Маьрша Европа/Радио Маршо
Радио «Маьрша Европа»/Радио «Маршо» | |
---|---|
![]() | |
Пачхьалкх |
![]() |
Лестам | |
Къамелан зона | дерриг дуьненан |
Къамел долийна терахь | 1953 |
Къамел чекхдаьккхина терахь |
21 июнь 2010 (68,30 УЙТ лестамехь) 10 ноябрь 2012 (1044 кГц ЮТ лестамехь) 26 июнь 2016 (йоца тулгӀенаш тӀехь) |
Сайт | www.svoboda.org |
Онлайн-трансляци | ю |
![]() |
«Ра́дио „Маршо́“» (юьззина цӀе — «Радио „Маьрша Европа“/Радио „Маршо“», РСЕ/РС[1]; инг. Radio Free Europe/Radio Liberty, RFE/RL) — дуьненайукъара коммерцин йоцу радиокъамелийн кхоллам, финансаш латтайо АЦШ конгрессо Телерадиокъамелийн гӀуллакхьан урхаллин советан (BBG) йукъараллийца[2]. Шайн мисси кхайкхайо, «прессан маршо Ӏедалаш ца магийна я тоъал кхиина йоцу пачхьалкхийн демократин мехаллашна а, институташна а хааман журналистикица гӀолацар»[3].
2017 шеран августан хьолаца къамел до 26 маттахь 23 Малхбален Европин, Йуккъера Азин, Гергара а, Йуккъера а Малхбален пачхьалкхашка[4]. Эфиран къамелал сов, «Радио „Маршо“» иштта къамелаш до Интернет чухула а, кхуллу телевизионан суьрташ. Кхолламан штаб-квартира Прагехь ю (1995 шо кхаччалц Мюнхенехь йара), кхин а йу 17 регионан бюро а[4]. РС официалан сайтан хаамашца, РСЕ/РС болхбеш ву 400 гергга штатан журналист а, 750 гергга фрилансер а[4][5]. Newsru.com хаамашца, 2006 шарахь Россехь РС бара 60 штатан а, 200 гергга штатехь боцу а журналисташ[6].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ О Радио Свобода Архивйина 2012-11-17 — Wayback Machine
- ↑ RFE/RL FAQ (How is RFE/RL funded and managed?) // RFE/RL: «RFE/RL is funded by the U.S. Congress through the Broadcasting Board of Governors (BBG).»
- ↑ RFE/RL Mission Statement Архивйина 2011-12-27 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 Radio Free Europe/Radio Liberty // RFE/RL Pressroom.
- ↑ Fast Facts Архивйина 2015-03-25 — Wayback Machine
- ↑ В России запрещена ретрансляция «Голоса Америки» и «Радио Свобода» // NEWSru.com, 07.07.2006
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |