ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Му́ндера тӀом хилла вайн эрал 45 шо хьалхара 17 мартехь Мундан атагӀехь, Испанин къилбехь. Иза бара Гай Юлий Цезаран тӀаьххьара тӀом республикахошна дуьхьала гражданийн тӀамехь. Оцу тӀамехь толам баьккхина, цигахь кхелхира Тит Лабиен а, Гней Помпей ( Помпей Воккхачуьнан воккхаха волу кӀант), Цезарь паргӀата Руме цӀа а вирзина, урхалла дира диктатор хилла. Цул тӀаьхьа иза виеро карладехира гражданийн тӀемаш, Руман республикин «малх чубуьзира», кхоллаелира Импери, цуьнан коьрте хӀоьттира цуо долаваьккхина кӀант Октавиан Август.
Ши эскар дуьхь-дуьхьал хӀоьттира Мундан аренахь Испанин къилбехь. Помпейн эскаро лецира чӀогӀа декъаза меттиг шунаш тӀехь, Мундан пенашна цхьаъ миля ца кхоччуш генахь (1,6 км). Цезаран эскар лаьттара дерриг а бархӀ легионах (80 когорт), 8000 дошло волуш, ткъа Помпейн а, Лабиенан а кхойтта легион а, 6000 вайн гӀашло а, 6000 дошло.
Дошамаш а, энциклопедеш а | |
---|
Библиографин каталогашкахь | |
---|