Тархан Нартол

31°46′41″ къ. ш. 35°14′07″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Маьждиг
Тархан Нартол
مسجد قبة الصخرة‎
Пачхьалкх
ГӀала Къудс
Адрес Шира-гIала, Ардан гу
Координаташ 31°46′41″ къ. ш. 35°14′07″ м. д.HGЯO
Долахо Iабд аль Малик
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
Архитекторш Раджа ибн Хайва а, Язид ибн Салям
ГӀишлош яр 687—691 шераш
Нартолийн дукхалла 1
Нартолан локхалла 34 метр
ГӀирс мрамор[d], древесина[d], алюминий[d][2], медь[d][2], никель[d][2], сусальное золото[d][2]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Тархан Нартол (Ӏаьрб. مسجد قبة الصخرة‎ -Ма́сджид Ку́ббат ас-Са́хра; ивр. ‏כיפת הסלע‏‎ Киппат а-Села)- Къудс-гӀалахь Ардан гу тӀехь лаьтта маьждиг ду. Маьждиган гӀишло Исламан архитектурин хьалхарчарех цхьаъ йу. Бусулба наха сийлахь меттиг санна лоруш йу. Кхечу Шира-гӀалин хӀолламашца Дуьненайукъара хазанаш лардечу ЮНЕСКО-н тептар йукъе йогӀуш йу.

691-чу шарахь маьждиг даран белхаш чекхделира. 1099-чу шарахь жӀарахоша цунах килс дира. Амма 1187-чу шарахь маьждиган хьал меттахӀотта дира.

Аль Акъса маьждиган йистехь ду Тархан Нартол. Ала деза, Куббат ас-Сахра (Тархан Нартол) а, Ӏумар халифан цӀарах (Аль Акъса) маьждиг а шайн-шайн чоь а, истори а йолуш маьждигаш ду. Харам аш Шариф цӀе йолу архитектурин комплекс чудогӀуш и шиъ.

Наггахь цхьаболу авторшан иза Омаран маьждигах тарло.

Тамплиершан орденан зорбан тIехь Тарханан Нартолан гӀаларт (силуэт) ду.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. archINFORM (нем.) — 1994.
  2. 1 2 3 4 https://www.arabnews.com/node/1824536/amp