Себу (гӀала)
| ГӀала | |||
| Себу | |||
|---|---|---|---|
| Cebú | |||
| | |||
|
|||
| 10°14′27″ къ. ш. 123°50′14″ м. д.HGЯO | |||
| Пачхьалкх |
|
||
| Истори а, географи а | |||
| Йиллина | 1565 шо | ||
| Майда |
|
||
| Центран локхалла | 135 метр | ||
| Бахархой | |||
| Бахархой | 866 171 стаг (2010) | ||
| Луьсталла | 2700 стаг/км² | ||
| Агломераци | Себу 2 551 100 | ||
| Идентификаторан терахьаш | |||
| Телефонан код | +63 32 | ||
| Поштан индексаш | 6000 | ||
|
|
|||
| cebu.gov.ph | |||
| Картин тӀехь | |||
Себу́ (Cebú) — шен барамца йоьалгӀа[1] а, уггаре шира а Филиппинашкара гӀала ю. Себун агломерацин уггаре йоккха гӀала ю. Лаьтта Себу гӀайренан малхбален берда тӀехь, Мактан гӀайренан дуьххьала. Йоккха порт. Бахархой — 866 эз. вахархо (2010).
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]ГӀала 1565 шарахь Лопес де Легаспис 44 шо хьалха Магеллан охьавоьссинчехь йиллина лору. Велла сийлахь новкъахо Себун луларчу гӀайрен тӀехь — Мактанехь. Манила йиллале хьалха ялх шарахь Себу Филиппинашкахь коьрта европин гӀала лаьттира. Оцу шерашкахь йина Сан-Педро гӀап XIX бӀешо чекхдаллалц йисира испанин олаллин бастион къилба Филиппинашкахь. Кхин а Себу гӀайрен тӀехь йолало керсталлин истори Филиппинашкахь. Магеллана хӀоттийна Себухь дечиган жӀар. Оригиналан жӀарах йисинарг чуйоьллина тиндало диттах йинчу кхечу, Ӏаьржа жӀаран. 1595 шарахь кхоьллира университет Сан-Карлос.
Топономика
[бӀаьра нисйан | нисйан]ГӀалан цӀе схьаяьлла филиппинийн «sebu» дашах, цуьнан маьӀна дийнатийн мохь ду. Испанхой бахкале дуккха а хьалха Себу яра овхойн эвла, урхаллехь Раджи Хумабон а волуш.
Дешар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тахана Себухь итт университет ю.
Климат
[бӀаьра нисйан | нисйан]Климат тропикан — йовха а, тӀуьна а, шеран юккъера температуран барам +26,5 °C. Майра октябрь кхаччалц хьоькху къилба-малхбузера муссон «хабакат», ткъа ноябрера апрель кхаччалц — бекъа мехаш «амихан».
| Себу климат | |||||||||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | |
| Юккъера максимум, °C | 29,9 | 30,2 | 31,2 | 32,3 | 33,0 | 32,1 | 31,7 | 31,9 | 31,7 | 31,6 | 31,2 | 30,3 | |
| Юккъера температура, °C | 26,8 | 27,0 | 27,8 | 28,8 | 29,4 | 28,7 | 28,3 | 28,4 | 28,7 | {{{Окт_юкъ}}} | {{{Ноя_юкъ}}} | {{{Дек_юкъ}}} | |
| Юккъера минимум, °C | 23,8 | 23,7 | 24,4 | 25,4 | 25,9 | 25,3 | 24,9 | 25,0 | 24,8 | 24,7 | 24,7 | 24,2 | |
| Йочанан норма, мм | 78,1 | 62,3 | 41,5 | 29,1 | 54,8 | 149,9 | 157,0 | 136,5 | 167,3 | 148,4 | 131,4 | 103,8 | |
Вежараллин гӀаланаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Бандунг, ХӀиндонези
Барселона, Испани
Беэр-Шева, Исраил
Пусан, Къилба Корей
Чула-Виста, АЦШ
Гвадалахара, Мексика
Харлеммермер, Нидерландаш
Сямынь, Цийчоь
Гаосюн, Тайвань
Кортрейк, Бельги
Любляна, Словени
Парраматта, Австрали
Салинас (Калифорни), АЦШ
Сиэтл, АЦШ
Петарбух, Росси
Вальпараисо, Чили
Владимир, Росси[2]
Владивосток, Росси[3]
Йосу, Къилба Корей
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Официальный сайт Себу Архивйина 2012-06-24 — Wayback Machine