цуьнан кӀантас Кристоферас шен ден белхан йозанашах пайда а оьцуш язийна «Силмариллион» боху жайна, цо а вукху произведенешца дӀалоцу дакъа, Арда бохучу дуьненан, Юкъара-Латт (Middle-earth) цӀе йоллуш меттигах лаьцна.

Бералла[нисъе | нисъе чухулара]

Толкиен вина 1892 шеран 3-гIа январехь, цуьнан да нана а, и кIант вале Къилбера Африке (КЪАР) дIа боьлху, эскар юкъехь ден меттиг хийца баларна бахьан а долуш. Цигахь 1894 шеран 17 февралехь дуьненчу волу шолгIа кIант Хилари Артур Руэл.

1896 шарахь да кхелхича Толкиенийн доьзалла Англи цIа боьрзу. Цигахь вуно хала хан йоккху нанас, шиъ бера кхаба хала долуш. Нанас Делийгара шен гIо хилийта а, Католицизман дин тIе йоьрзу, амма цуьнан гергарчара и гIуллакх дика тIе ца лоцу, уьш шаьш англиканхой бара. Ишта гергархошца йолу уьйра йойу цо.

Жима волушехь Толкиенийн ботаникехь безам хуьлу. Цуна хаза хетара Iаламан суьрташ дохкуш. Нанас и Iамвора яздан, деша а, цуна боккха безам кхета фентези жанрехь долу туьйранашна.

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

16 шо долуш Толкиена йоьвзу Эдит Брэтт, иза йига лууш вара Толкиен, амма цуьнан, нана кхелхийча веана тIелацархос Френсиса, иза ца могийта; Эдит Брет Католицизман динан тIехь яьзна яцара. Толкиен цуьнга кхин вист а ца хуьлу, 21 шо кхаччалц, и хан тIе яьийча цо хаам бохьийту, ша динчу хIуманан кхетам а балоша, шега йола дехар а даьш. Амма цу хан чохь Эдит Брэтт кхечунга маре йоьдуш яра, ткъа иза Толкиенан дехаре хоп а луш цуьнга схьайогIу, цара цхьани йоккху йоккха ирсе хан (56 шо).

Iар-Дахар[нисъе | нисъе чухулара]

Толкиен 1916 шарахь

1914 шерахь Толкиен тIеман кечам бечу корпусе юкъа воьду, ша тIаме кхойкху хан ях а ян, ша бакалавр хила кхиийта. 1915 шарахь цо дика чекха йоккху университет, юха Ланкаширан тIемлойн полк юкъе воьду иза, цигара боьдуш болу Хьалхара дуьненан тIаме кхайккхам богIу цунна, цу тIамехь кхелха цуьнан шиъ дика доттагI. Толкиена цомгар а кхетий иза кхин тIом ца беш цIа воийту.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]