Чулацаман тӀегӀо

Мэйдзин реставраци

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Японин истори

Мэйдзин реставраци (яп. 明治維新 Мэйдзи Исин?), йевза кхин а Мэйдзин карладаккхар а, Мэйдзин революци а — 1868—1889 шерашкара Японин политикин, тӀеман, социалан-экономикин реформийн комплекс[1], цуо йина тӀехьабисина аграран мехках дуьненан коьрта пачхьалкхех цхьаъ. Пачхьалкх йара самурайн системин урхаллера, сёгунатера, дуьххьал дӀа императоран, императоран Мэйдзин а, цуьнан правительствон а урхалле дехьайолуш. Император Мэйдзи, дукхаха болу Японин исторера императоршан санна, мехкан урхалла дан Ӏедал дацара, хӀунда аьлча доккхаха долу Японин историн дакъа (ца хеддаш ала мегар ду Хэйанан муьран чеккхенгара, цунна йукъахь Мэйдзин реставрацин мур), императоршкахь формалан абсолютан Ӏедал хиллехь а, лоруш хилла «дийна деланаш» санна, амма реалан Ӏедал ца хилла, иза дара тӀемлойн урхалчийн карахь (Сёгунийн), ткъа тӀехьа парламентан а, тӀемлойн а.[2][3]

Мэйдзин муьро хаъал Ӏаткъам бина пачхьалкхан хӀоттаман, закононашна, Императоран кератана, провинцин администрацина, финансашна, промышленностан, дипломатин, дешарна, динна, Японийн дахаран кхачонан кхечу агӀонашна. Мэйдзин реставрацица доьхку керла хенан а, японин къоман пачхьалкх кхоллар, японин къам билгалдаккхар. Мэйдзин мур амал йу японин ламаста дахар кагдеш, цӀеххьана оьздангаллин, технологин, экономикин, Японин ша шена изоляцин политика дерриг дозанал арахьарчун. Цундела реставрацех наггахь олу «Мэйдзин революци».

Хьалхара истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Голландин совдегахой японхошна ма-хеттара

Дуьхьарлера европахой, японхошна бевзина, бара португалихой, кхуза керста дин деина, цхьацца элийн векалшна йукъара шайн агӀончашна йукъахь накъостий карийна. Амма Симабаран гӀаттамал (1637—1638) тӀаьхьа, Япон йерриг изоляци йина европин Ӏаткъамна. Европица зӀе латтайора жимачу голландин совдегархойн тобанца, царна пурба деллера шарахь цкъа махлело жимачу гӀайрен тӀехь Нагасакин гаванехь. Оцу «дӀакъевлинчу неӀрийн» политикех «сакоку» олура, цуьнца бехара Японин бахархой, байаран кхерамца, ца магадора мохк бита.

1825 шарахь Японехь омар делира кхечу махкахо берд тӀе охьавуссушехь тӀе ма кхаьчнехь вие аьлла. Иштта сацаман бух бара императоран эдиктехь «шозза ойла ма йие» аьлла долчу.

Сакокун заманахь цхьаьна моггӀара кхечу пачхьалкхерчеран Японин махка бахка йиш ца хилар санна, цуьнан Ӏилманчаша тидам беш Ӏамадора жайнаш тӀера «голландин цӀодаралла», схьаэцара цигара пайден хаамаш медицинин областера, ӀаламӀаморан а, хӀокху заманан технологеш. 1811 шарахь официалан кхоьллира «Кхечу мехкийн жайнаш Ӏаморан институт», ткъа дукхах болу элийн доьзалша шайн кегийрхой озанал арахьа хан туийхий деша бохуьйтура. ЖамӀехь, шен хаамашкахь Перрис цецваларца билгалдоккхура дуьненара хиламех лаьцна дукха хӀума хаьа японхошна. Оцу хенахь Японехь бара ши хӀоттам: Сонно дзёй, иза: «Тешаме императоран хилар, варвараш эгор» а, Вакон ёсай — «Малхбален эхь-бехк, малхбузен Ӏилма»[4]

Коммодоран Перрин кеманаш
Коммодор Перри японхошна вовзарехь

1854 шеран 31 мартехь Эдо гӀалин бухтехь (Токио) йаккхий тоьпех доьттина америкин «Ӏаьржа кеманийн» эскадро якорь кхоьссира. Уьш дара коммодоран Перри Мэтьюн куьйгакӀелахь. Цуо гайтира японхошна Пексанан кеманан йаккхий тоьпаш, уьш хилира хьалхара хӀордан бумбанийн йаккхий тоьпаш, цара кхуьйсура лелхаш болу хӀоьънаш. Ницкъца кхерам тесна цуьнан аьтту белира цхьатерра боцу барт бан (махлелоран барт) (хӀетте къамел деш дацара оккупацех, мехкан колонизацех), цунах историн хилам хилира, цуо чекхйаьккхира Японин изоляци.

Дуьхьало йарах пайда бацара, сёгунатан правительство сацам бира массо кепара Европин а, Къилбаседа Америкин кхиамашка кхиа, тӀаьхьа йозуш йоцу шен политика лело. Цул сов, 1863 шарахь британин флото къиза бумбанаш йиттира уггаре къилбехьара японин гӀалин Кагосима шайн гражданин вийна аьлла. Бумбанаш йиттира Симоносекина Британин, США, Нидерландийн, Францин цхьаьна тоьхна экспедици йолучу хенахь. Цу тӀе японхой хууш бара шайн лулахойн Цийчоьнан эшамах Опиуман тӀамехь.

Японин бахархойн амале васт, дуьне гар а, даиман императоран муьтӀахь хилар, иза ларар дара. Императоран Ӏедалан авторитет, цхьаьна догӀура къоман идентификаци эшарца массо а пачхьалкхан социалан чкъоьрашкахь, латтайора сихха оьшу мероприятийн модернизаци. Sonno Kaikotou — «Император ларар, махкан тӀехула олалла деш ду» хилира къоман лозунг.[5]

Хиламийн болар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Гражданийн тӀом

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Токугавин сёгуна Ёсинобус пачхьалкхан Ӏедал Императоран йухадерзор, Японехь кхоьллира керла правительство. 1868 шеран 3 январех цуо кхайкхийра Императоран урхаллин реставрацех лаьцна омар. Оцу документаца Токугавин сёгунат дӀайаьлла, ткъа пачхьалкхан урхалла карадахна Императоран а, цуьнан правительствон а. Оцу правительствон дийцаршкахь экс-сёгунан йерриг рангаш, титулаш, доккхаха долу латтанийн дакъа дӀайаха сацам бира. Оцу сацамна дуьхьал бевлира дӀайаьккхина сегунатан агӀончаш. Япон йекъна карийра шина лагере, царна йукъахь гражданийн тӀом иккхира. Японин ламастаца 1868 шо дара «лаьттан саьрмикан шо» — иза бахьнехь иккхина гражданийн тӀемах элира Босинан тӀом — гочдича «Лаьттан Саьрмикан шеран тӀом».

Январь чекхболуш хиллачу сегнатан агӀончаш гӀоьртира дӀалаца Киото, махкара шайн Ӏедал меттахӀотто. 1868 шеран 27 — 30 январехь Тоба — Фусими йолчура тӀамехь уьш иэшийра барамехь кӀезиг болчара, амма тодина Императоран правительствон эскар. Сайго Такаморис кхайкхийра экс-сёгун Ӏаьршан мостагӀ, дигира толам бахьа императоран эскар Японин къилбаседа-малхбале Эдо гӀала кхаччалц, сегунатан коьрта чӀагӀо. 1868 шеран 3 майхь императоран ницкъаша дӀалецира тӀом ца беш Эдо.

Микадос тӀеоьцу французийн тӀеман
делегаци Императоран гӀалахь Киотохь
Уэнора тӀом Босинан гражданийн тӀамехь

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Мэйдзи реставрация. Оксфордская Иллюстрированная Энциклопедия Всемирная история Архивйина 2015-07-21 — Wayback Machine «Чаще всего периодом М.р. считается время с момента свержения сёгуна-та до офиц. ввода в действие новой конституции (Мэйдзи конституция) в 1889 г.»
  2. The Meiji Restoration and Modernization | Asia for Educators | Columbia University
  3. Tennō | Japanese title | Britannica
  4. J.K.Fairbank, E.O. Reischauer, A.M.Kraig East Asia.Transition and Transformation. London, 1973.
  5. J.M.Roberts Der Triumph des Abendlandes/ Eine neue Deutung der Weltgeschichte. ECON Verlag GmbH, Düsseldorf und Wien, 1986 ISBN 3-88199-642-7

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Аджемоглу Д., Робинсон Дж. А. Почему одни страны богатые, а другие бедные. Происхождение власти, процветания и нищеты = Why Nations Fail: The Origins of Power, Prosperity, and Poverty (2012). — М.: АСТ, 2016. — 693 с. — ISBN 978-5-17-092736-4.
  • Мазуров И. В. Япония в период перехода к капитализму. — 2001.
  • Akamatsu, Paul. Meiji 1868: Revolution and Counter-Revolution in Japan(ингалс.). — New York: Harper & Row, 1972. — P. 1247.
  • Beasley, William G.(ингалс.), . The Meiji Restoration(бил-боцу.). — Stanford: Stanford University Press, 1972.
  • Beasley, William G. The Rise of Modern Japan: Political, Economic and Social Change Since 1850(ингалс.). — New York: St. Martin's Press(ингалс.), 1995.
  • Craig, Albert M.(ингалс.) Chōshū in the Meiji Restoration(бил-боцу.). — Cambridge: Harvard University Press, 1961.
  • Jansen, Marius B.(ингалс.); Gilbert Rozman, eds. Japan in Transition: From Tokugawa to Meiji(ингалс.). — Princeton: Princeton University Press, 1986.
  • Jansen, Marius B. The Making of Modern Japan(бил-боцу.). — Cambridge: Harvard University Press, 2000.
  • Murphey, Rhoads(ингалс.) East Asia: A New History(бил-боцу.). — New York: Addison Wesley Longman, 1997.
  • Satow, Ernest Mason. A Diplomat in Japan(бил-боцу.). — ISBN 4-925080-28-8.
  • Wall, Rachel F. Japan's Century: An Interpretation of Japanese History since the Eighteen-fifties(ингалс.). — London: The Historical Association, 1971.
  • Breen, John, 'The Imperial Oath of April 1868: ritual, power and politics in Restoration Japan', Monumenta Nipponica,51,4 (1996)
  • Francisco Barberan & Rafael Domingo Osle, Codigo civil japones. Estudio preliminar, traduccion y notas (2 ed. Thomsons Aranzadi, 2006).
  • Harry D. Harootunian, Toward Restoration (Berkeley: University of California Press, 1970), «Introduction», pp 1 — 46; on Yoshida: chapter IV «The Culture of Action — Yoshida Shōin», pp 184—219.
  • Najita Tetsuo, The Intellectual Foundations of Modern Japanese Politics (Chicago & London: University of Chicago Press), chapter 3: «Restorationism in Late Tokugawa», pp 43 — 68.
  • H. Van Straelen, Yoshida Shōin, Forerunner of the Meiji Restoration: A Biographical Study (Leiden: E. J. Brill, 1952).
  • David M. Earl, Emperor and Nation in Japan (Seattle: University of Washington Press, 1972), on Yoshida: «Attitude toward the Emperor/Nation», pp 161—192. Also pp. 82 — 105.
  • Marius B Jansen, Sakamoto Ryōma and the Meiji Restoration (New York: Columbia University Press, 1994) especially chapter VIII: «Restoration», pp 312—346.
  • W. G. Beasley, The Meiji Restoration (Stanford, California: Stanford University Press, 1972), especially chapter VI: «Dissenting Samurai», pp 140—171.
  • Conrad Totman, «From Reformism to Transformism, bakufu Policy 1853—1868», in: T. Najita & V. J. Koshmann, Conflict in Modern Japanese History (New Jersay: Princeton University Press, 1988), pp. 62 — 80.
  • Jansen, Marius B.: The Meiji Restoration, in: Jansen, Marius B. (ed.): The Cambridge history of Japan, Volume 5: The nineteenth century (New York: Cambridge UP, 1989), pp. 308—366.
  • Robert W. Strayer, Ways of the World with Sources Vol. 2 (2nd ed.), pp 950 (2013)
  • Мазуров И. В. Япония на пути модернизации. — Хабаровск: Изд-во Дальневосточ. гос. гуманитар. ун-та, 2006. — 48 с.
  • Weltgeschichte-Daten Fakten Bilder- Georg Westermann Verlag; Braunschweig 1987- ISBN 3-07-509036-0
  • J.M.Roberts Der Triumph des Abendlandes/ Eine neue Deutung der Weltgeschichte. ECON Verlag GmbH, Düsseldorf und Wien, 1986 ISBN 3-88199-642-7
  • Головнин В. М. Сочинения. Путешествие на шлюпе «Диана» из Кронштадта в Камчатку, совершённое в 1807, 1808 и 1809 гг. В плену у японцев в 1811, 1812 и 1813 гг. Путешествие вокруг света на шлюпе «Камчатка» в 1817, 1818 и 1819 гг.: С приложением описания примечательных кораблекрушений в разные времена претерпенных русскими мореплавателями / Головнин В. М. — М.; Л.: Изд-во Главморпути, 1949. — 506 с.
  • Головнин В. М. Записки флота какапитана Головина о приключениях его в плену у японцев. — М.: Захаров, 2004. — 464 с. — (Серия «Биографии и мемуары») на сайте «Российский мемуарий»