Куьзганаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
БӀорзагалла нисъе куьзганаш

Куьзганаш — уггаре баьржина оптикан гӀирс, лерина бу адаман бӀаьрса нисдан бӀаьргаш оптикан кхачаме ца хилчи, я бӀаьргаш Ӏалашдан цхьацца зуламе Ӏаткъамах.

Куьзганаш лаьтта тӀетесна тӀемаш долу гуран чохь долчу аьнгалин я пластикан бӀаьргех. Наггахь лергаш тӀетосу тӀемаш меттана, лелайо аса я доьхка, коьртан тӀехьахула доьхку.

Куьзганийн хӀоттаман дакъош[нисъе | нисъе чухулара]

Составные части очков.jpg
  1. Гура
  2. ТӀай
  3. БӀаьрг
  4. ТӀам, аса я доьхка
  5. Мара чухӀуттург
  6. КӀажа (сета пурженан кӀажанах «флекс» олу).

Куьзганийн истори[нисъе | нисъе чухулара]

Мелхан дуьхьала куьзганаш[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьххьарлера бӀаьргаш мелхан серлонах куьзганаш дора Йисттера Къилбаседера, Азера, Америкера бахархоша. Церан куьзганаш хуьлура дийнатийн даьӀахкех я диттан чкъоьран декъах бӀаьргашна готта херонаш йохий дина.

Дуьххьарлера мелхах ларвен куьзганаш девлира Цийчохь. XII бӀешарахь кӀурз биллина кварцан экъанаш лелайора суьдхоша, тешашна шайн бӀаьргаш ца гайтархьама[1].

Дешаран куьзганаш[нисъе | нисъе чухулара]

Тревизон килсан фрескин дакъа, Томмазо да Модена, 1352 ш.

БӀаьрса тодо куьзганаш довлале, леладора цхьаьна бӀаьргана цхьацца шардина кристаллаш я аьнгалин кийсигаш.

Куьзганаш юкъадаьхна, схьагарехь, Италехь XIII бӀешарахь.

Хетарехь дина шо — 1284, ткъа хьалхара куьзганаш динарг документийн тешалла дацахь а, лору Сальвино Армати (Salvino degli Armati)[2].

Куьзганаш хиларан хьалхара документийн тешаллаш ду 1289 шерера[2].

1305 шеран 23 февралехь Флоренцехь вашас-доминиканхочо Джордано да Ривалтос (Giordano da Pisa) хьахийна хьехамехь[3][4]:

« 20 шо а ца даьлла, бӀаьрса тодан куьзганаш даран говзалла юкъаяьлла. Иза уггаре дикачех цхьа говзалла ю дуьнен тӀехь. Мел кӀезиг хан яьлла и керланиг юкъадаьккхина, цкъа а хилла йоцу говзалла. Суна гина дуьххьара куьзганаш дина стаг, аса къамел дина цуьнца. »

Дуьххьарлера куьзганийн сурт ду Тревизон (Итали) килсан 1352 ш. мозгӀаро Томмазо да Модена йина фрески тӀехь.

«Мадонна каноника ван дер Пале» суьртан дакъа (Муниципалан исбаьхьаллин галерей, Брюгге), Ван Эйк, 1436 ш.

Дуьххьара гӀоьртира куьзганийн авторалла билгалъяккха Флоренцера Карло Роберто Дати (16191676) Франческо Редин гӀоьнца шен балхехь «Куьзганаш, дуй техьа уьш ширачу заманахь дина я дац?», цуо тӀеяздина куьзганаш юкъадахар Пизера мозгӀаран а, Ӏилманчан а Алессандро Спинан (Alessandro della Spina) (? — 1313). Цу тӀе хетара, куьзганаш хьалха ца вевзачу пхьеро динехь а, Спинас ша, юкъара дийцарца меттахӀиттийнехь а, даран сийлалла бакъонца цуьнан ю[4][5].

1300 шарахь дуьйна, Венецин аьнгали дечеран гильдин уставашкахь сих-сиха хьахадо бӀаьсен бӀаьргаш, дохадан хьехар ло цӀена ангалих тера дина бос боцу ангали, цуо тешалла до Венецехь куьзганаш сиха моде довларан.

Куьзганаш Цийчуьра схьадаларх кхин цхьа версии а ю, бух бу 1240 шеран «Тамашина хӀуманаш кхетор» жайнин тӀехь, цигахь боху

« Къена нехан корта а хьийзина, церан бӀаьрса доьхчи, цара бӀаьргаш тӀе духку аи-таи, тӀаккха цаьрга дегӀан доладало, хӀунда аьлчи элпийн йоза гар нисло. »

Амма тӀаьххьара бинчу талламаша гайтира, и цитата юкъаяздина хилар XV бӀешарахь[4].

XVI бӀешо[нисъе | нисъе чухулара]

XVI бӀешо кхаччалц куьзганаш леладора генара гучара, тӀаьхьа юкъадевлира чутаьӀна бӀаьргаш долу куьзганаш бӀорзагалчарна. Хийцалора куьзганийн куц а, лелоран хьесап а.

Цийчохь куьзганаш девзина Мин некъийн урхаллин муьрехь (13681644), цуьнан тешалла ду оцу хенахь философа Чао Цзи Кус (XIII бӀешо) яздина «Къайле хӀуманех кхетор» (жайнин хьалхара экземпляраш 1240 шерера ю) цӀе йолчу жайнин тӀиера кийсик. Цийчу куьзганаш кхаьчна Европера Ӏаьрбийн а, гӀажарийн а совдегаршца. Иза тардолуьйту цийн паччахьан кертарчу тептаро (1410 шо гергга), цуо хьахийна, Малаккин паччахьо (паччахьалла Малайзин ахгӀайрен тӀехь, цига жигара оьхура Ӏаьрбий а, гӀажарий а) императоран совгӀатна делла итт куьзганаш.

Цийша къовса таро ю кӀур биллина куьзганаш дар, уьш дора кӀур биллинчу кварцах. Иштта куьзганаш леладора суьдхоша, шена кхелах лаьцна хетарг къайладаккхархьама паччахьан кертахь кхел кхайкхочу хенахь. Хьахийна Лью Чин «СадаӀаран сахьтехь яззамаш» (XII бӀешо).

XVII бӀешо[нисъе | нисъе чухулара]

XVII бӀешарахье куьзганаш леладора паччахьо Алексей Михайловича, уьш дара детин гуран чохь бӀаьргаш диоптрица[6].

XVIII бӀешо[нисъе | нисъе чухулара]

Лондонан оптика Эдвард Скарлетта XVIII бӀешо долалуш куьзганашна тӀетоьхна тӀемаш[2].

Дуьххьарлера промышленностан парти (200 000 гергга) малхан дуьхьала хӀинцалера тайпана куьзганаш заказ дина Наполеона Мисран экспедицин (17981801). Цуо тӀедожийна хӀора салтийчун Ӏарждина куьзганаш лело. Экспедицехь гучуделира и омар дохор, цхьаболчу салтийн бӀаьргашна марха а, кхин цамгарш а кхийтира, европахойн бӀаьргаш доьлла доцу серло бахьнехь.

Юкъаевлира тайп-тайпана конструкцеш — монокль, пенсне, лорнет.

Франклин Бенджамина дина бифокалан бӀаьргаш, уьш лакхарчу декъехь генара гойтуш ду, ткъа лахарчу — уллера болх бан[2].

XIX бӀешо[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀокху заманан куьзганаш[нисъе | нисъе чухулара]

Башха бӀаьргаш долу куьзганаш леладо, бӀаьрсен параметраш нормех галъевлча, бошхалла а яц, галъялар бӀаьрган кепан, сатторан тӀехулонашна елахь а, оптикан юкъан сатторан ницкъан елахь а, дилхан системан хийцамаш (гӀуьнжаралла) я йоӀбӀаьрган чордалла а, саттаралла а. Оцу галъяларан амале хьаьжжина, яздо куьзганаш горга (массернаш санна, перископан, франклинан), цилиндр кепара, сферан-цилиндран, призман, стенопин, бесара.

ХӀокху заманан кхиамийн тӀаьхьало ю бифокалан бӀаьргаш прогрессиван хилар, офисан бӀаьргаш — церан диоптрийн дехьадовларш бӀаьргашна чохь ду, тӀехулара шера дуьсу, эстетикан куц деш куьзганашна.

Пластикан куьзганаш (органикан аьнгали)[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀокху заманан технологис таро ло полимеран бӀаьргаш дан, лакхарчу тӀегӀанера нийсаллица бӀаьрган хьолан хаьржина (0,1 D кхаччалц), ткъа иштта сфероцилиндран бӀаьргаш астигматин бӀаьргана (хьалха, ангалин бӀаьргаш хьокхуш а, шардеш а сфера-цилиндран цхьаьна даран харжам доза долуш бара, бӀаьргаш механ а, дозаллин бараман а деза дара).

Минералан ангалин бӀаьрг онда а, чӀогӀа а бара органикан ангалин бӀаьргал, амма пластикан бӀаьргаш лело таро ю чӀагӀдечу тӀиеца. Пластикан бӀаьргаш гӀоле ду тӀе масех чкъоьран бес-бесара тӀие дилла, царна юкъахь серла доху хьолаш а.

Пластикан бӀаьргаш хила тарло асферин бӀаьргаш, цара дика гойту бӀаьрган йисташкахула призматикан эффекташ дӀаяхар бахьнехь.

Цул сов, таханлера компьютеран технологеш довзийта дукха нийса диоптрин бӀаьргаш леларан чот йина куьзганийн бӀаьргаш. Иза дина бӀаьргаш гӀел ца далийта Ӏалашо йолуш, куьзганийн коррекцин эффекталла айархьама, цуьнца цхьаьна куьзганийн бӀаьргийн массо а декъехь бӀаьрса ира дархьама.

Куьзганаш-«хамелеонаш»[нисъе | нисъе чухулара]

Куьзганаш-«хамелеонаш»фотохроман бӀаьргаш ультрафиолетан йовхо яларан Ӏаткъамо бос хийца (Ӏарждала) таро йолу куьзганийн тайпа. Цуьнца кхетадо «хамелеонаш» Ӏаржцадалар ангали тоьхна хӀусам чохь, хӀунда аьлчи силикатан ангалино ультрафиолет чекх ца йолийта ала мегар ду.

БӀаьргашна тӀие диллар[нисъе | нисъе чухулара]

Точность изображения зависит и от качества просветляющего покрытия, нанесенного на линзу. Серлайоккху тӀие го, нагахь бӀаьрг хьовзош раз хьаьжча — ган тарло бес-бесара бухадисаран рефлекс. Цуо латтадо дика цӀена бос къастар, сов йоккху серло чекхъялийтар (99 % кхаччалц), ткъа иштта дӀадоху бӀаьрган тӀиера схьакхетта къегарш. Серладаккхарал сов, тӀие дилларо бӀаьрг бохарх а, бехбаларх Ӏалашбо.

БӀаьргашна диллина тӀие даа ца даларан зиеран коьрта промышленностан — Байеран тест (Bayer Test) ю. Къевлинчу пхьегӀан чубуьллу тӀие диллина бӀаьрг. Цул тӀаьхьа, иза юзу стандартан гӀамарца (500 грамм), лестайо аьтту-аьрру агӀора ялх бӀозза — гӀоьрту алсама сизнаш даха бӀаьрган. Цул тӀаьхьа бӀаьрг схьабоккху, хилла сакхташ дусту. ЖамӀаш до Байеран шкалаца, дӀаязйо Байеран коэффициентан терхьашца, я Байеран терхьашца. Коэффициент лакхара мел хуьлу, бӀаьрг дика дуьхьала лаьтта сизнашна а, механикан даадаларна а.

Куьзганаш харжар[нисъе | нисъе чухулара]

Аномали дӀаяккха куьзганаш хоржуш, тидам бан беза, юй теша бӀаьргехь бӀаьрсин иралла, доха-м ца до теша бинокуляран бӀаьрса.

Дукхачу меттигашкахь, бӀаьргаш декъа мега кхаа тобане:

  1. Эмметропан — нормера бӀаьрг, цуо аккомодаци йоцуш гулйо бӀаьргана са гойту пардонан фокусе парралелан йолу зӀаьнарш, го чӀогӀа дика, цхьан аткъам боцуш, бӀаьрган гена йолу хӀумнаш а. ХӀума улле ялийчий бен болх бан ца болало аккомодаци еш болу бӀаьрга негӀаран пха, цуьнан болх а бу доза долуш. Цхьаьна юкъаметтигехь (адаман хене хьаьжжина) аккомодаци соцу. Иштта, хӀора эмметропан норман бӀаьрган шиъ тӀадам бу, генара а, гергара а (punctum remotum а, р. Proximum а), царна юкъахь йолу хӀуманаш дика го.
  2. Миопан — брахиметропан, бӀорзагал бӀаьрг,цуо аккомодаци йоцуш гулйо бӀаьргана са гойту пардонан тӀадаме дӀасайоьду зӀаьнарш. Параллелан йолчу зӀаьнаршна фокус лаьтта бӀаьргана са гойту пардонан хьалха, цигара схьа, бӀаьрган ца го генара хӀума. Миопан бӀаьрган рефракцеш совйовлар дуста мегар ду нормера бӀаьрган рефракцица, миопан доза туху генарчу а, гергарчу а тӀадамашна юкъара барамна масех сантиметарца (60—5).
  3. Гиперметропан — генара гуш болу бӀаьрго, аккомодацеш йоцуш гулйо бӀаьргана са гойту пардонан тӀехь чучча йоьду зӀаьнарш фокусе, ткъа параллеланчара ло бӀаьргана са гойту пардон фокусан тӀиехье. Аккомодацин гӀоьнца бен гиперметропан бӀаьрго ца гулйо фокусехь хӀумнашна тӀиера схьайогӀу бӀаьрган хьалха лаьтта параллелан а, дӀасаяхаран зӀаьнарш. Гиперметропан бӀаьрган ю тоъал йоцу рефракци, аккомодаци йоцуш, дика ган таро а яцара хӀуманаш, генара а (генара гуш вацахьара). Иза гайта хала дац, бӀаьрган чу атропин а тоьхна цхьаьна хенан иза сацийчахьана. Эмметропан бӀаьрг, евзаш йолу йоӀбӀаьрган марха дӀайоккху операци йича, я йоӀбӀаьрг агӀора хилча — хуьлу чӀогӀа гиперметропан, хӀунда аьлчи бӀаьрган яйна йоӀбӀаьрган рефракци. Цундела ала мегар ду, хӀунда аьлча, гиперметропан бӀаьрган рефракци punctum remotum бӀаьргана са гойту пардонан тӀехьара дацаре анахь ца тоарна, ткъa punctum proximum, бӀаьрг хьалха делахь а, амма дуьстича гена ду.

Амметропан бӀаьргашна куьзганаш яздар (миопан а, гиперметропан а) Ӏалашо ю аномалеш совцо, аьлча а миопан бӀаьрган гергара а, генара а тӀадаман юкъара шорте шоръяр, тӀаьхьарниг дӀатеттина ца соццуш, ткъа гиперметропан бӀаьргана дӀататта генара тӀадам дацаре шортера мА-таттало бӀаьрган хьалхара, аккомодаци а ца еш. Цундела миопан бӀаьрган лело деза са даржош долу куьзган бӀаьргаш (сов йолу бӀаьрган рефракци сацош); ткъа гиперметропан — са гулден куьзган бӀаьргаш, шен рефракцица ца тоьа бӀаьрган рефракци юзуш. Иштта куьзганийн фокусан юкъаметтиг цхьатерра хила еза punctum remotum тӀиера бӀаьрган оптикан юкъан я цуьнан шедан тӀадаман барамца.

Аномалийн тӀегӀа[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Forbes
  2. 1 2 3 4 Ген близорукости сулит избавление от очков// Би-би-си, 14 сентября 2010 г.
  3. Rivet Spectacles — The Earliest Style(ингалс.)
  4. 1 2 3 Питер Джеймс, Ник Торп Личные вещи и украшения // Древние изобретения = Ancient Inventions. — Кеп:Мн.: Попурри, 1997. — С. 354—360. — 768 с. — ISBN 985-438-139-0
  5. По позднейшим исследованиям, Дати и Реди сознательно исказили источники ради проталкивания идеи о легитимности признания изобретателем того, кто воссоздал изобретение на основе общего описания. Это было предпринято ради поддержания авторитета их сотоварища Галилео Галилея, первенство которого в изобретении телескопа тогда оспаривалось.
  6. Выставка «Премудрая двоица. Царь Алексей Михайлович и патриарх Никон» экспонируется в Одностолпной палате Патриаршего дворца.