Текстиль

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Текстилан тайп-тайпана кепаш

Тексти́ль (схьадаьлла лат. textus «кӀади») — эхангах кӀади ден чарх тӀехь кӀеда, сетта хьесех а, тайнех а (кӀади, бамба, маша, кхин дӀа а) йеш йолу хӀума. КӀади хилаз йолу: трикотаж, истанг, хӀинцалера дуьйцина доцу а, кхин а материалаш.

Дош текстиль — схьадаьлла лат. textere, иза «дуца» бохург ду. КӀадеш дуцар — уггаре а даьржина хьесап ду текстиль йаран, кхин а хьесапаш ду текстиль йаран: тӀехьарчор, датор.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара текстилан хьесий, тарло, кечданза бецийн маргӀалш. Царех исторел хьалхарчу хенахь дуцура кирхьа, тоьрмигаш, чӀара лоцу бойнаш, машшаш. ТӀехьа адамашна Ӏемира алсамо йуткъа материалаш йан — ветанан, кӀомалан, джутан хьесий, дийнатийн тӀаргӀа.

Уггаре шира Ӏилманан девза кӀадеш девлла Ширачу Мисрара — уьш дора ветанах 7 эзар сов шо хьалха.

Вайн эрал III шо хьалха буьйлабелира кхин хьесий лело, масала, дари Цийчохь, бамба ХӀиндехь. Тера ду, кхин а хьалха Гергарчу Малхбалехь йукъадевлла хилар тӀергӀан кӀадеш. И текстилан хӀуманаш йара хийцаран а, махлелоран а ладаме хӀуманаш.

Джон Кейс[en] хьовзо чарх йаран а (1730), ша йуцу чӀу бар (1733), цул тӀехьа Аркрайт Ричарда а, Кромптон Сэмюэла а эханг хьовзо чарх йаро механике даьккхира бамбин кӀадеш дар, Промышленностан революци айбира Йоккх Британехь.

XIX бӀешеран чаккхенгара дуьйна алсама даьржа адамо ден (Ӏаламан полимерийн бух тӀехь) а, синтетикин (углеводородан аьргаллех) хьесий, царна йукъахь гӀарадевлла ду вискоза, нейлон, лайкра.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «текстиль»