Нальчикан хӀост

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Нальчикан хӀост
Coat of Arms of Nalchik since 2011.png
Турс баьццара лан, юкъахь ши корта болу Эльбрус, цунна тӀехьара кхета сирла-сийна малх
Турс латториг базанан кочар
Хьалхара версеш Coat of Arms of Nalchik.svg
Coat of Arms of Nalchik.png
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Нальчик гӀалин хӀостГӀебартойн-Балкхаройн республикин коьрта шахьран Нальчик гӀалин сийлаллех цхьаъ ю. ХӀинцалера хӀост тӀеэцна Нальчик гӀалин гуонан меттигерачу ша-шена урхаллин кхеташонан 2011 шеран 16 сентябрара № 416 йолу сацамца.

Йовзийтар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Детин аренехь, лахахь а агӀонашкахь а сирла-сийна базанан кочарца гуо бина — зӀакарш хьалаерзийна баьццара лан, шена юкъахь лахара ах хьалабаьлла сирла-сийна шорло зӀаьнарш йолу малх, дуьхьала детин ши корта болу лам.

Бух бийцар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лан — гуонахьара лаьмнийн ах хӀоз юкъахь латтаран гӀалин историн сийлалла. «Нальчик» дашо орамера къаьмнийн маттахь билгалдоккху «лан».

Ши корта болу Эльбрус — ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин сийлалла, цуьнца цхьаьна республикин коьрта шахьран а. Лаьмнаш – абаден, цӀоналлин, ша-шен довза гӀертаран, дог иракарахӀотторан, тӀехьажамаллин сийлалла.

ЗӀаьнарш — лан серла а доккхуш, Эльбрусан баххьашна тӀехьара хьаладуьйлу некъаш, цуо гойту кхолларан ницкъ, кхоллраллин энерги, синмехалла серладалар. ЗӀаьнарийн лакхара цергийн кепара декъо гойту 19 бӀешарахь хилла Нальчикан чӀагӀо. ЗӀаьнарийн сирла сийна бесо гойту Нальчик курортан сий айина дарбанан минералан хин хьосташ (гӀалахь долу 18 минералан хьост тайп-тайпана физикин-химин хӀоттам а болуш).

Детин (айсийна) базанан геннаш — гӀалин ша-кепара зияратан карточка. Муниципалан унитаран зеделла-гайтаман юьртабахаман предприяти «Декоративан культураш» — ЛДП мехкашка а, Россе а детин базанан маргӀалаш латториг.

Селекционеран Ковтуненко Иван Порфирьевичан республикин хьолашкахь Къилбаседа Америкехь бен ца кхуьу айсийна базанаш кхиоран хьесап кечдарна, Пачхьалкхан совгӀат делира. Тахана Нальчикера айсийна базанаш — Москохара ЦӀен майданара Кремлан пенашна уллехь, Мамайн Барз тӀехь, Брестан гӀопан пенашца ю.

Лелон бесаш:

  • сирла сийна — хӀудика хилар, цӀоналла, сий, сийлалла;
  • баьццара — синмехалла, кхиар, карладалар, догдохийла;
  • кӀайн (детин) – цӀоналла, серло, бакъдерг.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]