Интермаша

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Интернет тӀера хьажжина кхуза)

Интермаша (ингал. Internet, МФА: [ˈɪn.tə.net]) — информаци дIаяларан а, Iалашъяран а цхьанатоьхна компьютерийн зIенийн дерригдуьненан система.

Наггахь цунах Дерригдуьненан зIе йа Глобалийн зIе олу, иштта ЗIе а олу.

Интермашан бух тIехь Дерригдуьненан маша (World Wide Web, WWW) а, кхин йолу дуккха хаамаш дIабаларан системаш а ю болх беш.

Цуьнца муьлхха а компьютерна кхечу компьютерца зIе тасло.

Интермаша тIетесина компьютерш хаамашца Интермашан Протоколашкахула йекъало.

Интермашан цхьаьна декъан визуализаци.